ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн гIаролхойх кхера оьшуш дац ФСБ-н белхахой...уьш боцун дела


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан Соьлж-ГIалахь Радион ХIусам схьайоьллуш хиллачу церемонехь, 19Заз2013
Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан Соьлж-ГIалахь Радион ХIусам схьайоьллуш хиллачу церемонехь, 19Заз2013

Зулам дарна Москох лийцина болу Кадыровн гIаролхой дIахецна аьлла балха ца боьлхуш севцна цхьаболу Москох штаб-хIусамехь болх беш болу федералан кхерамазаллин сервисан белхахой. Уьш кхерабелла нохчаша шайна бекхам барна. Иштта хаамаш баьржира кху деношкахь Оьрсийчурча цхьамогIа зорбанан гIирсашкахь. Соьлж-ГIаларчу Iедалша цу хьокъехь хууш хIумма а дац аьлла дIахьедар дина.

Нохчийчоьнан куьйгална, цхьа а хIума хууш дац, Москохахь талламан изолятор чуьра арабовлийтинчу нохчийн полисхойх. И дIахьедар дуьххьара дина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнна зорбан-секретара Каримов Iальвис. Амма, оршот сарахь меттигерачу телехьожийлехь, ша Кадыров Рамзана хаийтира, шен оцу гIуллакхах хIума хууш хилар сов, цуьнан бух мичара бу а.

Цо бахарехь, цхьа а бехк боцуш, нохчийн полисхой чу а боьхкина, чохь шарахь латта а бина, кхин церан бехк болуш хIума гучу а ца даккхаделла, уьш мокъа бовлийтина аьлла.

Жимма хан яьлча, зорбан-секретара шен дIахьедар тадира. Цо бахарехь, Кадыров Рамзанан цхьа а уьйранаш яц, шаьш цуьнан гIаралхой бу бохучу оцу полисхошца. Цул совнах, Каримов Iальвис, тидам бина, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнна Кадыров Рамзанан гIаралхой бац аьлла, цундела, яьккхина йолу гIовгIа цхъа а бух болуш яц боху цо.



Хилларг, толлуш Нохчийчоьнан чоьххьарчу гIуллакхийн министралла а ю. Амма, цу хьокъехь комментари яла сиха бац цигахь.

И гIовгIа ялла, дIадаханчу кIирнахь «Новая газета» олучу арадаларехь оцу полисхойх материал араяьлча, аьлча а, уьш арабовлийтарна реза боцучу къайлахьчу сервисан белхахоша, журналисташка арз дича.

2011 шарахь аьхка, нохчийн виъ полисхочо а, церан кхаа накъоста а, стаг а лачкъийна, Москохан йистехь цхьана цIа чохь къизалш еш чохь валлийна хилла боху оцу материала тIехь. Оцу стагера цара схаьяьккха гIерташ хилла, «Лексус» олу машен, ян 3 миллион сом.

Цара боххург ма диннехь, иза некъа йистехь цхьанахь вахькхоьссина хилла бохуш, чIагIдо, газета тIера оцу материала тIехь.
Цул тIаьхьа, оцу стага арз а дина, стохка бIаьста ша верг дIалаьцнера. Нохчийн полисхошкахь белхан тоьшаллаш хилла, шаьш Москоха, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнна а, цуьнан доьзална а гIаролла дан бахкийтина аьлла.

Шарахь и гIуллакх теллинчулла тIехь, уьш мокъ баьхна талламхоша. «Новая газете» арз динчу къайлахьчу сервисан белхахоша, дийцарехь, цхьа а бакъо а йоцуш дина ду иза. Цара бахарехь, уьш арабоьвлчу дийнахь, и гIуллакх толлуш хиллачу эпсарш, иза дукха халонга даьлла, дийнахь сарралца къаркъа мелла. Цул совнах, шаьш болх а ца беш хан соьвцина аьлла цара.

Москох, муьлхачу а нохчочо хьаршам тоьхча а, иза боккха бохам санна гIарадоккхучохь, хийлуза гIовгIа яьлла, кхузара полисхой а, кхинболу официала герзхой юккъахь а болуш. Дукхачара, шаьш балахь а, бацахь а, Нохчийчоьнан куьйгална уллера бу олу цхьаъ дича дIалаьцча. Герз гуччохь а долуш, ондий догIмаш а долуш, церан леларх ца кхета Москохахь берш.

Дукха хан йоцуш, Москохахь, цхьа нохчо полицино дIалаьцча, цунна гIо даккха баьхкинчарна юккъахь вара стаммий пхаьрсаш а долуш, гIадъюккъерачу доьхкана чу йоьллина Стечикна олуш йолу тапча а йолуш цхьа жима стаг. Журналисташ цец а боьвла, цуьнга хаьттира хьоьгара и тапча травматика-м яц аьлла.

Оцу хаттарах ца вешаш цо, яц, иза боккъулийна ерг ю элира, вела а къежна. Хьоьгахь бакъо а хира юк-х, ахь иштта герз гуччохь лелош хилча, аьлла хаьттича, вукхо, шен тIахьара ца волучу журналистан меркIела белхан тоьшалла кховдира. Вукхо дIадийшира «ФСБ России» аьлла.

И материал РЕН-ТВ телехьожийлехь эфире яьлчулла тIехь, Оьрсийчоьнан уггаре а къоьвлина лоручу урхалле-Къалахьчу сервисе хаттар делира, и фамилии а, цIе а йолу стаг, шу белхахо вуй аьлла. Цигара официала жоп деънера, и санна волу стаг тхан белхахошна юккъахь вац, ян цкъа а хилла вац аьлла.

Герзах а, тIамах а Iаьбба хила безаш болу нохчий хIинца а, кхетта бац, шаьш а, и герз санна цхьана ницкъаша лелош буйла. Шайх болу пайда дIа ма баьлнехь, ца оьшу хIума санна йистах тоттура буйла а. Оцу хIуманна шорта масалш ду, амма, тахане токхо йолуш хилийтархьам, бIаьрзе бу цхьаберш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG