ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

25 шо хьалха Советан Iедалша сацийра Маршо Радио лакъор


25 шо хьалха 1988-чу шарахь Советан Пачхьалкхан Коммунистийн партин Коьртачу комитето сацийра 30 шарахь лаьттина долу Маршо Радион программаш гIовгIанца лакъор.

Цу хенахь идеологин секретар хиллачу Медведев Вадима Маршо Радион эфирехь элира, Горбачев Михаила хьалхатеттина болу и сацам массо а пачхьалкхан куьйгалхой реза а болуш тIеийцира аьлла. Цо дийцарехь, радион тулгIенаш лакъо гIертар эвсара дацара, амма цу гIуллакхана дойуш дара дукха а ахча.

Маршо Радион тулгIенаш лакъор сацийча дуьххьарлера Советан Пачхаькхан махкахой хилира цуьнан шататехь боцу корреспонденташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG