ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийн сатийсамаш бозу Иванишвили Бидзиница


Гуьржийчоь -- "Гуьржийн сатийсам" олучу шен политикан боламо мехкан парламентан харжамашкахь толам баккхар дIакхайкхош ву миллионер Иванишвили Бидзина, Тбилиси, 02ГIа12
Гуьржийчоь -- "Гуьржийн сатийсам" олучу шен политикан боламо мехкан парламентан харжамашкахь толам баккхар дIакхайкхош ву миллионер Иванишвили Бидзина, Тбилиси, 02ГIа12

Оршотдийнахь Гуьржийчохь бирзинчу парламентан харжамаша хийцамаш беъна мехкан дахаре. Президент Саакашвили Михаил къера хилла шен агΙо эшарх а, оппозици толарх а. Политикан рогIера мур бу "Гуьржийн сатийсам" боламан лидерна Иванишвили Бидзинина хьалха лаьтташ. Къомо сатуьйсу цо мохк дикачу дахаран новкъа баккхаре.



Гуьржийчуьрчу харжамийн тΙаьхье дика хила тарлуш кхо битам бу кху сохьтехь.
Хьалхарниг – Ιедалх цавала гΙерташ, ма-хуьллу тийсавеллачу президента, «Цхьаааллин къоман боламан» лидера Саакашвили Михаила а, цунна дуьхьал лаьттачу оппозицин, «Гуьржийн сатийсам» боламан лидера, миллионера Иванишвили Бидзинас а халкъ тешийна, шаьшшиъ бахьанехь къоман барт оьгΙур бац, аьлла.

ШолгΙаниг – Саакашвилис мехкан хаамийн гΙирсашкахула дΙахьедина, шен агΙо эшна, амма шегахь вас яц шена дуьхьаллаьттачаьрга, аьлла.

КхозлагΙниг – Иванишвилис а дош делла, ша а, шен накъостий а цхьа а бекхамаш бан хΙуьттур дац Саакашвилина а, цуьнан гонна а, аьлла.

Оцу кхаа хΙумано гойту Гуьржийчохь машар харжамаш бахьанехь телхар боцийла а, Ιедал карара кара машарца дΙалуш дуйла а. Иштта гойту цо гуьржийн къам вуно сиха а, дикачу гΙулчашца а кхаьчнийла демократин лакхенашка.

Ах кхаьжнаш бен а бацара, хьолан жамΙ деш, шимма а къамел дечу суьйренан сохьташкахь. 53 процент сов бара оцу ханна Иванишвили Биджинехьа кхаьжнаш тесначу харжамхойн барам. Цул 12 процент кΙезиг бара Саакашвилин Ιедалехьа тесна кхаьжнаш.

Гуьржийчоьнан харжамийн система Оьрсийчуьрчух ца йогΙийла гойтуш дара парламенте боьлху политикаш, партешкахь хьалхатеттина хилар доцуш, хΙора а гуьржийчун веккъа ша халкъан харжаме вилла а бакъо хилар. Партин жуларшкахь кхоже даьккхина дара 77 парламентан мандат. 73 стаг вара ша-шеггара шен кандидатура хьалха теттина.

Кхин а ах шо сов хан ю Саакашвили Михаилан президентан даржехь Ιан. Ткъа и хан дΙаяьлча, кхеташ ду, Ιедал «Гуьржийчоьнан сатийсам» боламан карахь дуьсур дуйла.

Дуккха а гуьржий бу, Саакашвили Михаила ша даржехь Ιечу 9 шарахь шегара кIезиг гΙалаташ ца дийлитинехь а, цо махкахь демократи чΙагΙ а йина, Гуьржийчоь Оьрсийчоьнна гена а йоккхуш, Малхбузенна герга а ялийна, аьлла, шайн президент хастош.

Гуьржийчоь -- Парламентан харжамийн жамIаш деш ю комисси, Кутаиси, 01ГIа2012.
Гуьржийчоь -- Парламентан харжамийн жамIаш деш ю комисси, Кутаиси, 01ГIа2012.
​Амма дуккха а сатийсам бузу цара хΙинца мехкан коьрте кхочуш волчу Иванишвили Бидзинех а. Цунна, мохк оццу демократин некъаца дΙабигарал а совнаха, мехкан бахамалла совйоккху некъ а карор бу, бохучух теша дуккха а нах тахана.

Харжамийн а, цига дахначу шен къоман а мах хадош, иштта вистхилира толам базбан хьакъволу Иванишвили Бидзина.

Иванишвили: "Гуьржийн къомо гайти шен лаккхара оьздангалла, шегара хьекъал, иза дара халкъана а, пачхьакхана оьшург. Суна хетарехь, шатайпа инцидент хилла Гуьржийчоьнан исторехь. Вешан ехачу оьмарехь вай дуьххьара хийцина Iедал харжамашкахула".

ТΙедогΙучу шарахь, Гуьржийчуьра политикан сурт хуьйцуш, кечбина бу цигахь конституцин хийцамаш. Гуьржийчоьнан парламентан а, Ιедалан а карахь алссам хир бу ницкъ и хийцамаш юкъабелча. Кхечу дешнашца аьлча, парламентан республика хир ю Гуьржийчоь.

Иванишвилица кхин цхьа сатийсам а бозу цуьнан къоман – гуьржашна ца лаьа цхьаьнцце а мостагΙаллехь баха, уггаре хьалха оьрсашца. Керлачу лидера и хьал меттадалоре а сатуьйсу наха.

Паьнказарчу нохчаша муха тесна кхаьжнаш, уьш хьаьнгахьа бара, хаьттира Маршо Радионо цигахь ехачу Хангошвили Тумишига. Цо иштта дийцира:

Хангошвили: "Дукхахберш Иванишвилигахьа бу. Саакашвилин Iедало бутт хьалха нохчийн тIемалой баъарца вас йина тхуна. Ахметахь Саакашвилина алссам тесна, боху, кхаьжнаш, ткъа кхечу меттигашкахь Иванишвилигахьа бу нохчий".

Харжамийн хатΙ, уьш мел цΙена дΙабаьхьна, аланза ву арахьара веана, харжамашка хьожуш Ιийна 1600 тергамхо. Ткъа тΙехьожуш хиллачех цхьаболчара официалехь а доцуш дечу къамелашка ладоьгΙча, ала ду - харжамаш низамехь а, маьрша а дΙабаьхьна Гуьржийчохь.
XS
SM
MD
LG