ТIекхочийла долу линкаш

«Къизаллаш тайп-тайпана яххьашкахь» цIе йолчу рапортан авторийн хьесапехь, Оьрсийчохь, къаьсттина, Къилбаседа Кавказехь, къизаллаш яр юкъара хIумахилла, дIахIоьттина. Рапорт кечдина Францера «Къизаллаш дIаяхаран керстанийн Ассоциацино». Шина шарахь Оьрсийчохь бинчу белхан жамI цара хIинцале довзийтина Францехь. Оьрсийчохь цу рапортан чулацам гIарабоккхур бу Лахьанан беттан 29-чу дийнахь.


Москохара «Юкъараллин кхел» фондо а, Лахара Новгородехь йолчу Къизаллашна Дуьхьал йолчу Комитето а Францера «Къизаллаш дIаяхарехьа йолчу керстанийн Ассоциацица цхьаьна шина шарахь бинчу белхан жамI ду, Оьрсийчохь Лахьанан беттан 29-чу дийнахь гIарадоккхур долчу рапортехь. Москох туп тоьхначу «Юкъараллин кхел» фондан гIантдас Таубина Натальяс шен Маршо радиоца хиллачу къамелехь дийцира.

Таубина: «И рапорт тхан Францера белхан накъосташа-социологаша кечдина ду. 2011-чу шарахь дуьйна 2013-чу шеран Зазадоккху-батте кхаччалц дIабаьхьначу белхан жамI ду иза. Оьрсийн пачхьалкхан тайп-тайпана кIошташкахь шайна тIехь къизаллаш лайначу нахаца динчу къамелашна а, Лахарчу Новгородехь болх бечу "Къизаллашна Дуьхьал йолчу Комитетехь" долчу гIуллакхийн а буха тIехь кечдина ду и рапорт. Цу рапортан коьртачу авторша Францехь гIарадаьккхина иза. Оьрсийчохь Лахьанан-беттан 29-чу дийнахь Non Fiction ярмаркехь довзуьйтур ду оха.»

Къизаллашна Дуьхьал йолчу Комитето шен сайта тIе тоьхначу информацица а догIуш, рапорто чIагIдарехь, Оьрсийчохь системе дирзина гIуллакх ду нахана тIехь кхелан массо тIегIанехь къизаллаш латтор – полицино лаьцчхьана дуьйна, стаг набахти чу воллалц.

Францера бакъонашларъярхоша леррина тидаме эцна, Къилбаседа Кавказехь латтош болу ницкъ. Документо билгалдоккху, террорана доьхьал дIахьучу опреацехь лаьцна хиллачу масех вахархочунна тIехь къиза ницкъ бина хилар. Ницкъаллийн структурийн векалша тIемалой доьзалшна тIеIаткъам беш хиларх лаьцна а дуьйцу рапорта тIехь. Леррина даьккхина хьехадо, Нохчийчохь лаьтта хьал.

«Нохчийн республикехь хьалха санна хIинца а, стагера ца дина зулам тIелацийта Iалашонца пайда оьцу стагана ницкъ барх а, къизалла латторах а. Я, и стаг вен а вийна, цул тIаьхьа, леррина операци дIахьуш вийна тIемало санна гайта кечам беш ницкъ бо, аьлла ду рапортехь.

Уггар боккхачу кхерамехь берш кегий нах бу. Церан агIора шеко хуьлу Iедалийн уьш тIемалошкахьа оза-безам болуш хиларна я, царна гIортор еш хиларна. Коьртачу декъана, цу тайпа гIуллакхех долу жоьпалла нохчийн полицина тIехь ду. Республикехь таIзарза латточу къизаллин тIегIано инзарвоккху. Цо сурт кхуллу, республикехь низамаш болх беш дан а доцуш санна», боху рапорто.

Цу тайпа дIахьедар дан ондда бух бу рапортан авторийн.

Таубина: «Талламхойн тоба Нохчийчу яхана лелла белхаш беш. Таханлерчу дийнахь Нохчийчохь болх бечу оьрсийн йозуш йоцчу организацех цхьаъ бен йоцу "Къизаллашна Дуьхьал Комитет" гуттаренна цу республикехь ю къахьоьгуш. Комитетан юристаш цигахь биллина Iаш бу. Схьадиллина хиллачу гIуллакхийн материалашна а, цу кIоштехь къиза ницкъ хиллачара латкъам беш динчу къамелашна а, рапортехь меттиг карийна.»

Къилбаседа Кавказера кхечу республикера хьал кIезиг довзуьйту хIокху рапорто. Таубина Натальина хетарехь, уьш тидамехь латто хьовсу и республикаш а.

Таубина: "Кхечу регионашкахь проблема яц олу. Мелхуо а, гуттар гIуллакхаш схьадоьллуш, уьш толлуш а долчу меттигашкахь хьесапе оьцу ницкъ бар. Коьртачу декъана фондо а, комитето а."

ТIаьхьарчу хенахь Дагестанера а кхочу шортта хаамаш, цигарчу ницкъаллийн структураша кегийрахошна бечу тIеIаткъамах а, уьш байъарх а, къизаллаш лелорх а лаьцна. Рапорто хьеха ца йо Дагестан. Иза стенца доьзна ду?

Таубина: "Цигахь проблема яц аьлла дац иза. Цигарчу хиламашца доьзна тхан карахь цхьа а гIуллакх доцун дера ду иза. Аьлча а, тхоьга гIо ца дехна."

Европан Берто ахчанца гIо а деш вовшахтоьхна дара рапорт. Оццу хенахь, рапорта тIехь хьахийна ду, документа юкъахь мел болчу хаамах долу жоьпалла, Францера «Къизаллаш дIаяхаран керстанийн Ассоциацина» тIехь ду, Европан бертана хетарг гIарадоккхуш дац иза, аьлла.
XS
SM
MD
LG