ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьно лоьхуш волу суьйли лаьцна Германехь


Оьрсийчоьно Интерполехула лоьхуш волу суьйли лаьцна Германехь.

Оьрсийчоьно Интерполехула лоьхуш волу суьйли лаьцна Германехь.

Дагестанехь стаг верна лохуш хилла волу „Цхьааллин Оьрсийчоь“ партин цIарах депутат волчу Умаханов Ахьмадпашин кIант Хьабиб лаьцна Германехь. Талламхоша иза лохуш вара кхо шо хьалха Дагестанерачу Хасавюртан кIоштин куьйгалхо вер бахьана долуш. Азимова Сийлахас дуьйцу кхин дIа.

30 шо долу Умаханов Хьабиб кху деношкахь Германехь лацаран бахьана иза дуьненаюкъарчу Интерполо лоьхуш хилар дара, кхо шо хьалха Москохахь динчу зуламна. ХIетахь, 2009-чу шеран гезгамашин баттахь, Москохарчу Новочеремушкински урамехь вийна карийнера Дагестанерачу Хасавюртан кIоштин куьйгалхо волу Алхаматов Алимсултан.

Цул тIаьхьа дукха хан ялале Москохарчу талламхоша къастийра, и зулам дарна бехке карарчу хенахь „Цхьаалин Оьрсийчоь“ партин цIарах Дагестанерачу Къоман Гуламан депутат волчу Умаханов Ахмадпашин кIант Хьабиб Умаханов хилар.

Хьахон догIу, и кIант депутатан воI хилла ца Iаш, иштта Хасавюрт гIалин да волчу СайгIидпаша Умахановн вешин кIанта хилар. Меттигерачу Iедалехь дикчу гIенташкахь болчу нехан кIантаца и зулам деш декъа иштта Кадиев Микаилий, Саипов Гиланий, кхин а масех жима стаг а хиллера.

ХIеттахьехь Iедалхойн лаца каделира зуламхойх цхьаъ. Ткъа дукха хан йоцуш Iедалхойн каравахнера иштта Саипов Гилани а. Кхин цхьаъ а зуламан декъашхо даханчу шарахь, Iедало ша лаца гIоьртича, дуьхьало а йина, вийнера.

ХIинца Германехь къайлавала гIоьртина волу Умаханов Хьабиб лаьцна, набахти чу воьллина немцойн Iедалхоша. Цхьаццаболчу хаамашца, иза немцойн махка Iарбойн Эмираташкара схьавеъна хилла, кхузахь политикан тховкIлео еха дагахь. Амма немцойн -кавказхойн доттагIаллин юкъараллин куьйгалхо волчу Маас Эккехарда дийцарехь, билгал хууш дац, иза стенгара веъна а, и карарчу хенахь мичахь ву а бохург.

Маас Эккехарда дийцарехь, Умаханов Хьабиб карарчу хенахь мичахь велахь а, иза миччара Германе веанехь а, цуьнан гIуллакх кхин болчу и санначу хьелашкахь нисбеллачу кхечу махкара орамаш долчу нехан санна толлур ду немцойн юстицино.

Маас Эккехард: „Нагахь санна цхьаннан кехаташ Iедало толлучу хенахь, -дозанехь хуьлда иза, я ларамаза урамехь воьдуш-вогIуш,- Интерполо иза лохуш хилар гучудалахь, иза эццехь лаца везаш ву. Ткъа шозлагIчу декъехь немцойн Iедало талла дезаш ду, и стаг дIавоьхуш йолчу пачхьалкхо иза лехар а, бехкевар а бакъонна тIехь ду я дац.

Цу хьаштана цу пачхьалкхено йозанца немцойн маттахь кхузарчу Iедале кехаташ схьатасса деза, шаьш и стаг лехаран бух балош. Цул тIаьхьа немцойн кхело толлур ду, и цара балийна бух низамца богIуш бу я бац бохург.

Цул тIаьхьа, нагахь санна цу кхело магадахь, тIаккха и бехке веш волу стаг дIа ло Оьрсийчу, хIунда аьлча, Германиний, Оьрсийчоьнний юккъехь бина барт бу, вовшаша лоьхуш болу зуламхой дIасабала“

Адамийн бакъонашларъярхочуо дийцарехь, нагахь санна тIом барца доьзна доцу зуламе гIуллакхаш бахьана долуш цхьаъ лохуш велахь, иза Оьрсийчу дIалур ву бохург хила там болуш хIума ду. Цхьа некъ бен бац иза тIаккха меттигерачу Iедалхоша дIа ца вала- тоьллачух адвокат а лаьцна, кхелехула, нагахь и стаг Оьрсийчуьрчу Iедале дIалахь, цигахь цунна къиза тIазарш дийр ду бохург тIечIагIдар.

Эккехард Маас: „Нагахь санна кхелехула тIечIагдан кадалахь, цу стагана Оьрсийчохь нийсонан кхел йийр яц, цунна таIзарш дийр ду я адамийн сий дожочу кепара цунна гIело йийр ю, аьлла, тIаккха кхело сацамбан йиш ю, хIан-хIа, ишттачу хьелашкахь иза дIавала йиш яц вайн, аьлла. И хIума къасталлца дикка хан яла а йиш ю“

Бакъду, Оьрсийчохь уггаре а нуьцкъалчу партин цIарах Iедалан даржашкахь болчу нехан гергарчу стагна Умаханов Хьабибна оьрсийн набахтехь таIзар дийр ду бохучух немцойн кхел тешон халуо хир ду аьлла хеташ ву адамийн бакъоналаръярхо.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG