ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гериевн латкъам луьстуш ю Нохчийчура Лаккхара кхел


Chechnya -- Chechen reporter Geriev Jalavdi
Chechnya -- Chechen reporter Geriev Jalavdi

ШолгIа де чекхдели, журналистан Гериев Джалавдин тоьхначу ханна реза ца хиллачу цуьнан агIоно, аппеляци а йина, Нохчийчура Лаккхарчу кхелехь, журналистан гIуллакх юха а листа долийна.

Хьалхарчу дийнахь, иза довзаран хьокъехь дIадаьхьара, ша кхелан кIелахь волу «Кавказский узел» сайтан журналист дакъа а ца лоцуш. Иза мичахь ву аьлла хаьттича, кхелхочо Горбовцов Дмитрийс, хаам бинера, иза ца валора ларамаза нисделла хIума ду аьлла.


Кхаарийндийнахь, сарахь чекхъелира кхелан рогIера кхеташо. Цигахь шаьш дийцинарг Маршо радионна довзийтира Гериев Джалавдин адвоката Мусаев Iалавдис.


Мусаев: «Процессехь, талламаш чекха а баьхна, дийцарш дира шинна а агIоно. Адвокаташ 4-5 сахьтехь дIадийцира, Гериевна тIехь латтийначу харцонех а, къизаллах а. ТIаккха, тIекхойкхучу прокуроре оха кхайкхам бира, цуьнгахь наркотиг хилла, иза узуш хилла аьлла, цхьа тоьшалла цо даладахь, оха иза тIеоьцу аьлла. Прокурора, шен хан еза элира цунна кечам бан».


Гериев Джалавдин тIехь аппеляцин кхел дIаяхьа къастинчу кхелхочо Горбовцов Дмитрийс хила ма деззара и гIуллакх луьстург хиларна шеко кхуллуш хIума дацара адвокатийн. Масех де хьалха, царах цхьаьнга, муьлша бу ца хуучу наха, имейл тIе кехат даийтина, оцу кхелхочо, ша белхан даржехь кхиъ лакхаваккхийтархьам журналистан тIехь бина сацам хийца а ца хуьйцуш буьтура бу аьлла. Цуьнах саготта хьевзина, адвоката Мусаев Iалавдис, иза хийца, кхиверг ваийта аьлла дIахьедар дина ша элира.


Мусаев: «Тахана Iуьйрана гучудаьлла иза. Адвокатан Ермолаевас бахарехь, кху беттан 14-чу дийнахь, цхьаммо кехат даийтина цуьнга, оцу процессан кхелхо Горбовцов Дмитрий хIоттора ву, иза, Лаккхарчу кхелан куьйгалхочун гIовсан дарже ваха лууш ву, нагахь санна Гериеван тIехь бина хьалхара сацам хийца а ца хуьйцуш битахь, аьлла. Оха юхатоьхна и кхелхо».


Адвокатийн аьтто бу, низамо ма боху, шайна оьшучу хенахь, хIинца а талламан изолятор чохь валочу Гериев Джалавдин тIекхача. Тахана хиъна царна, шай санна и аьтто кхечеран а буйла. Къаьстина, къайлахьчу сервисера белхахой а кхочуш хиллийла. Уьш, цунна тIе бахаран бахьанаш толлуш ду, шаьш аьлла кхин дIа а дийцира адвокатан Мусаев Iалавдис.


Мусаев: «Хьал-де цуьнан дика ду. Тахана процессехь хиъна тхуна, ФСБ-н ши белхахо цунна тIекхаьчна хиллийла. Кхеле цара дехар дина хилла, шайн цунна тIекхача бакъо лахьара аьлла. Таханий бен хиъна дац тхуна».


Гериев Джалавди дIалаьцнера масех бутт хьалха Нохчийчохь. Гехь лелочу тIоьрмиган чохь боккхачу барамехь кIомал хилла аьлла бехке а вина, кхело 3 шо хан тоьхнера цунна.

Йохьанца, шена буьллу бехк тIеэцначу журналиста, кхелехь дIахьедар дира, къизалша йича, ша верна кхеравела, боцу бехк тIелаьцнера, аьлла. РогIера кхелан кхеташо хира ю тIедогIучу кIирнахь лахьан беттан 22 дийнахь.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG