ТIекхочийла долу линкаш

МухIажирашна кIезиг гIо дарна реза яц Германин Конституцин кхел


Германи -- Френдлянд-гIалахь йолу мухIажираш тIеоьцу меттиг, 2009

Германи -- Френдлянд-гIалахь йолу мухIажираш тIеоьцу меттиг, 2009

Европехь уггаре а таро йолчу пачхьалкхех ю Германи. Амма цуьнца цхьаьна мухIажирашна уггаре а кIезиг гIо деш йолу меттиг ларалуш а ю иза. Немцойн Конституцин Кхело и гIуллакх емал а дина, тIедиллина Германин Iедалшна, мухIажирашна гIо дар алсам даккхар.


ДуьнентIехь Iер-вахаран хьелаш уггаре дика долу мохк ларалуш бу Германи. Бакъду, и даладалар массаьрга а ца кхочу. МухIажирашка, масала. Цунна тидам бина немцойн Конституцин Кхело. Цо динчу дIахьедарца, мухIажирашна немцойн Iедало луш долу социалан гIоьнан ахча болх боцуш биссинчу меттигерачу бахархошна лучул 40 процент кIезиг ду.

Карарчу хенахь тховкIело лоьхуш Германе баьхкинчу мухIажирашна баттахь луш дерг 245 евро ду. И терахь хийца ца луш схьадогIуш долу хIинца ткъа шо кхочуш лаьтта. Ткъа цу хенахь немцойн махкахь инфляци а хилла, цуьнца цхьаьна сурсатийн мехаш 30 процентана хьала а бевлла.

Немцойн Конституцин кхело мухIажирийн ахчанца долу хьал талла долоран бахьана дара Иракъерий, Нигеририй мухIажираша бина латкъамаш. И латкъамаш телличу кхелахоша сацам тIеэцна, мухIажирашна деш долу гIоьнан терахь сихонца алсамдаккха деза аьлла.

Конституцин кхелан куьйгаллехь волчу Киргхоф Фердинанда билгалдаьккхира, ши шо хьалха ша куьйгалла дечу кхело тIеэцна болу сацам мухIажирех а хьакхалуш хилар. ХIетахь, кхелан омрица, Германехь Iер-вахаран барам 364 евро баттахь хила беза аьлла, сацам бинера. Бакъду, меттигерчу Iедалша и сацам мухIажарехь хьакхалуш боцуш санна битина.

Ала догIу, мухIажарийн ахчанна гонахара къийсамаш хьакхалуш хилар Германехь бехачу 10 000 сов нохчийн мухIажарех. Оьрсийчохь шаьш оьцуш хиллачу болх боцучийн пособица дуьстича, Германехь деш долу гIо дукха тIех сов дацахь а, хIетте а, дуста йиш йоцуш, мехала хета вайнахана.

ХIунда аьлча, нагахь санна Оьрсийчохь официалан болхбоцучарна луш ворхI бIе ткъе итт сом делахь, еврога даьккхича 17 евро хуьлу иза, Германехь луш долу ши бIе ах бIе евро дуккха а алсам ду цулла а. Цул совнаха, берашна Германехь луш долу ахча 184 евро ду. Ткъа Оьрсийчохь берана луш долу ахча беламе бIе сом ду.

Цуьнца цхьаьна хьахо догIу Германехь кхачанан сурсаташ цIахь чулла а дорах хилар. Иза а цу махкахь бехачу вайнехан мухIажирашна дика хууш ду.

Делахь а, немцойн Конституцин rхело бинчу сацамца, мухIажарийн ахча лакхадоккхур долуш хилар нохчийн мухIажирашна хилла ца Iаш, хIора а дуьнентIера Германехь тховкIело лоьхуш веанчу бIе эзар сов стагана дика кхаъ хир бу.
XS
SM
MD
LG