ТIекхочийла долу линкаш

Шина оьрсийн шпионах цхьаъ малхбузерниг


Германи -- Аншлаг Андреас (Юкъ) цIарца оьрсийн къайлахчу сервисашкахьа шпионалла лелийна волу немцо Штутгартерчу кхелехь ву, 15Деч2013

Германи -- Аншлаг Андреас (Юкъ) цIарца оьрсийн къайлахчу сервисашкахьа шпионалла лелийна волу немцо Штутгартерчу кхелехь ву, 15Деч2013

Масех кIира а ду Германехь оьрсийн шина айкханчана тIехь кхел дIахьош йолу. И шиъ даханчу шарахь гучудаьллера, оьрсийн къайлахчу сервисашна болх беш хиларна. ХIинца и шиъ Малхбузенна болх беш хиллачу цхьана оьрсийн къомахчу шпионах хийца гIерта немцойн Iедал.

Масех кIира а ду Германехь оьрсийн шина айкханчана тIехь кхел дIахьош йолу. И шиъ даханчу шарахь гучудаьллера, оьрсийн къайлахчу сервисашна болх беш хиларна. ХIинца и шиъ Малхбузенна болх беш хиллачу цхьана оьрсийн къомахчу шпионах хийца гIерта немцойн Iедал. Азимова Сийлахас шен материалехь дуьйцу, Советийн заманахь дуьйна пачхьалкхаша гучубийлина болу вовшийн къайлаха агенташ хийцаран Iадатах лаьцна.

Карарчу хенахь оьрсийн набахтехь Даймахкана ямарта хиларна бехке а вина, хан токхуш ву Михайлов Валерий, цхьана хенахь ФСБ къайлахчу сервисан полковник хилла волу. Иза гучуваьллера, Цхьанатоьхначу Штатийн ЦРУ леринчу сервисна болх беш хиларна. Ткъа цуо динчу айкхаллехь йоллучу Малхбузено пайдаоьцуш хиллера, Германи а юккъехь а йолуш. Москохарчу тIеман трибунало 18 шо хан а тоьхна цунна.

ХIинца коста даьржина, немцойн Iедалша шаьш лаьцна долу ши айкханча, мар-зудий АшлаггIар цу Михайловх хийца кийча ю, аьлла. И шиъ даханчу шарахь Оьрсийчоьнна НАТО тIеман альянсах а, Евробертах а долу къайлаха хаарш дIалуш гучу а даьлла, хIетахь дуьйна набахтехь ду, шайн хьокъехь дIайоьдучу кхелан сацаме ладоьгIуш. Нагахь санна уш бехке хилар кхело тIечIагIдахь, царна итт шаре кхаччалца набахтехь яккха хан тоха йиш ю.

И хIинца немцойн Iедалша дан леринарг санна долу шпионаш хийцар – иза пачхьалкенашна юккъехь кест-кеста нислуш хIума ду. Советан Iедал долуш хийла йолура айкханчашца йоьзна гIовгIа, и Iедал мел дIакъовладелла хиллехь а, шен къайленаш цуо юкъараллех мел чIогIа хьулйина лелийнехь а. Ишттачу хиламийн масалш дахкадо нохчийн политолога Шахбазов Лом-Iедалс, дукха а шерашкахь пачхьалкхийн юкъаметтигийн IиндагIене агIонаш толлуш волчу.

Шахбазов Лом-Iела: „И шпионийн леларш а, уьш вовшашца хийцарш а дуьне доладелчахьана а хиллачух тера ду. Ткъа вайна дагадогIуш Советан заманчохь уггаре а коьртах даьлла хиллларг, советийн яздархо Буковски Владимир Чилерчу коммунистийн баьччанах Корвалан Луисах хийцар дара. Советашна дуьхьал яздеш хилла, аьлла, аравоккхуш вара и Буковски.

Иштта цул а хьалха гIараделира, Абель Рудольф цIе йолуш хилла волу цхьа советийн шпион оьрсаша лаьцна хиллачу Iамеркахойн цхьана кемахахкархочунна дуьхьал хийцар. И хIумнаш Советийн Iедале къайла ца даккхалуш, гIар делира. Ткъа хIинца-м тешна а къайла ца доьду ишттадерг“.

Маршо радио: АншлаггIара хьалхарниш бац кху тIаьхьарчу шерашкахь Оьрсийчоьнна айкхалла лелорна Малхбузехь лийцина шпионаш. Цхьанатоьхна Штаташ, Нидерландаш, Австри, Финлянди, Белги- шуьйра ю цара туш тоьхначу меттигийн цIераш. Къаьстина Путин Владимир а, цуьнан къайлахчу сервисашкара доттагIий а Кремлан коьрте кхаьччахьана дуьйна дебна доллчу дуьнентIехь а шпионалла лелочу оьрсийн агентийн терахь.

Шеко йоцуш, шпионийн зIе хир ю Малхбузенан пачхьалкхийн а, Оьрсийчохь талламаш дIахьош а, къайлаха хаарш гулдеш а. Бакъду, аналисташа билгалдоккху, тIаьхьарчу иттех шарахь Китайн, Оьрсийчоьнан айкханчийн терахь Европехь, барам боцуш, лакхадаьлла хилар а, цхьа а Малхбузенан къайлах сервиса оьрсийн шпионийн терахьашна тIаьхьа ца кхуьуш хилар а.

Берлинерчу немцойн урхаллин уллерачу хьосташкара хууш ма-хиллара, Германин Iедал кийча ду Москохаца АншлаггIара Михайловх хийцар дийцаре дан. Амма и гIуллакх цкъачунна оьрсийн Iедалхоша къобалдина дац.
Шайн болх бина бевллачул тIаьхьа шайн агенташ Москохано, шина шайн меха ца лоруш, тесна буьтуш хилар тIаьхьарчу шерашкахь гуш дара, цара Нохчийчуьрчу шайн хьадалчашца лелийначу гIилкхехь.

Оьрсийн Iедалшна а, къайлахчу сервисашна а муьтIахь къахьегна болу цхьа могIа Оьрсийчоьнан турпалхой Москохан а, Дубайн а урамашкахь, герзаш диттина, байъина карийра.
Цундела, хетало, немцойн набахтехь бисахь, кхин хIума дацахь а, дийна биса дукхох аьттонаш хир бу АншлаггIеран, аьлла.
Азимова Сийлаха
XS
SM
MD
LG