ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь тховкIело йоьху нохчо оьрсашка дIавалар дихкина Страсбургерчу кхело


Франци -- Шен кхеташо дIахьош ю Европера адамийн бакъонашкахула йолу кхел, Страсбург, 2014
Франци -- Шен кхеташо дIахьош ю Европера адамийн бакъонашкахула йолу кхел, Страсбург, 2014

Европерчу адамийн бакъонан кхело Францино тховкIело ца луш волу нохчийн жимстаг Оьрсийчу дIавала мегар дац аьлла сацам тIеэцна.

Европерчу адамийн бакъонийн кхело шен рогIерчу нохчочух болу сацам баханчу, мангал баттахь тIеэцна бу, амма иза хIинца бен шен интернетерчу сайта тIехь зорбане ца баьккхина цо. ЦIе а ца йоккхуш, цунна метта шех Р.В. аьлла, цIеран а, фамилин а хьалхарчу элпашца билгалваьккхинчу жимчу стеган хьокъехь бу и сацам.

1987-чу шарахь винчу цу кIанта 8 шо хьалха Францехь политикан тховкIело ехна хиллера. 2008-чу шарахь дуьйна кхин цуьнан гIуллакх теллина ца бовлуш хьебеллачу Францерчу мухIажарийн хьукмато эххар а 2014-чу шарахь дацаре жоп делла хиллера цуьнан тховкIелонах а, кхерамазаллах а долчу дехарна.

Хьукматхоша цу кепара сацам тIеэцаран бахьанаш Европерчу адамийн бакъонашца йолчу кхело зорбане яьккхинчу пресс-релизехь хьахийна дац. Амма ду Р.В. аьлла билгалваьккхина нохчо Франце кхачаран бахьанаш а, цо цига кхаччалца бинчу некъан голатохарш а.

Иштта кхелан сацаман бух хиллачу материалашкахь дуьйцуш ду, и кIант ша тIамехь хилла вацахь а, амма шен жималлехь дуьйна доттагI хилларг тIаме вахча, цуьнца зIе лелош а, цунна тховкIело а, юург а латтош а хилла бохуш.

Цул тIаьхьа и цуьнан доттагI вийча, цуьнгара Iедалхоша схьаяьккхинчу мобилан телефон чохь кхуьнан контакт карийначул тIаьхьа дIабуьйлабелла цу кIентан баланаш, бохуш яздина ду кхелан сацамехь. Иза, цо ша дийцарехь, Iедалхоша лаьцнера 2006-чу шарахь, шина кIирнахь таIзарш а дина, некъаца цхьанхьа охьакхоьсинера иза.

Цул тIаьхьа ах шо даьлча ша кхин цкъа а лецира, ахчанца кхаъ балар бахьана долуш дIа а хийцира ша бохуш дийцинера цо Марселехь ша тховкIело йоьхучу хенахь. Ткъа 2007-чу шарахь кхозлагIа ша лоцуш доьзалхочух йолчу шен хIусамнана Iедалхоша йитира, и бахьана долуш шен дуьненчу валанза волу доьзалхо кхелхира, аьлла.

И дерриге а амма тоаъалла тешаме ца хеттачух тера ду Францерчу хьукматхошна. Хила там бу иштта цара шайн цу кIантан тховкIелонахчу дехарна негативе жоп лучу хенахь цо Францехь ша даьккхинчу бархI шарчохь, низамаш дохош, масийта къепедацар дина хилар тидаме эцна хила а. Я иза Франце Полшехула веана хилар цара тидаме эцна хила. Цундела цара иза махкара араваккха сацам бинера.

Мухха делахь а, хIинца Европерчу кхело нагахь санна и кIант Оьрсийчу дIалахь, цуьнан бакъонаш хьошур ю, хIунда аьлча цунна цигахь таIзарш дарна кхерам бу аьлла сацам тIеэцна. Францехь вехачу историн Iилманчано Вачагаев Майрбека дийцарехь, и хIинцалераниг дуьхьарлера сацам бац Европерчу кхело Францера арабаха хьийзочу вайнехан хьокъехь тIеэцнарг, хIетте а, хIора а керла и санна болу кхелахойн сацам латкъам бечарна боккхачу къинхьегамца а, зенашца а боьзна хуьлу.

Вачагаев Майрбек: „И санна долу хIума цара масийтаза тIеэцна, даима а нохчашкахь гIо доккхуш тIеэцна сацамаш а бу уьш. И санна долу хIума, суна хетарехь, кхечу пачхьалкхашкахь прецедент санна лорур дара, амма кхузахь и прецедентан бакъо яц, цундела хIора а ша-ша цу кхеле вала дезаш а, хIораммо ша-ша къовса дезаш а хуьлу иза. Атта хIума дац иза, хIунда аьлча, адвокат говза цу хIуманна говза хила веза. Нисло наггахь префектурийн белхахоша кхело иштта сацам бале сихо а йой, стаг аравоккхуш а“.

Муха нисло -те Европерчу пачхьалкхашкахь тховкIело йоьхучу вайнехан хьокъехь Iедалхоша сел бен-бен сацамаш тIеэцар? Цхьаццаболчарна, гаррехь цхьа а цIерабовла бахьана а доцуш Европе баьхкинчарна Европерчу пачхьалкхийн мухIажарех болчу хьукматхоша хьем ца беш тховкIело яларна, вукхарна, шортта карахь шайна оьрсийн Iедалера кхерам хиларна тоьшаллаш долчарна, хийлаза цаьргара негативе жоп кхачар?

И хаттар Малхбузерчу нохчашлахь кест-кеста дийцаре деш ду, цуьнан духе кхиа лууш. Цхьаболчара иза лотерея санна хIума ду, аьтто балахь хьуна сихха схьалур ду позитиве кехат, ца балахь цIехьа гIо аьлла, дацаре жоп а лур ду хьуна олу. Бакъдолчехь, цу хиламан духехь цхьа могIа бахьанаш ду аьлла хета. Цкъа делахь, тховкIело йоьхучо шена кхерам бу бохуш тоьшаллаш дахь а, цунна и кхерам хIун бахьана долуш бу бохург мехала ду хьукматхошна.

Вайн заманахь, Нохчийчохь боьдуш тIом а боцуш, цу стаго ша тIемло вара бохуш чIагIдахь, тамаша а бац хьукматхойн иза террорхо я радикале исламхо хила там бу аьлла шеко кхоллаяла. Кхин цхьаъ бахьана, шеко а йоцуш, ду, Европехь хIинцале а дIатарбеллачу нохчех цхьаболчара доллучу къомана цIе кхоьллина хилар, я куталшций, криминалечу леламашций низам хьоьшуш, я террорхойн талоршкахь дакъалоцуш.

Цундела, пхийтех шо хьалха Нохчийчуьра хилчахьана тховкIело йоьхучарна иза луш хиллехь, тахана хIораммо а наггахь шерашкахь шаьшна билгал кхерамазалла а, тховкIело а оьшуш хилар Iедалца къовса дезаш хуьлу.

XS
SM
MD
LG