ТIекхочийла долу линкаш

Вола тхан тхевна кΙел, мусьё Депардьё!


Оьрсийчоь-- Петарбухарчу Пачхьалкхан музейхь Путин Владимир а, актер Депардьё Жирар а, 11ГIу2010

Оьрсийчоь-- Петарбухарчу Пачхьалкхан музейхь Путин Владимир а, актер Депардьё Жирар а, 11ГIу2010

Францойн актера Депардьё Жирара, ша даймахках къаста воллу аьлла кехат а яздеш, шен паспорт дΙаделла Ιедале. Иштта йоьрзуш ю премьер-министра Эйро Жан Марка Депардьё, Ιедална ял ца яла, луларчу Бельге ваха охьахаар декъаза хΙума ду аларца иккхина скандал. Оцу юкъанна оьрсийн хаамийн гΙирсаша даржийна, Нохчийчоьнан администратор Кадыров Рамзан кийча ву Депардьёна тховкΙело яла аьлла.

Депардьё Жирар кинохь волу 45 шо ду. Дуьненна а евзачу тоьллачу филмашкахь чΙагΙдина цо ша кхуллуш долу кеп-кепара васташ. Комеди «Хамелеон», драма «Уран», детектив «Ма-дарра тIехула хΙума», мелодрамаш «Жерминаль», «Сирано де Бержерак» - вуьззина говзанча ву иза муьлххачу а жанрехь, хьенан а кеп-куц ловзош.

Ткъа хΙинца Депардьё Жирар дуьненан прессо вийцаваккхар аьттехьа а дац киноца доьзна. ГΙаьттинарг ю францойн дуккхаъчу, аьлча а, уггаре бехаш болчу бахархошца йозуш драма.

Хууш ма-хиллара, Францино стохка шена президент хаьржина Олланд Франсуа – социалистийн партех ву. Иза шен дуьне-дахарх, адамаллах, дика-вонах болу кхетам а бахьаш, дестийна а доцуш, гΙаш веъна президентан дарже – вайна дагадогΙу иза, харжамаш толамца бирзича, езачу машенашка ша ца хоьхкуьйтуш, президентна йогΙучу хΙусамех къаьхкина, шена яздина хилла алапа шозза шен омрица лах а дина вогΙуш францойн президентийн Елисейрчу гΙопе болх бан.

Президентан декхарш кхочушдан волаваларцана, Олланд Франсуа харжам бан безаш висира: кризисо шен пачхьалкх а хьийзош хиларе терра, муха, стенгара, хьаьнгара гулъян еза Францин бюджет?

Цхьан некъ бара – францхошна цхьабосса, стаг хьолахо, къехо хилар а ца лоьруш, лекха ял тΙейожор. Амма Олланда кхин некъ хаьржира – къехой иштта а бу ирс доцуш нах, цара шайн таро йоллучул лур ду бюджете шаьш даьккхинчу ахчанах дакъа. Ткъа хьолахой, даккхий ахчанийн дай, бизнесхой шаьш миллион евронал а сов гулйинчу санах кхо дакъа Ιедална дΙадала декхаребина. Оцу ахчан чоьтах къийсалур ю Франци цхьаболчу бахархойн къоьллица а, дуьненан кризисца а.

И хьал цатайначех ву Депардьё Жирар. Вац иза цхьалха а. Дукха-дукха францхой-бизнесхой бовдуш бу тахана махкара, уьш реха бац шаьш доху даккхий ахчанаш кхаа декъехь халкъан хьашташна дΙатаса.

Депардьё – тергамчаша бахарехь, 85 миллион евро ду цуьнан хьал – кхо-биъ бутт бу хьолах йоккху ял мелла а Францехьчул лахара йолчу луларчу Бельгехь, цхьана жимчу юьртахь, Нешанехь, ваха охьахиина.

Оцу хьокъехь дара премьер-министра Эйро Жан Марка, ша декъаза хΙума лору Депардьё мехкан дозанал дехьавалар, ша француз верг шен даймохк безаш а, цунна когахΙотта гΙодеш а хила веза алар.

Депардьё Жирар, ша гоьваьлла а, нехан тергонехь бодвелла а стаг хиларе терра, оьгΙазвахана премьерна. «Хьо мила ву суна тΙехь кхел ян. Ас дΙахьажадо хьоьга сайн паспорта а, айса цкъа а пайдаэна а доцу социалан кехат а, даймохк кхин бац вайшиннан юкъара – со вуьззина европахо а, дас ма-хьеххара, дуьненан вахархо а ву» - аьлла ду Депардьёс Эйро Жан Марке дахьийтина жоп.

Францин дуккхаъчу гΙаланашкара эха сохьтехь бен а бан ца беза Бельге некъ, лаам болчу францочун вехийла а ду цигахь.

Ιедална стага шен таронех ах бен дΙаяла езаш а боцчу оцу луларчу махка дΙабахана алссам францхой, махкахь уггаре а вехаш волчу миллиардеран Арно Бернаран биста кхаччалц. Депардьё санна, Бельгерчу жимачу Нешан-юьртахь веха кхин а 3 эзар францо.

Оцу тΙехь чекхдала а тарлора вайн Депардьё Жирарах долу дийцар. Амма Оьрсийчоьнан цΙе цуьнан кхолламах етталуш хилар а ца долу ца хьахийча.

Дийцарехь, новкъа валлале доттагIашца луьйцу бокккхуш, чагΙаран кад айинчохь – хууш ду Депардьё ша а чΙагΙаран бизнесхо хилар - аьлла цо, ша Оьрсийчоьно а кхойкху шен бахархойн декъа, Путин Владимира шена хΙинцале паспорт а даийтина, аьлла. Бакъду, Депардьёс бинарг бегаш бара, иза иштта дац, элира сихонца Кремлан пресс-гΙоьнчалло.

Прессс-секретара Песковс мухха а шардеш делахь а леларг, Кремлан ойла, журналисташка а къадийна, дΙасаяржийна Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана. «Цхьаъ дацахьара, даймахках вер вацара Депардьё Жирар. Со иза бехке ван ца воллу. Амма соьга цхьаъ алалур ду – тхо кийча ду сийлахь актер тΙеэца» - аьлла Кадыровс, журналисташа тоьшалла дарехь.

Шеко яц Депардьё тоьлла адам хилар а, цунна меттиг Нохчийчохь Кадыровна карориг хилар а. Амма Кадыров дуьххьара ву нохчийн махка гоьбевлла нах кхойкхучех, царна тховкΙело яла кийчаболчех аьлча, иза харц хир ду.

Ткъеха шо хьалха Германино шен коьрта коммунист, къано Хённекер Эрих, иза воккха зуламхо а лоруш, кхеле ийзоваьккхича, Дудаев ДжовхΙара иза а кхайкхира Нохчийчу. Вар-цавар Хеннекеран гΙуллакх дара, амма веанехь, Дудаевс и т1еоьцур хилар дацара шеконехь. Махкахь тховкΙело а карийна, вехира Соьлж-ГΙалахь шен хан кхачаяллал,гуьржаша дуьне тΙарал а гатдина, церан президент Ιийна Гамсахурдиа Звиади а.

Нохчийн дахначу бΙешерашкара дуьйна евзаш амал ю де эшна стаг тΙеэцар а, цунна кхерч кховдор а.

Амма Депардьё Жираран хΙун дисина Нохчийчохь, иза вешар вуй шена кховдийначу хьошаллах, хууш дац. ХΙун хир ду бакабаккхар дихкинчу махкахь шех Депардьёх? Лекъар-м яц те цуьнан чагΙаран бизнес бусулба махкахь? Хеттарш-м дуккха а хуьлийла ду, нагахь санна Кадыровс кховдийна салам Депардьёс тΙеэцахь.

Хьоло дагайоуьйту оьрсийн цхьа кинокамеди. Хьо тхан Калымахь нисвелча, чухΙотта, ша волчу, боху цхьана персонажо. Набахтийн мохк Калыма буйла хууш волчу вукхо юучух сих а оьккху, Дала тΙе ма даийтийла бохучу кепехь ло жоп.

«Бриллиантан куьг» кинофилмера персонажаш: «Хьо Колыма нисвелча, чухΙотта!» - «ХΙан-хΙа, цул хьо вола тхо долчу!»

Оцу кинокийсикна а дайна, махкара аьтто баьлча, муьлхха а вахархо вада кийча йолчу, халонаша юкъйинчу Нохчийчу Депардьё ваха вахарна кΙезиг кхерам бу. Амма иза иштта нислахь, дуьненна и сенсаци а дΙахазор-кха вай!

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG