ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла нацисташ таллар долийна Германехь


Германи - Визентал Симонан Центран куьйгалхчуо Зурофф Эфраим(Efraim Zuroff)1Зазr2012
Германи - Визентал Симонан Центран куьйгалхчуо Зурофф Эфраим(Efraim Zuroff)1Зазr2012

Визенталь Симонан цIе лелочу нацийн заманахьлера зуламхой лоьхучу Центро керла болам кхайкхийна Германехь, дийна бисина болу талорхой лаха а, царна тIехь кхел ян Iалашонца. Немцойн яккхийчу гIаланийн урамашкахь плакаташ леторца, цуо кхойкху юкъаралле, и нах лохуш гIо дахьара, бохуш.

„ТIаьхьа диснехь а, дукха тIаьхьа ца дисна“ - иштта гочдан мегар ду нохчийн матте, Визенталь Симонан цIарах йолчу наци зуламхошна тIехь толлуш йолчу Центран керлачу боламан цIе. Мацах, кхозлагIа Рейх хиллачу заманчохь нахана тIехь къиза талорш дина болчу фашистех дийна бисина берш лахар а, карор а, царна тIехь кхел яр ю цу кампанин Iалашо.

Цу балха тIехь гIо динчу бахархошна къаьънаш дала а реза ю Визеталан Центр. - хIора зуламхо карош гIо дарна 25 эзар евро лур долуш ду.

Цу юкъараллин куьйгалхочуо Зурофф Эфраима дийцарехь, хIинца а дийна висина гергарчу хьесапехь 60 стаг ву, дела денна аьлча санна еххачу хенахь дуккхаъ адамаш дайъарехь дакъалаьцначех дийна. Уьш берриш а карарчу хенахь дукъа къена къанойх хиларо уьш шаьш лелийначунна жопаллех кIелхьарабохуш бац, аьлла хеташ ву иза.

Коьртачу декъехь и нах Освенцим концентрацин лагерехь хехой белхаш бина бу. Иштта бу царна юккъехь „Iожаллин батальон“ цIе а йолуш, шайн къизаллийца цIарна цIе яхна хиллачу СС тобанийн декъашхой а, маьрша нах байъаршца, уггаре а хьалха цигонаший, коммунисташий, партизанаший фашийташа дIалаьцначу кIоштащкахь байъарца гIарабевлла хилла болу.

2000 эзар сов плакаташ цу керлачу кампанин цIарах хIинцале а дIасадиттина немцойн гIаланийн урамашкахь. Берлинехь а, Гамбургехь а, Кельнехь а, Мюнхенехь а цхьа могIа кхечу яккхийчу шахьаршкахь бахархойн аьтто бу, шайн лу-кулахь я бевзачарна юккъехь цу заманахьлера тIеман зуламхой белахь, уьш болу меттиг я Iедале, я Центран белхахошка йийца.

И тайпа болам юккъебаккха ойла ши шо хьалха Мюнхенехь кхело 5 шо хан набахтехь яккха а тоьхна, 90 шо долу Демьянюк Иван набахте хьажийчса кхоолаелира бохуш дуьйцу Визенталан Центран куьйгалхчуо Зурофф Эфраима. Демьянюк бехке лерира хIетахь кхело Собибор олучу концлагерехь дуккхаъ адамашна тоьпаш тохарехь декъахиларна.

И стаг, иттанаш шерашкахь лечкъина Цхьанатоьхначу Штаташкахь вехаш хилла волу, лерина Германин Iедалийн дехарца Iамеркахойн юстицино схьавеллера немцойн кхеле.

Демьянюк ша билгал цу тоьпаш тохарехь декъахилла аьлла шеконаш йоцу тоьшаллаш ца хиллехь а, амма кхело тоъалла бехк лерина, иза цу заманчохь Собиборан хехошна юккъехь хилла хилар а.

Ала догIу, Демьянюкана тIекхаччалца меттигерачу кхелаша бехказа буьтуш бара наци заманахьлера зуламхой бу бохучу шеконашца лийцинарш, нагахь санна талламхоша билгал и нах зуламашна декъа хилла аьлла документаш кхеле дехкина дацахь.

ХIинца шаьш дIайолийначу лахаман кампанино шортта жамIаш дохьур ду аьлла тешна бу Германера наци зуламхой беха меттигаш тIехь толлуш берш.
XS
SM
MD
LG