ТIекхочийла долу линкаш

Юха а цхьаьна болх бан дагахь ю Оьрсийчоьнан а, Британин а къайлаха сервисаш


 Юха а цхьаьна болх бан дагахь ю Оьрсийчоьнан а, Британин а къайлаха сервисаш.

Юха а цхьаьна болх бан дагахь ю Оьрсийчоьнан а, Британин а къайлаха сервисаш.

Кху Iай Сочехь дIадахьа лерина долу Олимпикан ловзарш бахьана долуш оьрсийн, ингалсхойн кхайлахчу сервисаша юха а цхьаьнаболхбар долийна, Британерчу МИ-6 сервисан куьйгалхочуо Соуэрс Джона бинчу хаамца. Амма мел боккха бу теша шина пачхьалкхан Iедалхойн вовше болу тешам, Литвиненко Александр вийначул тIаьхьа а, Шема бахьана долуш цу шинна юкъехь болу цакхетамаш кхоллабеллчул тIаьхьа а?

Кху Iай Сочехь дIадахьа лерина долу Олимпикан ловзарш бахьана долуш оьрсийн, ингалсхойн кхайлахчу сервисаша юха а цхьаьнаболхбар долийна, Британерчу МИ-6 сервисан куьйгалхочуо Соуэрс Джона бинчу хаамца. Амма мел боккха бу теша шина пачхьалкхан Iедалхойн вовше болу тешам, Литвиненко Александр вийначул тIаьхьа а, Шема бахьана долуш цу шинна юккъехь болу цакхетамаш кхоллабеллачул тIаьхьа а? Азимова Сийлахас дуьйцу цунах лаьцна.

Бритнахойн уггаре а нуьцкъалчух цхьаъ йолчу МИ-6 лерина сервисан куьйгалхочуо Соуэрс Джона дийцарехь, Оьрсийчоьнца цхьанаболхбар юхадолор Сочехь дIахьон долчу Олимпикан ловзарийн кхерамазалла Iалашъярхьама оьшуш ду.

Масех шо хьалха Британехь оьрсийн къайлахчу сервисийн белхахой хиллачу талорхоша Литвиненко Александр вийначул тIаьхьа, ткъа Британерчу талламхоша и хIума къаста а дина, Оьрсийчоьнга шерашкахь Литвиненко верна куьг-бехке ларалуш волу ши стаг - Луговой Андрей, Ковтун Дмитрий, - схьаваларе эрна а кхайкхина, дог диллинчул тIаьхьа сацийна дара и цхьаьнаболхбар.

ХIинца, шина пачхьалкхан леринчу сервисийн куьйгаллийна хетарехь, юха а хан кхаьчна, хьалха санна, вовшех дага а долуш, вовшашца информаци а йоькъуш, партнералла юхаметта хIоттон.


Амма мел бу теша, - политикан риторика а, кхерамазаллин хьашташ а йистаха дитина теллича, - шина пачхьалкхана юккъера тешам бохучу хаттарна шеконашца жоп ло Британехь вехачу политолога Асхабов Хьамзата. Цунна хетарехь, и тайпа цхьаьнаболхбар башха хиндерг долуш хIума дац, хIунда аьлча цкъа а Оьрсийчоьнан, Британин интересаш цхьаьнайогIуш хилла яц кху тIаьхьарчу бIешерашкахь.

Асхабов Хьамзат: „ХIинца оьрсийн Сочехь Iаьнан Олимпикан ловзарш дан дезаш хиларна оьрсашна чIогIа оьшуш ду, ингалсхойн а, Iамеркахойн а, кхечу а нуьцкъалчу пачхьалкхийн леринчу сервисашца юкъаметтигаш тойар. Кхузарчарна а оьшуш ду Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш тойар. Уьш тойан гIерта-м уьш дуккха хан ю.

Шемица долчу хIуманна тIехь, масала, оьрсашца цхьаьна бан дуккхаъ белхаш кхераъ бу. Цундела шаьшна цхьа дика бахьана даьлчара цхьана ханна и юкъаметтигаш толур ю, аьлла хета суна церан. Амма цунах тIаьхьало а йолуш барт хир бац, хила йиш а яц.

Иза царна а шаьшна а хаьа, хIунда аьлча 3-4 бIешерашкахь цу шина мехкан интересаш цкъа а цхьаьнаеъна яц“
Хьалхехь дуьйна Оьрсийчоьнний, Британиний юккъехь хилла болу къийсамаш цхьанхьа а бахна, дIабевлла бац, аьлла, хеташ ву политолог Асхьабов Хьамзат. Йоццачу ханна долу партнералла шинна а агIонна а оьшуш делахь а, амма ехачу ханна цунах я доттагIалла а, шира чевнаш йерзон молха а хир дац, боху цуо.

Асхабов Хьамзат: „Оьрсийчоь Туркойн махкарчу Босфорехь а, ткъа иштта Iаьржачу хIурда тIехь а дIачIагIйала гIерташ леллачу заманахь дуьйна схьа а гуттар а цунна дуьхьала лаьттинарг Британи яра. Хьалхарчу а, шозлагIчу а Дуьненан тIемашкахь а иштта яккхий дуьхьалонаш а еш вовшашна, вовшашна тешнабехкаш а деш, лаьттина ши пачхаьлкхе ю и шиъ. ХIинца а иштта лаьттар йолуш ю аьлла а хета суна. Цундела хIинца цхьана ханна барт хиларан сурт цу шиммо хIоттош делахь а, амма тIаьхьало йолуш хIума цунах хир ду аьлла ца хета суна“.

Еарий дийнахь Британерчу парламентехь ша вистхуьлуш Британерчу МИ-6 сервисан куьйгалхочуо Соуэрс Джона а билгалдаьккхира, шина пачхьалкхана юккъехь цхьа могIа цакхетамаш хилла хилар. „Пауза яра тхан цхьаьнаболхбарехь“ - элира цуо.


Олимпикан ловзарш чекхдевллачул тIаьхьа сахьт дац шина пачхьалкхенан юккъехь и цуо хьахийна йолу „пауза“ юха а кхоллаяла.
XS
SM
MD
LG