ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муьлш бу Ибрагимов Сайд-Эмин вадийнарш?


Нохчийн политик, бакъоларъярхо Ибрагимов Сайд-Эмин
Нохчийн политик, бакъоларъярхо Ибрагимов Сайд-Эмин

Европерчу Iедалшна а, юкъараллашна а вевзаш ночхо, бакъоларъярхо ву кху деношкахь Страсбургехь бевзашбоцчара лаьцна, хьуьнха а вигина, кхаа дийнахь-буса етташ, чевнаш еш хьийзийна Ибрагимов Сайд-Эмин. Муха баьхьна Кремлан сий лардо шаьш бохуш хьийза нах хийрачу махкахь и зулам дан? ХIун ду хилларг?

12-13 шо ду Нохчийчохь зIенан министр лаьттина Ибрагимов Сайд-Эмин Страсбургехь веха а, цигахь цо ца хеддаш нохчийн къоман гIайгIанаш айбина буьйцу а. Дуьненан а, Европан а юкъара барам наггахь а чекх ца болу цо я накъосташца, я ша цхьаъ ара а волий, шен къомана тIехь Оьрсийчоьно лелийна а, лелош схьаяхьа а харцонаш ца ялхош.

Эзарнаш дIахьедарш, прокламацеш язйина цо, гуламаш кхайкхийна нохчашна тIехь Кремло латтабен баланаш дуьненна бовзуьйтуш. Деккъа дIа цо мацалла лоьцуш даьхна беттанаш а хир ду цхьана йоккхачу тобана а тоъал. Хийла хIоттийна цо шен дахар кхерама кIел шен къоман дуьхьа.

Цуьнан адамаллин позицин мах а хадийна дуккхаъчу дуьненан юкъараллаша. Масала, ерриг а Европехь лараме йолу Вацлав Гавелан преми кхачо къастийначу 16 бакъоларъяхочун могIара язвира иза ах шо хьалха. Жюрино къастам беш, пхи стаг витина оцу нахах, кху гурахь толам баккха а тарлуш, оцу пхеанна юкъахь ву Ибрагимов Сайд-Эмин таханенна.

Иза пIераскан сарахь бевзаш боцчу наха вадийна. Хилларг ца хиина я цуьнан доьзална а, я накъосташна а, иза ша вала витинчу хьуьнхара ара а ваьлла, юха а нахана тIекхаччалц.

Цо ша иштта дуьцу хилларг.

Ибрагимов:

Европан парламентан шахьар, Европан кхелан хIусам – Страсбург, муха тарло оццул езачу гIалахула луъург дIа а лоьцуш, тIехь эра а дохуш, Оьрсийчоьнан хьадалчашна лела? ХIун мах бу бакъоларъярхочунна Ибрагимов Сайд-Эмина тIехь йинчу гIелонан?​

Ибрагимов Сайд-Эми, вадийначуьра мукъаваьллачул тIаьхьа
Ибрагимов Сайд-Эми, вадийначуьра мукъаваьллачул тIаьхьа

Хиллачо цец а баьхна, оьгIаз а бахийтина Европехь политикан тховкIело а кхаьчна, беха нохчийн политикаш.

Швецехь веха яздархо, журналист, Европерчу нохчийн политикан боламашкахь даима а жигара хуьлуш волу Тарамов Майрбек. Цо иштта мах хадабо.

Тарамов:

Европерчу нохчийн къанойн кхеташонан декъашхо ву Германера Докудаев Ахьмад. Цунна нохчий, Европехь бехарш хилла ца Iаш, массо а нохчий, орцахбовла а безаш бохам бу Ибрагимовца лелийна харцо аьлла хета.

Докудаев:

Шен къийсам бита я кхеравала лерина вац Ибрагимов Сайд-Эмин. Цо дерриг а довзуьйтуш дIахьедар дина Францин ницкъаллин урхаллашка. Зулам чоьте а эцна, шен талламаш беш ю цигара полици а, къайлаха сервис а. ЖамIаш лардеш беха Европера вайнах а.

XS
SM
MD
LG