ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьно Газ Лах а Йина Шело Хьоьгуш ю Европа


Оьрсийчоь-- Премьер-министр Путин Владимир а, Газпроман куьйгалхо Миллер Алексей а, Германин хилла волу канцлер Шредер ГерхIард а хьожуш бу Выборгехь Портовая олуш йолу газан компрессор болх бан йолалуш, 06Гезг2011

Оьрсийчоь-- Премьер-министр Путин Владимир а, Газпроман куьйгалхо Миллер Алексей а, Германин хилла волу канцлер Шредер ГерхIард а хьожуш бу Выборгехь Портовая олуш йолу газан компрессор болх бан йолалуш, 06Гезг2011

Кху шарахь къаьсттина луьра деана Европехь Iа. Ткъа хуьлуш ма-хиллара, уггаре а там боцучу хенахь Оьрсийчоьно ша Европана юхкуш йолчу газан барамаш лахбина.


Кху луьра деанчу Iай Оьрсичоьно газан барамаш лахбар бахьана долуш дийнна пачхьалкхашкахь хIусамаш шеллуш лаьтта. Цуьнан бахьана даханчу кIирнах Оьрсийчоьно шен махкахь а Iа шийла дарна Европе хьажочу газан барам лахбина хилар ду.

Кху деношкахь и барам хьалхалерачу тIегIантIе хьалакхачийнехь а, цу боццучу хийцамийн тIаьхьало могIарерачу европахойн шайн кхерчашкахь лан дезна. Иштта, масала, Италехь бахархойн хIусамаш йовха латторхьама Iедалийн цигарчу цхьацца йолчу фабрикийн болх сацон дезна.

Оршот дийнахь хьалхалерачулла а 20% кIезиг оьрсийн газ кхаьчнера Итали. Иза иштта деза хир дацара, нагахь хIурдакеманашкахула Iарбийн пачхьалкхашкара Итали кхачош йолу газ чолхе хенахIоттаман бахьана долуш схьакхача йиш йоцуш ца йиснехь. Цундела меттигерачу Iедалхоша Алжирера а, Норвегера а шаьш оьцучу газан барамаш алсам баьхна.

Итали ша цхьаъ хилла ца Iа Оьрсийчурчу газах йозуш ерг. Изза хьал ду Австрехь а, Германехь а, Словакехь а, Грецехь а, кхин йолчу а цхьамогIа Европерчу пачхьалкхашкахь а.

Ткъа оьрсийн партнераша газан барам лахбар бахьана долуш, Европехь энергоресурсийн мехаш хаа а луш лакхадевлла. Иштта Австрехь и мах 16 % хьалабаьлла, Италехь --18 %, ткъа Британехь -- 24-%.

И дерриге а тидаме а эцна, Европерчу Iедалхоша масех шо ду шаьш оьрсийн газах оццула чIогIа дозуш хилар лахдан гIерташ гIулчаш йоху. Шайн пачхьалкхашкахь газ яккхаран барам алсамбаьккхина цхьайолчу пачхьалкхаша. Вукхара Къилбаседа Европера газ оьцу. Ткъа кхечара шайн сатийсамаш бузу альтернативан энергица.

Цул сов, дIадаханчу шерашкахь Оьрсийчоьно а, Украинин Iедалша а, вовшашна тIе бехкаш а тоьттуш, европахой газ йоцуш битина хилар тидаме эцначу меттигерачу газан концернаша мелла а резерваш гулйинера, дагахь доццург хилахь а аьлла.

И резерваш хье а ца еш йита аьтто белира хIара Дечкен-бутт юккъе баллалц кIеда а, довха а Iа хилар бахьана долуш. Цундела оьрсийн «Газпромо» газан барамаш лахбинехь а, дIадаханчу шерашкахь санна лазаме ца хилла иза европахошна.

Ткъа хенан хIоттам цкъачунна кхин тобала дагахь бац. Говзанчаш дийцарехь, хIара шело Европехь мел кIезга а кхин а цхьана кIиранахь лаьттар ю.
XS
SM
MD
LG