ТIекхочийла долу линкаш

Ниццехь байинчерах ах гергга кхечу пачхьалкхашкара нах бу


Франци - Ницца. Товб.2016.

Франци - Ницца. Товб.2016.

Францин Ниццехь динчу зуламехь вийна 84 стаг, 19 стаг хIинца а вочу хьолехь вуьсуш ву дарбанан хIусамашкахь. Францин 1едалш дIакхайкхийна кху беттан 14-чу дийнахь Ниццехь йинарг теракт ю аьлла.

Ниццехь Бастилин Де даздеш киралелочу машенахь зуламхочо вийначу 84 стагах 38 кхечу пачхьалкхийн махкахой хилла аьлла хаам бина Францин арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Цу хаамца а догIуш, и нах хилла 19 пачхьалкхара, шайна юкъахь Алжир а, Германи а, Эрмалойчоь а, Белги а, Бразили а, Эстони а, Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Гуьржийчоь а, Итали а, Казахстан а, Мадагаскар а, Морокко а, Полша а, Оьрсийчоь а, Румыни а, Швейцари а, Тунис а, Туркойчоь а, ткъа иштта Украина а йолуш.

Францин арахьарчу гIуллакхийн министралло дийцарехь, Ниццехь хиллачу зуламехь лазийначу нехан терахь а, уьш мичара бу а хIинца а кхоччуш билгалдаьккхина даьлла дац. Цкъачунна хууш ду чевнаш хилла нах 29 пачхьалкхан махкахой хилар.

Иттаннаш нах лазийна бу цу хиламехь. Царах 19 стаг вуно вочу хьолехь вуьсуш ву дарбанан хIусамашкахь.

Вайн наха социалан машанашкахь бечу хаамашца, лазийначерна юкъахь ю Ниццехь ехаш йолу нохчийн йоI 13 шо долу Хайтаева Сабина. Цуьнан когаш тIехула яьлла зуламхочо кху беттан 14-чу дийнахь цу гIалахь нахана юкъахула хаьхкина машен.

Болчу хаамашца, лоьраша гIо дар бахьана долуш Хайтаева Сабина, заIап ца юьсуш, гIоза-декъал хьалха ера ю цу зуламах аьлла сатуьйсийла ю.

Францин пачхьалкхан прокуроро Молин Франсуас дIахьеджар дина Ниццехь дина зхулам терроран акт ю аьлла.

Парижал тIаьхьа Францехь уггаре а дукха туристаш боьлху меттиг ю Ницца.

XS
SM
MD
LG