ТIекхочийла долу линкаш

ПаргIато, ша Европера и ца кхачахь, йоцуш ю


Германи -- Дуьненан массо а мехкашкара хан гойту сахьт, Берлин, 12Гез2012

Германи -- Дуьненан массо а мехкашкара хан гойту сахьт, Берлин, 12Гез2012

Къилбаседа Кавказера хьал де дийне мел долу кегалуш хиларна саготта ю Малхбузе. Оьрсийчоьнан къилба къошташкахь Iедаллий, тIемалоййий духь-дуьхьал латтарх кхета а, цу хьелашкахь адамийн бакъонаш ларъярехь къахьоьгучу жигархойн болх бовза а йолчу шен Iалашонца Берлинерчу Белль Генрихан цIарахчу фондо дIаяьхьира леррина конференци.


Стенца доьзна ду Къилбаседа Кавказерчу бахархойн Iедалшца йолу юкъаметтигаш сел чолхе хилар? Муха беха цигара маьрша нах? Адамийн бакъонашкахь къуйсучара муьлхачу хьелашкахь белхаш бо?

Цу хеттаршна жоьпаш лохуш яра немцойн уггаре а евзачех йолчу Белль Генрихан цIарахчу фондо Берлинехь вовшахтоьхна конференци. Цигахь дакъалаца кхайкхинера Нохчийчуьра а, Дагестанера а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а бакъонашларъярхой.

Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIаран Нальчикерчу декъан белхахо, адамийн бакъонашларъярхо Афов Iазрет-Iела а вара конференце кхайкхинчарна юкъахь. Цо иштта дийцира Маршо Радионе шайн хиламехь дийцарединчу хеттарех лаьцна.

Афов: „Оха дийцаре динчу хеттаршна юкъахь радикалан исламан проблемаш а, коррупци а, озабезамаш а бара. Дагестанерчу „Мемориалерчу“ сан коллегас цигахь адамийн бакъонашца долу хьал дийцира. Дукхахболучарна Къилбаседа Кавказан республикашкахь хьал цхьатерра ду моьтту, амма иза иштта дац.

Масала, Нохчийчохь Iедало бусулба нахана боккха тIеIаткъам беш белахь, Дагестанехь цу хьокъехь алсамо маршонаш ю, цигахь зударшка ницкъаша йовлакхаш ца леладойту. Я тхо долчохь а дац ишттаниг. Цу масалша гойту Къилбаседа Кавказ цхьа дийна организм йоцийла“

ГIебарта-Балкхаройчохь карарчу хенах хIун хьал ду, аьлла, динчу хаттарна дуьхьал Афовс иштта сурт хIоттийра.

Афов: „Республикера хьал дера гIоьртина ма ду. Тхуна мелла а керла ду и хьал. 2000-гIа шераш дуьйлалуш прессехь „Тартессна Аьзни“ олура ГIебарта-Балкхаройчоьнах. Массо а цецваьккхира цундела 2005-чу шарахь, бIе сов тIемало Нальчик яккха гIоьртича. ХIетахь дуьйна дIадоладелла ду и тIемалойн, Iедалхойн вовшашца тийсадаларш. Иза йоккха проблема а ю.

Ала догIу, и тийсадаларш Iедалний, тIемлошний юкъахь дуьсуш хилар, дукхахьолахь маьршачу нахах башха хьакхалуш а доцуш. Амма дицдан мегар дац, экстремизмца къийсам латтабо а бохуш, республикан чоьхьара проблемаш къастош хилар а. Масала, цхьаммо шен конкурент дIавоккху, ткъа и зулам, тIемалоша дина, олий, царна тIетотту“

Республикера хьал муьлхачу агIор доьрзур ду аьлла хета хьуна, шега хаьттича жоп луш, Нальчикерчу бакъонашларъяхочо дийцира, юкъараллехь долу гIоьртина хьал кхин дIа а кIарглур дуй техьа боху кхерам бу шеца, аьлла.

Афов: „Суна ца моьтту и хьал сиха а, лазам боцуш а дIадоьрзур ду, аьлла. 2005-чу шарахь хилларг санна, дакхий тIелетарш хир дац, аьлла хета суна, амма хIара хьал, соьга хаьттича, шена юккъе керла-керла нах ийзош, даьржаш ду. Суна хетарехь, Iедалша де дийне мел долу а нехан дахарна тIехь контрол алсам яккха мега, цара тIе хIун юху, масала, я уьш муха лела. И агIо схьаэцча, оха мелла а Нохчийчоьно дIахьош болу некъ юхьаралаца мега“.

Афов Iазрат-Iелина хетарехь, ГIебарта-Балкхаройнчуьра а, йоллучу Къилбаседа Кавказера а хьал тодан пачхьалкхан лаккхарчу Iедалийн лаам а, цара цу гIуллакхна шортта ницкъ а, ресурсаш а тIехьажор оьшу. Амма цкъачунна оцу кепара лаам церан леламашкахь гуш бац.
XS
SM
MD
LG