ТIекхочийла долу линкаш

150 сов масатоьпаш, 60 хьажош йолу тоьпаш а, 63 карабин а, 77 граната кхуссу герз а, иштта 160 ца кхоччуш эзар тIеман гIирс а. Иза ду, хIара шо доладелча дуьйна Къилбаседа Кавказехь полисхоша нахера схьадаьккхина. Иза гучудаьлларг бен дац, нехан карахь долчуьн кIеззиг дакъа бен дац иза, аьлла хета полисхошна.

Журналисташца шен хиллачу цхьанакхетарехь и терахьаш гIардаьхна Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Къилбаседа Кавказан коьрта урхаллин куьйгалхочо Бачурин Сергейс.

Полицин даржхочо билгалдоккху регионехь къайлах лелочу герзаца долу гIуллакх чIогIа кIоршаме лаьтташ ду, аьлла. Шадерриг кху шарахь нахера схьадаьккхинчу герзан барам 600 сов бу. Иза лелийна, доьхкина аьлла схьа а лаьцна чувоьллина ву 1050 стаг, аьлла хаам бина цо.

Къилбаседа Кавказехь уггаре а дукха герз къайлах духку меттигаш а билгалъяьхна инарла Бачурин Сергейс. Кхарачой-Чергзойн мохк а, Къилба ХIирийчоь а, ГIалгIайн мохк а бу боху цо оцу зуламашна тIехь жигаралла гойтуш.

КIира хьалха Несар-ГIалахь дIалаьцнера герз шаьш дан а деш духку тоба. Масийтта тапча а, масатоп а, гIовгIа йоцуш герз туху гIирс а, патармаш а дохка ларийна цу юккъера декъашхой.

ХIирийн махкахь а лаьцнера иштта герз духку тоба. Цаьргара схьадаьккхинарг алссам ду: 20 масатоп а, 200 сов тIеман гIирс а. Кхарачойн-Чергазойн махкахь а дIалаьцнера герз духкуш зуламан некъа тIехь лела нах. Царна юккъехь болх беш волу ши эскархо а хилла. ХIинца талламо къастош ду царна и герз мичара даьлла.

Къилбаседа-Кавказехь тийна ду, паргIато а ю, Оьрсийчуьра уггаре а дика курорташ тахана-кхана схьайоьллур ю, бохуш кхайкхочу хенахь, муха тида деза полицин инарлас иштта деш долу дIахьедарш?

Герзаца уьйр йолуш а, иза дезаш а кавказхой хилар-м дерриге а дуьненна хууш ду, амма кхузахь леррина гIовгIа ца еш болу гIирс тIе а хIоттош, леррина нах байъа кийча болуш санна сурт кхоллало, Бачурин Сергейс далочу терахьашна терго йича.

Кавказехь герз дукхадеза, цуьнан ларам а бо. ХIинца а нахехь иза дIадиллина ду аьлла хета Нохчийчуьра вахархочунна Абубакаров Асланна. Амма дац иза дукхачара зуламна аьлла, мелхо а, шайн а, шайн доьзалан кхерамазаллина латтадо наха, элира цо.

Абубакаров: «Хьалха заманахь наха лелош шаьлтанаш хилла. Нехан коча баха аьлла, лелош а ма ца хилла уьш. Шайна тIехь гIело ца ейта лелош хилла. Вайн Къилбехьара лулахо ву-Оьрсийчоь. ХIинца вай цуьнан бахархой а ду. Ма хуьллу нохчий герзаца эвхьаза хилахьара бохуш хIума лелийна цо. ТIаккха шена иштта гIело еш хилча, стаган герз деза а хета, цо цуьнах куралла а йо».

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь болх беш программа ю, нахера ахча а луш герз схьаэцар. Йоккха хIума ца лахь а, шена кхин тIаьхьало а йоцуш Iедална дохка бакъо ю къайлахь латтош долу герз. Кхечу мехкашкахь и программа болх беш ю, амма Нохчийчохь иза сацийна. Герз Iедалшна дIадала ца ларийнарг хIинца низамца догIучу таIзарна кIела воьду.

Нехан карахь долчу герзан бала, еккъа цхьана Кавказехь хилла а ца Iаш, иза ерриге а Оьрсийчохь ира лаьтташ ю, аьлла хета ша а цхьана хенахь Iедалан структурашкахь болх бинчу Исаев Мохьмадна. И бала мичара богIуш бу а, цунна Iуналла деш мила ву а дийцира цо Маршо радиога.

Исаев: «Советан Iедал доьхначу дуьйна и герз шен новкъа а даьлла, доьдуш ду. И герз, Iедалехь болчу наха духкуш ца хилча, иза цхьаннахь а лелар дацара. Таханлера Iедал, хила ма деззара Iедал а хила, дIахIоттахь, и герз дIадера ду.

ХIара дерриге дуьне ма ду, кху Iедалах къаьхкина доьдуш. Тахана, Кавказ олий, бехк ма буьллу кхара сихха. Кхузахь доьхкина ца Iаш, ерриге Оьрсийчоь мел ю духкуш ма ду иза. Кхин гена ваха а ца оьшу-Интернет чохь а ду иза духкуш».

Къайлахь герз дохкар, наркотикаш дIаяьхча, уггаре а сайолу хIума ду. Цундела, еккъа цхьана регионера иза дIадаккхарх гIуллакх хилахь тамаш бу, ерриге а пачхьалкхехь и болх ца бахь. ХIетталца и зулам дехар ду. Экономикан низамца, сурсат оьцурш мел бу, дохка кийча берш а хира бу.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG