ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Империна оьшуш дара хьуьнар долу вайнах тIаме бахар


Дуьненан хьалхарчу тIеман Кавказера декъашхой, Петарбух,
Дуьненан хьалхарчу тIеман Кавказера декъашхой, Петарбух,

100 шо кхаьчна Дуьненан хьалхара тIом иккхина. Боснерчу сербо Принцип Гаврилос Австро-Венгрин император хила веза эрцгерцог Фердинанд Франц а, цуьнан зуда Софи а дерца Мангал-беттан 28-чу дийнахь Сараевохь, болабелла Дуьненан Хьалхара тIом.

Цу тIамехь вийна 10 миллион эскархо а, 12 миллион маьрша вахархо а. Кхин а 55 гергга стагана чевнаш йинера. Кхечу къаьмнашна а санна, нохчашна а боккха тIеIаткъам бина оцу тIамо а, цо Оьрсийчохь бинчу хийцамаша а.

Историн Iилманчо Абумуслимов Сайд-Хьасана дуьйцу Дуьненан хьалхарчу тIамехь нохчаша дакъалацарх лаьцна.

XS
SM
MD
LG