ТIекхочийла долу линкаш

БIешеран хиламан да Горбачев Михаил


Оьрсийчоь -- Москох йовзийтина "Горбачев дахарехь" цIе йолу Зазадоккху-беттан 2-чу дийнахь 85 шо кхаьчначу Горбачев Михаилан дахарх лаьцна книга. Чилл29, 2016

Оьрсийчоь -- Москох йовзийтина "Горбачев дахарехь" цIе йолу Зазадоккху-беттан 2-чу дийнахь 85 шо кхаьчначу Горбачев Михаилан дахарх лаьцна книга. Чилл29, 2016

Зазадоккху-беттан 2-чу дийнахь 85 шо кхаьчна хьалхара а, тIаьххьара а Советан Пачхьалкхан президент хиллачу Горбачев Михаилан. Цуьнан политика бахьана долуш баккхийн хийцамаш хилира дуьнентIехь. Горбачев Михаил дуьхьал вара Нохчийчурча тIаманна.

Советан система йохийначу Горбачев Михаилан 85 шо кхаьчна. 1990-чу шерашкахь Iедалехь хиллачу наха емал вора иза реформаш дукха меллаша дIахьора цо бохуш бохуш. Карарчу хенахь Iедалехь болучара бехке во иза дукха кIеда [хиларна шегахь болчу ницкъах цо пайда цаийцира бохуш.

Делахь а тахана керла куьйгалхо хестош бохкучу оьрсаша Горбачев Михаила диначуьнан гIоле мах хадабо Ельцин Борисан хадочулла а. Горбачевс перестройка кхайкхош юьхьарлаьцна экономикан идейш тахана лоруш ю Оьрсийчохь, уьш цуьнан цIарца йоза цигахь цалаахь а.

Ткъа муха Iаткъам бира Горбачевс нохчийн кхолламана. Цунах лаьцна дуьйцу историн Iилманчо Абумуслимов Сайд-Хьасана.

Абумуслимов Сайд Хьасан:

Горбачев Михаила 1995-чу шарахь Маршо Радион оьрсийн сервисанна еллачу интервьюхь иштта дийцира Нохчийчохь боьдучу тIамах лаьцна.

Горбачев Михаил: "Кхузахь армин, салтийн бехк бац. Бехк бу политикийн а, эскарера стратегийн а. Цундела Пачхьалкхан Думо и кризис муха кхоллаелла а, иза муха дIайоьдуш ю а талла комисси кхоллар нийса яьккхина гIулч ю.

Эрна юхатуьйхира иза президенто, иза конституцица йоьгIуш яц аьлла. Низамо бохучуьнга ладоьгIча, конституцица йогIуш яц Нохчийчура тIеман акци".

Нохчашна дицлур дац шайна дина зуламаш бохуш вара Горбачев Михаил.

Горбачев Михаил: "Вайн салтий Соьлж-ГIалана тIекхочуш а, Соьлж-ГIалахь а кхечу тайпана тIом бан буьйлабелира, шайн накъостий байъа болийча. Уьш бекхам бан лууш бара: кхузахь къепе хIоттор ю, тIаккха йист йоккхур ю политикехь бохуш.

Иштта бу нохчий а. Иза хIинца дуккха а шерашкахь дуьсур ду доьзал бер а, да а, нана а, бераш а дайар, хIусамаш йохор а. ХIинца хала хир ду цу кризисах хьалхадовла. Тахана уггаре а нийса дерг дара тIемаш а совцийна, юхадевлла политикан дийцарш дIадахьар".

Тахана 85 шо кхаьчна Горбачевн. Оьрсийчохь пусура цадахь а, дерриг а дуьнентIехь вуно чIогIа лакхара мах хадош стаг ву иза.

Тахана зама хийцаелла. Амма Горбачевс шен керла политика йолош хилла махкара хьал дагадаийтича цхьа а шеко йоцуш ала догIу иза вуно къонах стаг хилар. Перестройка хьахошшехь, тIехула догIа а тоьхна, ша хIаллак ван мегаш воллушехь яьккхира цо дуккха а къаьмнаш маьрша доху и гIулч.

Ткъа Горбачевс юьхьарлаьцнарг харц новкъа дерзарна, цо еллачу маршонах вайна дезар дан цахаарна бехк цуьнан бац...

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG