ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германи ийзало Оьрсийчоьнах


Германи -- Германин пачхьалкхан байракх, 02Заз2011
Германи -- Германин пачхьалкхан байракх, 02Заз2011

Путин Владимир Оьрсийчоьнан президентан дарже юхавеъчхьана Германин Iедал ца хIутту, цунна йоггIу критика ян, бохуш чIагIдо немцойн журналисташа. Ишттачех цхьа масал гучудаьлла царна Германин канцлер Меркель Ангела Оьрсийчу яха кечлучу юкъанна. Оцо гΙовгΙа а эккхийтина Германехь.



Цхьа бутт сов хан йисина Москох немцойн канцлер Меркель Ангелий, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимиррий лакхарчу тIегIантIехь вовшахкхета. Цхьана мIаьргона бундестаго и цхьанакхетар шен ирачу критикаца къахьдеш лаьттара. Амма шен хеннахь жигара хьаьвзинчу немцойн арахьарчу гIуллакхийн министралло и тайпа хьаштдоцург чекх ца далийтина. Кремлан политика емалъяр шаьш лерина хиллачул дуккха а кIедахчу хьесапехь хIотто сацийна тIаккха немцойн парламентхоша. Оцу хьокъехь резолюци тIебогIучу лахьан баттахь официалехь тIеэца езаш ю.

И дерриге а серлоне даьккхина Европерчу хаамийн гIирсаша. „Германи кхин ца яьхьа Кремлана критика ян“, „Меркель кхоьруш ю Путинах“, „Оьрсийчоьнна критика ян, Греци чехон санна, атта дац немцойн канцлерна“ - иштта яра цу хьокъехь немцойн а, Европерчу а зорбан хаамийн гIирсашкахь арайийлинчу артиклийн цIераш.

„Бундестагна вуно боккха кхерам го, бакъонийн дефицит бахьана долуш, арахьара инвестицеш кIеззиг бен ца хилар бахьана я ша Оьрсийчохь тоъал инновацеш ца хилар бахьана долуш, Оьрсийчоь модернизацин метта стагнацин муьре йирзина хилар. Прогрессан а, кхиаман а метта – регресс ю схьайиллина, вайнзаманахьлера пачхьалкхе цу махках ян йиш йолчу некъа тIехь“ - иштта дешнаш хилла цу резолюцин чулацамехь.

Цул совнаха, цу юкъахь яздина хилла, „политикан жигаралла гойтуш болу бахархой шайн партнераш лараран метта, уьш шайн мостагIий лору пачхьалкхан Iедалша“ боху дешнаш а, „Оьрсийчуьрчу Iедалан дайшний, могIарерчу бахархошний юкъахь йолу хераллий алсам яьлла“ боху дешнаш а.

Амма немцойн дипломатийн хьукмат юкъагIортар бахьана долуш, и критике хьаьркаш дIадаха дезна бундестаган декъашхойн, Оьрсийчоьнан Iедал дар ца дархьама.

Церан метта цу резолюци юкъа далийна керла дешнаш. Масала, „Оьрсийчоь централан а, ца хилча йиш йоцу а партнер ю Германин а, Европин а, иза мехала энергилатторхо ю. Глобалан проблемаш Оьрсийчоьнца цхьаьний бен нацкъара яхалур яц“ боху дешахIоттамаш.

Немцойн „Зюддойче Цайтунгехь“ цу хиламах лаьцна яздечу вевзаш волчу журналиста Бресслер Даниэла дийцарехь, и хилларг – хрестоматин масала лара мегар ду, Путинан Оьрсийчоьнехь долчу хьолана критика ярехь мел гена бовла баьхьа немцойн политикаш бохучун.

И резолюци язъеш декъахь хиллачу немцойн бундестаган депутата, немцойн арахьарчу гIуллакхийн министраллехь Оьрсийчоьнца дагадовларийн хьукматан декъашхочо Шоккенхофф Андреасас, Германин Iедал Кремлана критика ян кхоьруш ду бохург бакъ дац, элира. Цо дийцарехь, дипломатин некъаш гIолехьа ду, вовшийн юхь а йойъуш, барт ца хуьлучу агIор къамелаш дечул.

Шоккенхофф: „Иза кхеравалар я юхавалар дац, политикехь дипломатийн Iадатехь къамел дан гIертар ду. Коьртаниг- кху муьрехь арахьара хьехарш дезаш а, тIеэца лууш а яц Оьрсийчоь. Оьрсийн юкъаралла а, къам ша а ду хIинца жим-жима самадолуш. Цундела вай гайта деза, ваьш цаьрца зIенехь дуйла а, жигаралла гойтучу юкъараллин векалшна белшаш гIортор йолуш дуйла а. Царна гIо дан а деза, Оьрсийчохь нахана хаийта, уьш цхьалха боцийла а, церан шайн бакъонашкахь болу къийсам кхечарна гуш буйла а“

Бундестаган резолюци хьехамбаран амат долуш ю. Цу тIехь немцойн парламенто меттигерчу урхалле официалехь яздо, дуьнентIерачу актуалан хьелашка шайн хьежамех лаьцна, дуьненаюкъарчу политикех болу немцойн урхаллин, парламентан хьежамаш цхьанабогIуш хилийтархьама.

Хаамийн гIирсашкахь кхардаме гIовгIа яьлча, немцойн арахьарчу министраллин векало дIахьедар дина, Москохарчу лакхарчу Iедалшца йолчу диалогехь Берлин, критика ца еш, тебба Iен Iалашо йолуш яц, аьлла. "И диалог оха даима а, бакъболчу партнерашна юккъехь санна, эвхьаза а, къайленаш йоцуш а дIахьош ю, критикалле хеттарш а ца хьахош ца дуьту“, - боху кийтарло йира дипломатийн хьукматхоша.
XS
SM
MD
LG