ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн газан векал хIоьттина Беккенбауэр


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Газпроман куьйгалхо Миллер Алексей а, 10Охан2012

Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Газпроман куьйгалхо Миллер Алексей а, 10Охан2012

Дерриг а дуьнентIехь дика вевзаш ву немцойн цIеяххана волу футболхо а, тренер а Франц Беккенбауэр. Шозза Европан тоьлла футболхо хаьржина хилла волчу цо футболан исторехь шен цIе язйина. Амма хIинца цуьнан цIе футболаца йоьзна хилла ца Iаш, оьрсийн Газпром концернаца а йоьзна хир ю.

Европера уггара яккхийчу газан концернийн бизнес-конгресс ю кху деношкахь дIайоьдуш Словенерчу Порторож-гIалахь. Цигахь бовзийтинчу сацамех уггаре а шена тIе тидам бохуьйтуш болчарах цхьаъ бу немцойн футболан эла аьлла, шена журналисташа цIе тиллина волу Беккенбауэр Франц Оьрсийн Газан Юкъаралла цIе йолчу вовшахтохараллан векал хIоттийна бохург.

И цхьаьнакхетаралла Оьрсийчура 97 % газ йоккхуш йолу фирманаш а, концернаш а цхьаьна а кхетта кхоллаелла ю. Къоман ассоциаци санна юйцуш йолчу цу вовшахтохараллан коьрта а, уггаре а йоккха а декъашхо ю, кхеташ ма хиллара, Газпром концерн.

Ткъа ша Оьрсийн Газан Юкъаралла карарчу хенахь Оьрсийчохь дIахьуш болчу а, кестта цигахь дIабахьа болчу а баккхийчу спортан хиламийн коьрта спонсор ю. Цу хиламшна юкъахь хьахо йогIу Оьрсийчохь 2014-чу шарахь дIахьур йолу Iаьнан Олимпиада а, оццу шарахь хир йолу хоккейн дуьненан чемпионат а, 2016-чу шарахь дIахьур йолу футболан дуьненан чемпионат а.

Хетарехь, коьртачу декъана и тIаьхьарниг бахьана долуш юкъаозийна Оьрсийн Газан Юкъаралло Беккенбауэр Франц.

Беккенбауэрца пхеа шаренна лерина контракт йина Газан Юкъаралло. И барт дIакхайкхо Словенерчу Порторож-гIала веанера Газпром концернан куьйгалхо Миллер Алексей. Ша футболхочо билгалдаьккхира, шена сий ду дуьненаюкъарчу тIегIан тIехь спорт кхиорехь болх бар, и болх шена даиман а мехала хилла бу аьлла.

Оьрсийн газан дайшца берта вахарна Беккенбауэрна луш долчу алапан терахь хьулдина ду. Амма цуьнан барам мел-лаххара а ялх хьаьрках лаьттачу терахьца дуьстин хила мегаш хилар кхеташ ду. ХIунда аьлча, хууш ду оьрсийн Iедал а, газан дай а шайн дозанал арахьарчу, къаьсттина Европерчу шайна белшгIорторхошца коьмарша хуьлуш хилар.

Иштта, масала, кхин цхьаъ вевзаш волу немцо, Германин канцлер хилла волу Шредер ГерхIард Газпроме балха вахаран мах цунна шарахь миллион евро сов алап далар хилира. Цу ахчанах цо, массо а теш а волуш, вуно чIогIа къа а хьоьгу, Европехь Оьрсийчоьнан имидж тоян гIерташ. Цу новкъахь Шредер дукха каде хьийзарна Путин Владимиран пресс-секретар олий, йоккха Германехь хаамийн гIирсашкахь цуьнан цIе.

Шен футболан карьерехь дика ловзарна шозза Европан тоьллачу футболхочунна санна «Дашо буьрка» елла волчу Беккенбауэран Оьрсийчоьнан Iедалийн векалан санна цIе яха там бу гергарчу шерашкахь.
XS
SM
MD
LG