Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан спикеро Володин Вячеслава керлачу низаман проект кечйина терроризм лелийна нах махкахбохуш. И кехат зорбане даьккхина парламентан лахарчу чоьнан сайт тIехь.
Цу проектаца а догIуш, Iедалша юхабоккхур бу Оьрсийчоьнан махкахо хила бакъо луш бина сацам.
Цу кепара дIайоккхур ю керла низам Конституцица морзахдолуш хиларан проблема.