ТIекхочийла долу линкаш

Меркелан накъост шайн махка ца витина оьрсаша


Германи -- Веллман Карл-Георг (Karl-Georg Wellmann) (аьрр), хIинца Украинин президент волчу Порошенко Петроца, Берлин, 2014

Германи -- Веллман Карл-Георг (Karl-Georg Wellmann) (аьрр), хIинца Украинин президент волчу Порошенко Петроца, Берлин, 2014

Оьрсийчоьнан дозанан хьукмато юхаверзийна Меркел Ангелин хьехамча волу немцойн депутат, шайн махка вар деа шарана цунна дехка а доьхкуш.

Оршот дийнахь рогIера хорам баьлла Германин, Оьрсийчоьнан юкъаметтигашкахь, Москохарчу Шереметьево кеманийн портера, чу а воуьйтуш, немцойн уггаре а вевзачех политик, Бундестаган депутат Веллман Карл-Георг юхахьажорца. Меркел Ангелас куьйгалла дечу Кериста-Демократийн партин арахьарчу гIуллакхий коьрта эксперт а, шен, немцойн кацнлеран, хьехамча а волу иза оьрсийн дозанийн хьукматхоша персона нон-грата ву хьо аьлла, чу ца витинера кIирандийнахь.

Цул тIаьхьа оцу сохьта юхаван шена кема ца нисдаларна а, и шеца баьлла болу Iоттабаккхам хIинций-хIинций дIаберзаре ша сатессина хиларна а, кеманийн портерчу собардаран чоьнехь, гIента тIехь хиина буьйса а яьккхина, кхин гIуллакх ца хилла, оршот дийнахь Берлине юхавирзинера политик.

Ша иза шеца нисделлачух вуно цецваьлла ву. Хазнехсанна лакхарчу тIегIанерчу Оьрсийчоьнан политикаша а, бевзаш болчу юкъараллин жигархоша а кхайкхина вара ша Москоха, Украинин хьокъехь дагадовларш дIадахьа, бохуш дийцира Веллман Карл-Георга ша юхавирзинчул тIаьхьа немцойн Берлинер Курьер газете. „Со кхеташ вац церан и тайпа лелар стенца доьзна ду бохучух, со даима вара Оьрсийчоьнца барт баран агIонча“, - элира цуо.

Цхьаццадолчу хьостанаша чIагIдарехь, немцойн депутат Москоха кхайкхинчу политикашна юккъехь ву Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонехь дуьненаюкъарчу гIуллакхийн комитетан куьйгалхо волу Косачев Константин а, президент Путинан регионала интеграцин хеттамийн хьокъехь хьехамча волу Глазьев Сергей а.

Тамашийнарг ду, цу тIегIанерчу наха, Кремле а, Оьрсийчоьнан урхалле а массо а неIарш шайна схьайиллина болчу, Малхбузера лакхарчу даржера гIарваьлла волу политик шаьш хьошалгIа кхайкхича, цунна чуван некъ бехкийтар магор. Я царна хууш ца хиллачух тера ду, шена Веллманна санна, иза Оьрсийчу вар дихкинчу нехан Iаьржачу могIаршлахь вуйла.

Я цуьнга кхайкхинчул тIаьхьа чувиллина хила везаш ву иза цу персона нон-грата болчу негIан могIаршна, Кремлан Украинерчу леламашна ира критика еш волу немцойн политик цу кепара сийсазвархьама а, цунна хIуьттаре ярхьама.

Хила там бу иштта, Веллман Карл-Георг Оьсрийчу боьду некъ бихкинчарна юккъехь нисвалар – иза Кремлан векалша цуьнга шега хилла ца Iаш, массо а Малхбузерчу тергамхошка а, политикашка хьажийна цхьа сигнал хила, аьлла хеташ ву Малхбалерчу Европин институтан Iилман белхахо, политолог Чапханов Руслан.

Чапханов Руслан: „Цу хIуман цхьаъ бахьана а, цхьаъ бен йоцу а агIо а ю аьлла хеташ вац со. Суна хетарехь, цу тIегIанерчу политикаша кхечу пачхьалкхенан векал шаьш дIа а кхайкхина, цул тIаьхьа чу а ца воуьйтуш, цуьнга дозанан хьукматхоша цхьацца маьттаза кхамелаш а деш, иза араваккхар – иза цхьа сигнал ю аьлла хета суна Европерчу аналисташна а, партнершна а.

„Тхо барт бан лууш ду, амма тхан могIаршлахь кхинарш а бу, барт ца безаш, шога гIулчаш яха кийча берш а“ бохучу кепехь сигнал хета суна иза“.

2019-гIа шо кхаччалца шена Оьрсийчу вахар-вар дихкина волу Веллман Карл-Георг тIаьхьарчу шарчохь Украинин хьокъехь ша динчу цхьа могIа зевнечу дIахьедаршца гIарвелира немцойн а, дуьненаюкъарчу а хаамийн гIирсашкахь. Иза немцойн-украинхойн парламентхойн тобан куьйгалхо ву. Даханчу шарахь Украинехь харжамаш дIабоьлхучу хенахь Веллман Европехь кхерамазаллин а, цхьаьнаболхбаран а юкъараллин миссица цхьана цу харжамийн тергамхо вара.

ХьастагIа, Украинерчу Оьрсийчоьнехьарасепаратисташа герз тохар сацорах болу барт рогIера бохийча, ткъа иштта Оьрсийчоьнан даккхий герзаш а, эскархой а Донбассехь хиларан рогIера тоьшаллаш гучудевлча, Веллмана ша немцойн dpa агенталлина еллачу интервьюхь Оьрсийчоь „тIамца махбархо“ ю элира, Украинин Малхбузехь тIом а, гамо а сийсош йолу. Цуо иштта шен къамелашкахь кест-кеста билгаладоккхуш дара, Оьрсийчоьнна дуьхьал кхин а шогоха йолу санкцеш яха езаш хилар. Хетарехь, цуьнан и позици йолчух тера ду хIинца Веллманах яхнарг а.

Вевзаш волу немцойн политик, канцлер Меркел Ангелин хьехамча Веллман Карл-Георг, цхьа а бахьана а ца далош, бер санна дозанера юха а верзийна, цIахьажоро вуно йоккха IалагIож яьккхина Германерчу политикийн могIаршлахь. Немцойн арахьарчу гIуллакхийн министраллин политикан декъан куьйгалхо волчу Лукас ХIанс-Дитриха иза шена ма-хиънехь, протестан нота хьажийна Германерчу Оьрсийчоьнан векале Гринин Владимире.

„Немцойн урхаллина хетачуьнца, Оьрсийчоьно Веллман чу ца витар я кхета йиш йолуш а, я тIеэца йиш йолуш а хIума дац“, - иштта дахкадо цуьнан дешнаш Ройтерс агенталло. Иштта Москохарчу Германин векалто а официалан протест хьажийна Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралле хиллачун хьокъехь.

Цул совнаха, шинари дийнахь немцойн Бундестаган вице-спикер волчу Зингхаммер Йоханнеса дIахьедар дина, кху деношкахь Оьрсийчу ваха лерина вара ша, цигарчу лакхарчу политикашца а, дипломаташца а цхьаьнакхетарш дан, амма хIинца, Веллманца хIоттийна кеп бахьана долуш, ша цига гIур вац, аьлла. „Бундестаган куьйгалхочун гIовса со хиларх терра, къобал дан йиш яц сан, сайн коллега Москохарчу аэропортера, дуьйцуш бахьана а доцуш, юхаверзор“, - элира цуо.

Ала дашна, бахьанех дерг. Я Кремло а, я Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло а цкъачунна цхьанна а кепар хиллачун бух балийна бац. Цу хьокъехь шега хаттар динчу журналисташка Путин Владимиран пресс-секретар волчу Песков Дмитрийс дипломатийн хьукматехь хатта цунах дерг элира. Веккъа цхьаьна Пачхьалкхан Думин депутат волчу Слуцкий Леонида шен Твиттерехь шинари дийнахь боцца хаам битинера цунах лаьцна, Веллман чу ца витар – иза Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхначу санкцешна делла жоп ду, аьлла.

XS
SM
MD
LG