ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украининехь хуьлург бахьана долуш тIеман Iамораш долийна Оьрсийчоьно


​Украинин къилба-малхбалерчу регионехь хьал ирдалар бахьана долуш тIеман Iамораш долийна шаьш аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс. Цо дийцарехь, батальонийн тактикан тобанийн Iамораш дуьладелла Къилбан а, Малхбузен а тIеман гонашкахь.

Шойгус бинчу хаамца,цу Iаморашкахь дакъалоцуш ду тIеман кеманаш. Украина хьахош, Шойгу Сргейс элира «цигахь хIинцале а Iедалша куьг ластийна, шайн маьрша махкахошна дуьхьал герз даккха бакъо луш» аьлла. «Нагахь и тIеман машен саца ца яхь цо хьал дуккха а байина а, чевнаш йина а нах болчу доккхур ду» бохуш вара Оьрсийчоьнан тIеман министр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG