ТIекхочийла долу линкаш

Борз мацъяларна бехке Iахар бу


Оьрсийн президент Путин Владимир тIехь волу оьрсийн байракх, 05Заз2012.

Оьрсийн президент Путин Владимир тIехь волу оьрсийн байракх, 05Заз2012.

Нохчийчохь оьрсашна тIехь геноцид йина хиллера аьлла, цунна гонаха гIовгIа яккха дагахь ву, политикехь питана лелорца вевзаш волу оьрсийн пачхьалкхан ДУМин депутат Алкснис Виктор. Шен оцу хаттарехь болчу хьажамна Нохчийчура латкъам бинчул тIаьхьа, Талламан комитето тIекхайкхина иза. Стенца доьзна ду, Оьрсийчохь мел хIоьттнчу режимо шен-шен кепара тIехь геноцид йина нохчий, цIеххьаша, оьрсашна геноцид ярна бехке ларар?

Цхьанне а къайле а йоцуш Оьрсийчохь хаамийн гIирсаша юкъ-кара Iорайоккху Нохчийчохь бехаш хиллачу оьрсийн къоман векалшкахь гIело а яллийна,уьш байа а байина,махкара а баьхна боху хьажам-ойла.Цу кепарчу ойланан шатайпа туркх ву масала хьалха депутат лаьттина Алкнис Виктор.Цо мосуьйттаза а билгалдаьккхина ца богIу ницкъ беш оьрсий хьийзабар а,байар а,махках бахар а. Кадыров Рамзана «Свободная пресса»газетехь махкахь гастарбайтарш баржар хьахийча Алкнис дагадоуьйту Нохчийчуьра бIеннашкахь оьрсийн къоман говзанчаш дIабахар.

Цу политико шен къамелехь, кхузахь оьрсийн векалшкахь гIело яллор чIагIдеш,гIортор а еш, тоьшаллина даладо Путин Владимиран дешнаш а. Ца ша даре дарехь Нохчийчохь оьрсийн къоман тIехь геноцид яллор тIечIагIдеш,Талламан комитетехь цо тоьшаллина далийна Путина дешнаш.

Масала фаранцойн «Пари-матч» газетехь цо «эхье шераш» дагалоцуш аьлла хIара дешнаш: «ТIаьхьарчу шерашкахь Нохчийчоьнан лаьтта тIехь вайна тергалделла оьрсийн къомана а,оьрсийн мотт буьйцучарна а тIехь шуьйрачу маьIнехь лелийна геноцид.Халахеташ делахь а массара а тергамза дитира и бакъдерг».

Ша и а кхин президентан алар-дIахьедарш талламхочуьнан кара дIаделира бах Алкнис Виктора.Вуьшта аьлчи и бохург ду ша шеггара лелош хIума а дац ,ша юьхьарлаьцнарг а,гIортор йинарг а Путинан дешнаш ду бохург.

И дешнаш хьенна делахь а,вайнаха кхеторехь,Нохчийчохь оьрсийн байа а байина,цаьргхь вуно чIогIа гIело а яллийна бохуш и гIуллакх кIамдеш вверг Алкнис а и саннарш а бу. Бегашена а хьаха ца бо эзарнашкахь байина а,доьза байна а нохчий.Алкнис дуьйцучух а,кхузахь гинчух а сан къамел хилла Соьлжа-гIаларчу тергамхочуьнца ,историкца Бетризов Русланца.Алкнис Виктора деш долу арз-дIахьедар барзо уьстагIашна леткъам бар санна туьду Руслана.

Алкнис Виктор санна мотт-эладитане политика юхьар а лаьцна къаьмнашна юкъа сим туьйсуш леларш жоьпе ийзо беза аьлла тешна берш кхузахь кIезиг бац.Иштачех цхьаъ ывара соьца къамел дина тергамча-историк Бетризов Руслан.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG