ТIекхочийла долу линкаш

ТIеман баьччанаш ГакаевгIар байъина Нохчийчохь, боху Кадыровс


Нохчийчоь -- Гакаев Хьусейн

Нохчийчоь -- Гакаев Хьусейн

Нохчийчохь дIаяьхьначу тIеман операцехь 12 тIемало вийна. Байъинчарна юкъахь тIеман командираш, вежарий ГакаевгIар бу – Муслим а, Хьусейн а – аьлла дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.


ТIеман тасадаларехь цхьа полисхо а велла. Кхечу хьасташца – вийнарг ши полисхо ву. Кхаарин дийнахь йолаелла йолу тIеман операци хIинца а чекх ялаза ю.

Цкъачунна цхьа а аьтто бац и хаам билггал тIечIагIбан я керстбан.

Хьалхуо Кадыровс дIахьедар динера ГакаевгIар болу меттиг йийцинчунна 10 миллион сом лур ду, аьлла.

Кадыров Iачу Хоси-юьртана 2010-чу шарахь тIелатар динарш ГакаевгIар лоруш бу. ХIетахь 7 стаг вийра, 24-нна чевнаш йинера.

2009-чу шарахь Гакаев Муслима Маршо Радиона еллачу интервьюга ладогIа аьтто бу шун бухахь:

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG