ТIекхочийла долу линкаш

Касрелишвили Заал: "Гуьржийчоьно хам бо шен гергарлонийн"


Georgia -- Zaal Kasrelishvili, head of the Confederation of Peoples of the Caucasus, Tbilisi

Georgia -- Zaal Kasrelishvili, head of the Confederation of Peoples of the Caucasus, Tbilisi

Гуьржийчохь миллиардера Иванишвили Бидзинас шо хьалха вовшахтоьхначу «Гуьржийн сатийсам» цΙе йолчу массех партех лаьттачу коалицино парламентан харжамашкахь баьккхина толам бийцаре бо гонахарчу пачхьалкхашкахь а, Европехь а. ХΙун хир ду тΙаьххьарчу хенахь гуьржашца чΙагΙдала доьллачу гергарлонах, бохучу хаттаро само алсамъяьккхина лаьмнийн дукъал дехьа дехачу Къилбаседа Кавказан къаьмнийн а.


Саакашвили Михаил президентан даржехь Ιечу бархΙ шера чохь вуно дукха хΙума хийцаделла Гуьржийчоьнан дахарехь. Коьртаниг – демократехь совъялла пачхьалкх, маршо сиха дΙаийна гуьржийчун кхетамах. Хир дац моьттинарг а тΙехь хилла махкахь – къам мукъадаьлла коррупцех.

Хьалха ахча милцочуьнга, суьдхочуьнга кховдийчхьана, муьлхха а лаам, иза мел къехьа белахь а, кхочуш хуьлура Гуьржийчохь. ХΙинца цигахь, харцо – харцо ю, нийсо – нийсо ю. Синош, оьздангалла, эхь эцалуш дац мехах. Иза ду, массарна а хетарехь, Саакавшили Михаилца дозу дика.

Ду, бакъдерг аьлча, дуккха а гΙалаташ а, Саакашвили даржах валарх нахана хала ца хета магош – къилбаседехьарчу лулахочух лар ца валар бахьана долуш, 2008-чу шарахь и тΙамца Гуьржийчу варжийтар, иштта кхин а.

Дашца аьлча, яхна зама хилла юьсуш ю Саакашвилин Ιедалан зама. Хенан цамза хΙинца лаьтта парламентан харжамашкахь шен коалаци толаме кхачийначу миллиардере Иванишвили Бидзине хьоьжуш. Цундела гуьржаша бина харжам мел пайде бу Къилбаседа Кавказна, дохор-м дац-те Иванишвилис луларчу мехкашца Саакашвилин Ιедало кху шерашкахь тиллина уьйрийн тΙай, боху ойла лела, лела бакъо а ю цуьнан къилбаседа-кавказхошлахь.

Оцу хаттарна жоп луш ву, гергарлонаш чΙагΙдеш, махкахь дуьххьара маьждигаш схьадоьллуьйтуш я , дагалоцур вай, чергазашна цхьа бΙе ах бΙе шо хьалха оьрсаша гΙелойина хилар чΙагΙде сацам парламентехула чекхбоккхуш дуккха а къахьегна волу «Кавказан къаьмнийн конфедераци» цΙе йолчу юкъарлонан куьйгалхо Касрелишвили Заал. Цо нийса доцуш лору дерриг а Гуьржийчоьнца доьзна долу диканаш веккъа цхьана Саакашвили Михаилца дозар.

Касрелишвили: «Чергазийн къоман геноцидна къерахилар – иза Саакашвилис а, цуьнан Ιедало яьккхина гΙулч яцара. Цара иза парламентехь тΙечΙагΙдира, иза гуьржийн къоман лаам бара. Иза Кавказан къаьмнийн лаам а бара.

И лаам оха Ιедалх йоцчу юкъараллашкахь тΙечΙагΙбира. Дуьххьара чергазийн геноцид къерайинарг Кавказан къаьмнийн конфедераци яра. Цул тΙаьхьа Ιедало, шен статус Кавказехь лакхаяккхархьама, тхол хьалхаоьккхуш, дира иза. Суна ца хета Саакашвилис динарг шен лаамца дира, аьлла».

Делахь а, тахана дуьззина ала дац, Иванишвили Саакашвилел тоьлла политик ву, я цуьнан сов аьтто бер бу шен къам ирсе дан. Амма Касрелишвили Заала а, дуккха а кхечу гуьржийн политикаша сатуьйсу хьал гулдарехь тоьлла волчу бизнесхочух тоьлла мехкан куьйгалхо а хиларе.

Касрелишвили: «Тхо шеконаш йолуш дац. Хенан йохалла гур ду. Халкъо Кавказехь машар хуьлуьйту харжам бина. Халкъо Европана герга доьду сацам бина. Иштта къастам а бина халкъо маршонехьа а, шен пачхьалкх йозуш ца хилийтарехьа а. Суна хетарехь, герггарчу кхаа баттахь дерриг а хир ду кхеташ а , гуш а».

Касрелишвили Заална хетарехь, муха хир бу гуьржаша къилбаседа-кавказхошца гергарло чΙагΙдарехь бен некъ, тахана билгалдоккхуш дийца дацахь а, хууш ду цхьаъ – халкъан лаам бу ерриг а Кавказ цхьаалле кхачор, лулахошца зΙенаш чΙагΙъяр, и Ιалашо йохон ницкъ кхочур бац цхьана а куьйгалхочун.

Касрелишвили: «Сан шеко а йоцуш ала ду, Къилбаседа Кавказан къаьмнашца, эрмалойн, азербайджанхойн къаьмнашца йолу юкъаметтиг керла Ιедал дΙахΙоьттича хийцалур яц. Мелхо а, дикачу агΙор хийцалур ю. ХΙунда аьлча, долу гергарлонаш дузур ду юхьароьцур йолчу экономикан керлачу проекташа.

Ала ду, жоьпалла тΙе а оьцуш, Кавказан политикан хиндерг, аьлча а, Ιаьржа хΙордаца а, Таркхойн хΙордаца а лаьттачу мехкашца массо тайпа зΙенаш лелор, эвсардер ду. Ιалашо хир ю – машар а, стабилалла а регионехь чΙагΙъяр. Саакашвили дΙаьваьллачул тΙаьхьа оха магор дац Ιедална халкъана товш боцу, халкъо къобалбеш боцу сацамаш тΙеэца».

Гуьржийчоь хΙинцалц, президентан карахь боккха ницкъ а болуш, цуьнан омранаша политикан, экономикан, социалан дахаран башхаллаш билгал а йохуш яьхнехь, кхин массех бутт баьлча хир ю шех дуьнено парламентан республика олуш.

Доллучух а жоп луш хир вац цхьа стаг, цхьа президент, кхеташоно санна, парламенто а, премьер-министран гоно а къастош хир бу мехала, жоьпалле сацамаш. Хила тарло кавказхойн амална и тайпа пачхьалкхаллин кеп йогΙуш хила а. Касрелишвили Заала ма-аллара, хено гойтур ду мехалниг, тоьлуш дерг.

XS
SM
MD
LG