ТIекхочийла долу линкаш

Бусулбанаш, жуьгтий, керстанаш - цхьана Делан цIа чохь


Адамийн вежараллин васт

Адамийн вежараллин васт

Цхьаццаболчу ницкъаша, бусулба дин емал деш, керстанийн, бусулбанийн барт эгIон гIертачу хенахь, Германехь кхочушъян йолийна тайп-тайпанчу динийн векалшна юкъахь барт чIагIбан лерина проект. Берлинехь массо а динийн наха цхьана тхов кIелахь ламазаш дан таро йолу хIусам ю еш.



"Ламазан а, динийн баххаш Iаморан а хIусам" - иштта ю Берлинерчу Петриплатц-майданахь ян леринчу кхерчан цIе. И кхерч бусулбанашкий, керстанашкий, жуьгташкий цхьана тхов кIелахь ламазаш дайта а, цаьрга шаьш лелочу динан баххаш луучарна хьехийта а йолчу Iалашонца кхуллуш ю.

Ламазийн чоьнаш хиларал совнаха, цу чохь йоккха цхьа чоь хир ю, тайп-тайпана дин лелочу нехан вовшашца цхьаьнакхета а, шайна хьалха я шайна юккъехь лаьтташ йолу чолхеналлаш йийцаре ян а.

И проект дуьххьара йийцаре яьккхинарг Берлинехь веха Хоберг Григор, евангеликан килсан мозгIар ву.

Хоберг: "Оха тидам бинера, тIаьххьарчу хенахь лулахь, кхечанхьа а санна, бахархойн структура хийцаелла хиларна, кхузахь беха бусулбанаш, масала, алсам,бовлуш хилар хьалхачул. Иштта сан цхьа синхаам бара, Берлинехь бен-бенчу динашна юккъехь диалог яр а, уьш вовшашна тIеттIадалор а мелла а тесна дисича санна. Цундела цIеххьана дагадеара суна, кху меттехь кхечу динашца цхьаьна цхьа юкъара болх, юкъара хIума долон“.

Цу гIишлон башхалла ю, арахьара дIахьаьжча, цхьанна а кепара цунна тIехь гуш я бусулбанийн, я керстанийн, я жуьгтийн символика цахилар. Ткъа чоьхьа ваьлча гуш ду, и хIусам кхаа динан векалшка Iамал яйта лерина юйла. Цу чуьра бусулбанийн маьждиг къилбехьа дирзина ду, жуьгтийн синагога - Иерусалиман агIор, ткъа керста килс Берлин кхоллалучу хенахь цигахь дуьххьара гIишлош йоьттинчу агIор дирзина ду.

Берлинехь карарчу хенахь бусулбанаша Далла Iамал ян дина 70 жима а, доккха а маьждиг. Бакъду, немцойн коьртачу шахьарахь ян леринарг санна йолу кхаа динан векалша чохь Iамал ян йиш йолу хIусам, Германехь хьовха, Европехь а дуьххьарниг ю. Бусулба дино и тайпа массо а динийн векалш цхьана гIишлонна чохь Далла Iамал ярх лаьцна хIун боху, аьлла, хаттар делира оха Венерчу нохчийн маьждиган имаме Абубакаре. Цо иштта дийцира Маршо Радиога.

Абубакар: "Дала Адам Пайхамарна тIера дуьйна Мохьмад Пайхамарна тIе кхаччалц, Пайхамарш бахкйтина, Делан салам хуьйла царна массарна. И пайхамарш берраш а бусулба Пайхамарш бу. Цара схьадеанарг дерриге а Делан дин ду, Iиса Пайхамара деанарг а, Муса Пайхамара деанарг. Вайн Пайхамар шех Дала кхечарел а сов кхинхетамаш бина хилла ву. Царех цхьаъ бусулба стаго мичча метте дIа а хIоьттина, ламаз дан бакъо хилар ду.

Цу меттехь цара еш и хIусам елахь, бусулба стага чохь ламаз дан йиш йолуш ю. ТIаккха иза боккха Делан къинхетам бу-кх. ХIунда аьлча, уллехь ламаз дан метиг а йолуш, шен чохь динчух ламаз хир дац, аьлла Делан Элчано, Делан салам хуьйла цунна. Нагахь санна иза Iедало деш делахь а, динехь боцучу наха деш делахь а, бусулба стаг "элхьамдулиллахI", аьлла, Далла хастам а беш, цу чохь Далла Iибадат дан йиш йолуш ву".

Абубакара билгалдаьккхира, бусулба нахана Дала бертахь хилар а, шаьш бехачу меттигашкарчу нахаца барт лахар а тIедиллина хилар. Бусулба дин лелочу меттигашкахь, и дин даьржичхьана, цкъа а я килсаш а, жуьгтийн Iамал йо кхерчаш а бохийна я бихкина бац, элира цо.

Абубакар: " Я жуьгтийн а, я керстаний динехь верг а, шайн дин лелош верг, цхьанна а новкъа вац. Бусулба нахе Дала бертахь Iе боху. Кху Европехь вай Iаш хилча, вайна тIе диллина долу ламаз-мархий дан дезаш ду вай, кхузахь болчу нахаца тардала дезаш а ду вай.

Доьшуш волчо - доьшуш, рицкъа лохуш волчо - рицкъа лохуш, болх бечо- хьанал болх беш хила дезаш ду вай. Пайхамар, Делан салам хуьлда цунна, дIаваьллачул тIаьхьа, Хаттабан воI Iумар бусулбанийн эмир волчу заманахь, иза Палестинехь волуш, килсана чу а вахана, цу чохь ши ракаIат суннат ламаз дан лиъна цунна. Мегаш хилла иза дан. Амма тIаккха, иза ца деш, юхаваьлла иза, ша дича, "Iумара а дира", аьлла, бусулба нах цу чохь ламазаш дан гIуртур бу, ткъа цунах кхечарна новкъарло а, гатто а хила мега, аьлла".

Бусулбаний а, керистаний а, жуьгтийн а динан векалш вовшашца эгIорхьама цхьаццаболчу питанечу ницкъаша ямартлонаш а, дин сийсазден гIулчаш а йохучу заманахь Берлинехь еш йолу хIусам къаьсттина мехала ю, аьлла хета меттигерчу массо а динийн векалшна.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG