ТIекхочийла долу линкаш

Идигов Iумар: Саакашвилин агIоно тешнабехкаца байина нохчийн кIентий


Гуьржийчоь -- Лапанкури-эвлан йистехь охьахевшина ду нохчашна дуьхьал операцехь дакъалоцуш долу беркеманаш. 29Марс2012

Гуьржийчоь -- Лапанкури-эвлан йистехь охьахевшина ду нохчашна дуьхьал операцехь дакъалоцуш долу беркеманаш. 29Марс2012

Гуьржичоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а, тIеман министралло а Лапанкури-эвлан йистехь дIаяьхьна леррина операци спектакл яра, гуьржийн Iедалша хIоттийна йолу.

Цуьнан Iалашо яра президентана Саакашвили Михаилана пиар яр аьлла дIахьедар дина кху деношкахь цу махкахь вехачу нохчийн юкъараллан жигархочо Кавказерчу къаьмнийн интеграцин фондан куьйгалхочо Идигов Iумара.

Цо дийцарехь, нохчийн къомах болу кегийрахой, Iеха а бина, леррина байина гуьржийн Iедалша, тIебогIуш парламентан харжамаш а болуш, шаьш террористашна тIехь толам баьккхина аьлла дIахьедар Iалашонца.

Идигов Iумара а, байинчу нохчийн ПIаьнгаз-чIожехь бехачу гергарчара а дийцарехь, Гуьржийчохь харжамаш хилале уьш болчехь латтош дара леррина эскарш. Цара дийцарехь, Тбилисерчу аэропортехь Малхбалерчу Европера схьаоьхуш болчу нохчашна дуьхьал оьхуш бара Гуьржийчоьнан тIеман министраллан белхахой. Цу нахана хетарехь, леррина операци йина аьлла, спектакл хIоттор оьшуш дара Iедалшна эшахь махкахь луьра хьал кхайкхо.

Идигов Iумара дийцарехь, Европерчу пачхьалкхашкахь бехаш болу нохчий зIене бевлла хилла цуьнца, гуьржийн Iедалша герз а ло, Нохчийчу баха гIо а до аьлла хезна.

Идигов Iумар: «Харжамаш хилале хьалха соьга Австрера телефон тоьхнера ... цIеран цIераш яха ца лаьа суна... хьалха бевллачу нохчех цхьаммо, гуьржийн Iедалша Нохчийчу коридор ло бах, хьуна хIун хета цунах аьлла. Аса элира диц ма де гуьржийн парламенте цхьа ши бутт баьлча харжамаш хила безаш хилар, аьлла.

Кхин цхьа хIума а дицмаде, элира аса. 2002-чу шарахь хьалха гуьржийн хиллачу президенто Гелаевга, Абхазе ца водахь, и мохк схьабоккхуш гIо ца дахь шаьш хIаллак хир долуш ду аьлла, Абхазе вигира Хьамзат. Цигахь вайн II-I2 кIант вийра. Иза политикан пиар яра. Иза санна пиар ю хIара а элира аса, сайга телефон тоьхначуьнга».

Амма Идиговс варе беш хилла цхьаболу кегийрахой Iехо аьтто баьлла гуьржийн ницкъаллийн структурийн векалийн.

Идигов Iумар: «Оцу шина дийнахь цара 12 «Апачи» беркема а гIаттийна, шаьш коридор ло аьлла, чу а бахийтина и 20-х кIант вийра. Царах дукхах берш кхузара меттигера нохчий бу. Чу а бахийтина, тешна бехк а бина, гул а бина, герз охьадилла аьлла, 2 эзар эскархо дуьхьал а ваьккхина, го а бина, цара уьш хIаллак бина».

Саакашвили Михаила шайн ницкъаллийн структураша леррина операци дIаяьхьначу Кахети-кIошта а вахана, Дагестанера чубогIуш болу нохчийн тIемалой байина шаьш аьлла, хаам а бина, дIахьедар дира, уьш, церан сий а деш, дIабухкур бу аьлла. Баккъалла а цара дийнарг а дуьйцу Идигов Iумара.

Идигов Iумар: «Вала да а воцуш бисина нах дIабухкучу меттигехь, 9 метр деха ор а даьккхина, телатана юкъа а хьарчийна, дIабоьхкина».

Тахана цу хиламехь лазийна талламан изолятор чохь латтош ву, нохчийн тIемало хилла аьлла, лаьцна волу Чатаев Ахьмад. И стаг юкъарло лело вахханчохь, герз а тоьхна, лазийна ву бохуш, дуьйцу Идигов Iумара.

Идигов Iумар: «Чатаев Ахьмад а, цуьнан накъостий а барт бан бахана бара. И нах тахана бехке бан безаш бац. Барт беш юкъарло лелош церан барт ца хилла. Цара, министро Ачалаяс а, аьлла кхаьрга, герз охьадилла аьлла. Вайчара аьлла, шаьш Панкисе чу а даьхкина, цигахь охьадуьллур ду иза аьлла.

Гуьржийн министре телеофон тоха гу тIе бевлла (гуьржийн эскархой) Чатаев лахахь висина. Цигара цара снайпер а тоьхна Чатаев лазийна. Чатаев цхьанха а дIасавала аьтто болуш ца хилла, лазийна волун дела. Цуьнца хилла болу цуьнан накъостий, тIеман говзалла хилар бахьана долуш, къелхьара бевлла».

Кху деношкахь Гуьржийчоьнан прокуратуро дIахьедар дина Лопота-чIажехь йолчу Лапанкури-эвлан йистехь хилларг талла сацам бина шаьш аьлла.
Гуьржийн журналисташ бинчу талламца, и питана кечдинарг хилла ши ваша Ахалая Давид а, Бачо а.

Хьалхарниг тIеман министран когаметта хилла ву. Иза махкара ведда парламентан харжамийн жамIаш дIакхайкхийначул тIаьхьа. ШолгIаниг – Ахалая Бачо – тIеман министр а, чохьарчу гIуллакхийн министр а, таIазарш кхочушдон системан куьйгалхо а хилла ву. Иза лаьцна латош ву набахтехь.

Лапанкури-эвлан йистехь хилларг талла а толлур ду шаьш, бехкенаш жоьпе а озор бу аьлла, дош делла шайна Гуьржийчоьнан премьер-министро Иванишвили Бидзинас бохуш, вара Идигов Iумар. Цо дийцарехь, тIамах бевдда Гуьржийчу баьхкинчу нохчашна гIо дан дагахь а ду цу махкара керла Iедалш.

Идигов Iумар: «Тхан къамел хилла Иванишвилица а, цуьнан гонахарчу нахаца а. Нагахь тхо шуна новкъа далахь, тхо дIагIур ду аьлла оха. Сан царна ала хIумма дац, вукхарах со кхоьруш а вац, я цхьа а нохчий а вац царах коьруш.

Уьш бу вайх кхоьруш берш, хIунда аьлча, вайн 12 кIант вийна цара. Ахалая Бачо шайна а цавеза царна. Цо, исторехь цхьаммо а ца йина йолу, къизалла лелийна шайн нахана тIехь».
XS
SM
MD
LG