ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин цхьа тIуьллиг-доттагI а карийна Кадыровна


Германи -- Шмайхель Франк, юкъархо, дакъалоцуш вара деношкахь Соьлж-ГIалахь дирзинчу "КадыровгIеран дешаршкахь".
Германи -- Шмайхель Франк, юкъархо, дакъалоцуш вара деношкахь Соьлж-ГIалахь дирзинчу "КадыровгIеран дешаршкахь".

Кест-кеста хеза Нохчийчохь вовшахтоьхначу даздаршкахь я конференцешкахь дакъалоцуш Малхбузера хьеший бара боху хаамаш Соьлж-ГIаларчу официалера. Иштта нисделира деношкахь цигахь дIадаьхьначу „Кадыровн дешаршкахь“ а. Цигахь дакъалоцуш вара Германера хьаша Шмайхель Франк а. Ткъа мила ву-те Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсаша немцойн урхаллин хьехамча санна вовзийтина и стаг, теллира Маршо Радионо.


„Ас Нохчийчохь даьккхинчу масех дийнахь суна дуьхьалхIоьттинарг цхьа кхин, керла Нохчийчоь ю - маьрша а, динамикаллин а. Ткъа и Нохчийчуьра ша-тайпа позитиван сурт доллучу дуьненна а довзийта дезаш ду. Ерриге а Нохчийчоь, шеко а йоцуш, партнераллина кийча а ю, инвестицешна йиллина а ю. Ткъа иза КадыровгIеран хьекъалечу политикан жамI ду“.

...ХIан-хIа, Абдурахманов Дукхваха вац и айдаран хьаьркашца кхелина къамел динарг. Цу дешнийн автор Германера Соьлжа-гIалахь дIадаьхьначу „КадыровгIеран дешаршкахь“ дакъалаца веана хилла хьаша Шмайхель Франк ву. Ткъа ша хIун стаг ву теша иза, и нохчийн парламентан куьйгалхочуьнца меттан говзаллехь къовсавала араваьлларг?!

"Шмайхель" боху дош немцойн маттера гочдича, „говза мотт хьакха хуург“ нисло. Цу Iалашонца-м дика ларалучух тера дара и Герр Шмайхель, амма цул совнаха кхин хIун корматалла Iамийна ву те иза, Соьлжа-гIала валлол?

"КадыровгIеран дешарех" лаьцна дуьйцучу Нохчийчуьрчу официалан хаамийн гIирсашкахь Шмайхель Франк Германин урхаллин хьехамча санна билгалваьккхина ву.

Бакъду, немцойн урхалле Маршо Радионо динчу хаттарна, и тайпа хьехамча шайна вевзаш вац, аьлла, жоп делира цигарчу пресс-центран векала. Ткъа цу тайпанчу жоьпо и стаг мила ву хаа лаар кхин а алсам даккхар бахьана долуш, дIабаьхьначу талламаша цхьамогIа интересе хаарш довзийтира генарчу Германера Нохчийчу кхаьчначу хьешах лаьцна.

Шмайхель Франк хьахош немцойн хаамийн гIирсаша гуттар а билгалдоккху, цу стеган цIе цуьнан дахаран программа хилла дIахIоьттина хилар. Вуьшта аьлча, говза мотт хьакха хаар – цуьнан корматалла а, иза кхобуш болу цуьнан болх а бу.

Масала, Шмайхельх лаьцна дуьйцучу цхьана артиклехь иштта вуьйцу вайн хьаша: „Шмайхель моттхьакхаран говзаллехь дипломан да ала мегар ду. Боьршачу нахаца ша къамел деш, цо царна шаьш элий ду моттуьйту, ткъа зударшца къамел деш, цо царна шаьш элийн мехкарий ду моттар ло. Иза воцуш меттиг бац. Амма цуьнца цхьана иза мила ву я цо хIун леладо хууш стаг а вац“, бохуш яздора немцойн журналиста Бернд Филипа цунах лаьцна.

Шмайхель билггал хIун болх беш ву хууш дацахь а, амма цо шен визитан карти тIехь яздина дарж вуно деза дека, иза Соьлжа-гIаларчу хаамийн гIирсашкахь немцойн урхаллин хьехамча ву бахар санна. „Инарла куьйгалхо. Бизнесан маша. Маркетинг а, Зорбанан Юкъаралла а“ - иштта ду цо ша шен дарж довзийтар.

Berlin-Beweger, Bernd Philipp: "Нагахь санна цо хьайга, "Фрау, хьайл жимчу йишел а жима хета-кх хьо", алахь, хаалахь - иза Шмайхель Френк вуйла"
Цо куьйгалла дина, бохуш, билгалъяьхначу фирманийн цIерашкахь яздина ду, цуьнан белхаш экономикан зорбанехь, хаамийн гIирсашца, маркетинган консалтингца, бизнес девелопментца, интернационалан урхалташца уьйраш тасарца, ва-а приватизацешца, иштта цхьамогIа кхечу агIонашца а боьзна бу бохург.

И деррига а талла атта дац, цундела цо дуьйцучух теша а тешна, тIеэца дезаш ду. Бакъду, цу даржийн, белхийн шорталлехь, хала а доцуш, талла йиш йолуш цхьаъ ду- хаамийн гIирсашкахь Шмайхель Франка бина болу белхаш. Царех уггаре а шена тIе тидам бохуьйтург, интернет-машано дийцарехь, цо „Берлинер Моргенпост“ газетехь йоццачу ханна болх бинчул тIаьхьа, иза "106" цIе йолчу радиохь жигара хилла хилар ду.

ХIетахь дIайолаелла лара мегар ду цуьнан йоккха карьера а. ХIунда аьлча, цу радиохь ша балхахь волуш, Соьлжа-гIалин хьешо Шмайхель Франка дуьххьара немцойн электронан хаамийн гIирсашкахь юкъаяьккхина цунна шортта ахча а, вовзар а делла йолу маьттазчу хабарийн программа. Тахана а Германехь цу тайпа осалчу программийн формат хьахочехь даима а йоккху и соьла долийначу Шмайхель Франкан цIе.

Амма Соьлжа-гIала "КадыровгIеран дешаршка" иза кхайкхинчарна и девзаш хилла хир дац. Царна цуьнан мотт говза хьакха хааран агIо бен йовза ца кхиийна хила мега. Ткъа шен и говзалла цо Нохчийчохь ма-хетта лепа а йира.

„Тахана вайна диалог оьшу. Нохчийн республикан аьттонаш Европана схьабиллина хила беза, - бохуш къамел дира цо Соьлжа-гIалахь. Коьртаниг - Нохчийчохь хиллачу колоссалан кхиамашна мукIарло дан деза массара а!“

„Наха вовшашца къамелаш ден хан тIекхаьчна. Ас со тахана-тховса дуьйна дIа нохчийн къоман доттагI лору “, - элира цо пафосе, шен "КадыровгIеран дешаршкахь" къамел дерзош. Марша баьттIачуьра катоха а, гарехь, шайн ка ма-доллу Нохчийчохь са яккха а Iалашонца, цигахь хаза къамелаш дан оьхучу хьешашна юккъехь кхин а цхьа доттагI ваьлла нохчийн къомана.

Германехь-м дика вевзаш вара и керла "доттагI", кхин башха дикачу агIор а ца вевзаш. Нохчийчохь ма-варра маца дIавевзар ву теша?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG