ТIекхочийла долу линкаш

Ислам хьоьхур ду Германерчу школашкахь


Исламах лаьцна берийн книжка.

Исламах лаьцна берийн книжка.

Германин цхьаццадолчу лаьттанашкахь хьалха а дара бусулба дин ишколашкахь хьоьхуш. Ткъа кху шарахь дуьйна и хIума болчу махкахь а даржийна Iедалан сацамца. Дин хьеха говзанчаш оьшуш хиларна, масех немцойн университетехь Iамош бу ислам-хьехархой. И болх Iамочарна юккхехь Нохчийчура мухIажарш а бу.

Кху деношкахь немцойн Оснабрюк гIаларчу университетехь даздаршца схьайиллира бусулба теологин факультут. ТIейогIучу Iаьнан семестрехь цигахь Iамор болш бу ишколашкахь ислам дин хьеха бакъо йолу говзанчаш. Карарчу хенахь деша дIабазбеллачу студентийн терахь 47 стаге кхаьчча, амма дешар дIадоладалле и нах кхин а алсамох хир бу бохучунах шеко яц университетан куьйгаллин.

Къоначу дин хьехаран говзанчаша университетехь Iамор ю бусулба динан истори а, цуьнан арканаш а, КъурIан тафсир а, Iарбойн мотт а. Юха цул тIаьхьа, шаьш дешна девллча, цара и хаарш немцойн ишколашкахь берашца доькъур ду.
Оснабрюкераниг дуьххьарлераниг яц бусулба динан теологин факультет юккъеяьккхинчех немцойн университет.

Цу махкахь хIинцале а иттехчу лакхарчу дешаран кхерчахь Iамош бу бусулба динан хьехархой. Тюбингенехь а, Франкфуртехь а, Гисенехь а, ткъа иштта Нюрнбергехь а, Эрлангенехь а масех шо ду и тайпа факультеташ схьайиллина.

Ткъа уьш эшар Германехь хIора шарца алсам долуш ду.
Къаьстина дахану шарахь Iедалша бинчу сацамца, немцойн хIора а ишколехь бусулба берашна я бусулба дин Iамон луучу берашна дин хьехар тIедожош долу низам тIеэцначул тIаьхьа гучуделира, Германехь дин а девзаш, педагогийн корматалла а йолуш болу нах вуно кIеззиг хилар.

И кхачамбацар дIадаккхархьама немцонй Iедало 20 миллион евро ахча хьажийра, Германин тайп-тайпанчу лаьттанашкахь бусулба хьехархой кхиорна а, бусулбачийн культуран кхерчаш кхолларна а.

ХIинца Оснабрюкехь схьайиллина йолу факультет а ю, цу ахчанах пайда а баьлла, кхоьллина.

Германехь бехачу нохчийн мухIажаршна юккъехь дуккха бу цу керлачу белхан а, дешаран а аьттонах пайда оьцуш берш а, эца дагахь берш а.

МайнтIерачу Франкфурт гIалахь ехаш йолу 30 шо долу Тамара цIера схьаеана 6 шо кхочуш ду. Цу юкъана цуо вуно дикчу тIегIанна тIехь немцойн мотт Iамийна. Даханчу шарахь меттигерачу университете бусулба динан Iилма Iамон деша тассаелла иза, Германехь мастер-дешар олучу, ткъа вайн цIахь магистратура олучу дешаран кепе.

ХIинцале а шайн гIаларчу ишколашкахь берашна дин хоьхуш а ю Тамара. Цуо иштта дийцира Маршо радионе шен балхах лаьцна.

Тамара: „ЦIахь хьехархойн институт яьккхина, ишколехь болх бина яра со. Ткъа кхузахь бусулба хьехархой Iамош факультут ю, аьлла, хезча, цига деша яхара со. Жима йолуш хьужаре ихна, Iарбойн маттахь еша а, яздан а хууш дара суна. Ткъа ас цхьа институт яьккхина хиларна, кхаа шарахь бен деша ца деза. Динан хьехархой тоьаш ца хиларна, шозлагIчу курсехь бен йоцшехь, балха дIа ийцира со. Ас хьоьхучарна юккъехь Iарбойн а, туркойн а, вайнехан а, немцойн а бераш ду".

Тамарас берашна хьоьхуш дерг, уггаре а хьалха, бусулба динан баххаш ду. Дешаран программа Германерачу бусулба нехан лакхарчу урхалло немцойн дешаран министраллийца цхьаьна вовшахтоьхна ю, амма ислам дин Iамор ишколашкахь керла Iилма хиларх терра, дукхаъ хIумнаш хьехархоша шаьш лаха а, кхион а дезаш хуьлу, Тамарас дийцарехь.

Тамара: „Оха шо доладелча дуьйна схьа ламаз а, закат а, мархаш а дийцаре дина. ХIинца Хьажи цIа вахар дуьйцуш ду тхо, Макка вахар а, Хьажа кхочуш дара а мел деза а Iамош. Дешар немцойн маттахь ду, и бераш тайп-тайпанчу къаьмнех хиларх терра, цара доьшуш ерг немцойн ишкол хиларх терра а“.

Тамара санна, керлачу белхан аьттонех пайда а оьцуш, цунах шайн коьрта корматалла ян Iалашо йолуш болу нохчий хIинцале а кIеззиг бац Германехь. Оццу Оснабрюкерчу университетехь кесталгIа дешар дIадолон дезаш ву ши нохчи кIант. Ткъа йоллучу Германехь дин хьехаран говзалла Iамош болу вайнеха студенташ иттанашкахь бу.
XS
SM
MD
LG