ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КΙиранан хиламийн зераш


North Caucasus Engl. Map
North Caucasus Engl. Map

Шемахь тΙом бечу нохчех жоп дала гΙерта Кадыров, уьш цига, шега а хоттий, боьлхуш санна. ХΙинжа-ГΙалин мэр лацар хинболчу мехкан ден харжамашца доьзна долчух тера ду. ГΙалгΙайчохь мел хинчу зуламех жоп дала декхаре во кхело Магас. Иштта бу, кху кΙиранца а бозуш, комментатора Фуллер Элизабетас тергоне эцна хиламаш.




Масса нохчо ву Шемахь тIемаш беш?

Тидаме бевлллачу хиламех бу Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана юха а Шемахь тΙемаш бечу нохчийн лаьцна еарий дийнахь шен официалан сайта тΙехь аьлларг. «Вай 100 процентна къобалйо президенте Асадехьа йолу Оьрсийчоьнан позици» боху Кадыровс. ЧΙагΙдо, Шема тΙом бан бахана бΙеннаш, Европера нохчий а бу, уьш интернетой, шаьш бехачу мехкашкаххьий цига баха кечбеш а бу.

Амма комментаторна Фуллер Элизабетина хетарехь, Кадыровс хΙинца бохург галморзахдолу стохка аьхка дийцинчух.

Фуллер: «Къайле яц оцу тΙехь Кадыровн хаарш тоьллачех дацар»

ХΙетахь цо, бакъ дац, элира Шемарчу тΙаме нохчий кхаьчна бохург, Иза Оьрсийчоьнан позици аьшнашъярхьама дуьйцу, Европера нохчий, шайна тΙом бан лууш хилча, Къилбаседа Кавказан хьаннашка кхочур бара, аьлла.

Фуллер: « Стохка Товбецан а, Марсхьокху а беттанашкахь, аьшпаш бу уьш, аьлла аьттехьа а ца дитира Кадыровс Оьрсийчуьра нохчий Шемахь леташ бу бохург».

Комментатора иштта билгалдоккху бахначу баттахь Кадыровс Шемахь болчу тΙемалойн тΙаьххьара хьахийна терахь цул ши кΙира хьалха далийначул маситтаза лахара хилар.

Британерчу Гардиан газетерчу журналиста стохка вовзийтира Шемарчу гΙаттамхойн цхьа баьчча – нохчо ал-Шишани Абу Ιумар. Журналиста бохура, нохчий кхечу Шемарчу тΙемалойл майра а, говза а бу. Цо ца дуьйцура, уьш мел бу, амма Кавказ-Имаратан Кавказцентр сайто довзуьйту кавказхойн терахь 150 стаг дара, уьш берраш а бацара я Нохчийчуьра а, я Дагестанера а.

Кадыровс, ша ца аьлча ца волуш санна, шеггара, бакъдолчуьнца догΙуш а доцуш, олу иштаниг. Цунна мега Шемара нохчий мелла а хилча а, уьш шен куьйга кΙелхьара дΙа а бевлла, цига кхаьчна ца хилчхьана, Европера нохчий цо шенчех лоручух тера а дац, чΙагΙдо комментатора Фуллер Элизабетас.

Амировс мила вийна ма хетта, цо хьенан некъ хадийна хетта...

ГΙараяьлла тема ю «къиза Рузвельт» шех дагестанхоша олуш хилла Амиров СаΙид, ХΙинжа-ГΙалин мэр, яьккхийчу таронийн да Ιедалша лаьцна Москох дΙавигар.Дуьххьара гΙарабаьккхина бехк бара Амировн омрица вийна Дагестанехь Талламан комитетан белхахо Гаджибеков Арсен, аьлла.

Фуллер: «Кхин а дукха галморзахаллаш гучуюьйлуш ю кIира хьалха лаьцначу Амиров СаΙидна гонаха».

Амировгара девлла хила тарлуш долчу зуламийн кочар дено-дено дахдеш ду. Бакъду, и кочар охьадагардечу официало хΙинца, ша дицдеш санна, хьаха а ца до цо талламхо вейтина бохург. Масала, Дагестанан вице-премьера Амировгара девлла зуламаш дагардеш, Путина кхайкхийначу коррупци къаръеш бечу тΙеман йийсар иза волуш санна вийцира, амма ца хьахийра Гаджибеков вер.

Цу тΙе ала догΙу, Амировна дуьхьалбоху бехкаш толлург а ву терроризмаца дозу гΙуллакхаш луьсту говзанча.

Мел латтор ву Амиров лаьцна, маца дер ду Ιедал цунна бехке мел дийриг легна? И хаттар диллина дуьсу, жоп кхеташ делахь а. Амма...

Фуллер: «Делахь а, Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкина, беттанаш оьшур ду боху Амировгара мел даьлларг талла».

Фуллер Элизабетина хетарехь, Ιедалхойн логика иштта ю: гурале Дагестан къастаяла еза шен куьйгалхочуьнца. Амировс боккха тΙеΙаткъам бора махкарчу дахарна, цо къасто а тарлора, мила хир ву Дагестанан президент. Амировн зΙенаш кегъян а, цо хьаькамийн гонех кхоьллина маша бохон а, иза харжамашна генаваккха а Ιалашо йолуш иза ца лаьцна олийла а дац.

Магас "бехке" ву ГIалгIайчохь мел динчу зуламашна

Фуллер: « Кху баттахь кхо шо кхочу ФСБ-но Кавказ-Имаратан ГΙалгΙайчоьнан вилайатан куьйгалхо ву аьлла, Басаев Шемала 2004-чу шарахь вовзийтина хилла Магас-амир лаьцна».

ХΙинца Ростов-шахьарахь дΙахьочу кхеле кхачийначу цуьнан, Тазиев Ιелин, я Евлоев Ахьмадан – ший а цΙе яра лелаш - девнехь дуьйцуш ду ГΙалгΙайчохь 3-гΙа эзар шо долалуш мел лелла даккхий зуламаш.

Дийцарехь, цо кхоьллина тΙеман тоба, гΙовттамашна хьалха вийлина, байина алссам милцой, 24 меттехь терроран тохарш дина.

Карарчу ханна кхелехь луьстуш ду Старопол-махкарчу Невинномыскехь 2007-чу шарахь динчу эккхийтарехь цо лаьцна боху дакъа. Амма ца баьхкина кхеле дукхахболу тешаш.

Иштта, кху муьрехь луьстуш ду кхело Магаса ГΙалгΙайчоьнан президент Евкуров чохь хиллачу машенна дайтина бохуш дуьйцу тΙелатар. Кху беттан 20-чохь тоьшалла дан ваха веза кхеле шен Евкуровн а.

Тамаше ду Магасна 2004-чу шарахь Бесланера школа дΙалацар бехке диллина а дацар. ХΙетахь, и бохам хиллачу деношкахь гΙараяьккхина йохура Ιедалша цуьнан цΙе.
XS
SM
MD
LG