ТIекхочийла долу линкаш

Нохчех доглозуш яздархо вара Грасс Гюнтер


Германи -- Грасс Гюнтер, 05Охан2012

Германи -- Грасс Гюнтер, 05Охан2012

Нохчийчуьра тIом а, дуьненчохь нуьцкъалчара гIийланиш охьатеIор а дера емал деш хилла волу немцойн гIарваьлла яздархо, Нобелан совгIатан лауреат Грасс Гюнтер кхелхина.

Дуьххьара Грасс Гюнтерца сан цхьаьнакхетар 2000-чу шарахь Москохахь дуьненаюкъарчу ПЕН-Центран конгрессехь хилира. Стигалкъекъа бутт бара иза. Нохчийчохь дIабоьдуш ирча а, къиза а тIом бара. Эзарнаш адамаш дайъинера, цIеран алу а бина багош мохк бара, ткъа кхин а эзарнашна Iожалла кечйинера оьрсийн эскархоша.

Цу муьрехь дуьненаюкъарчу яздархойн, журналистийн цхьаьнакхетаралла йолчу ПЕН Центро Москохахь шен рогIера дуьненаюкъара конгресс дIаяхьар а дара ша-шеха тамашийна. Аьлча а, цуьнга Оьрсийчоьнан Iедалхоша иза дIаяхьийтар.

ХIунда аьлча, адамийн бакъонаш ларйар, гIело ловчаьргахьа гIо даккхар, деша маршо ларар – и мехаллаш ПЕН Центро уггаре а лакхара лоручех ю, ткъа хIетахьлера Оьрсийн ПЕН-Клуб, шен куьйгаллехь Ткаченко Александр а волуш, Нохчийчуьра тIом емал барца а, Путин Владимирна критика ярца а евзаш яра.

Амма и конгресс хилира, ткъа цу конгрессехь Кремлан векалш кхийринарг а, уьш ца хилийта гIиртинарг а хилира. „Литературан конгрессехь политика йийца оьшуш дац, исбаьхьалла хила еза яздархой цхьаьнакхеттачех хьехош ерг“ бохучу къамелашца Нохчийчоь а, цигахь оьрсийн эскархоша а, Iедалша а лелош дерг хьаха ца дайта гIертачу Кремлана гергарчу яздархойн дIахьедарш тергал а ца деш, дош шега ма кхаьчни Грасс Гюнтера вуно майра а, шалхонаш а йоцуш, дIакхайкхира, Нохчийчохь оьрсийн Iедало беш берг къиза а, харц а тIом хилар а, цигахь массо а адамийн бакъо хьоьшуш а, сийсаз еш а хилар, дешан маршо Оьрсийчоьхь хьоьшуш хилар а. Йоккха IалагIож а иккхира цу чохь хIетахь Грасс Гюнтеран вистхилар бахьана долуш.

Амма шен дешнаш а, ша шена хеташ дерг а, ша лоруш дерг а ма-дарра дIаалар бахьана долуш IалагIож йолуш хилар а, шена хийла и бахьана долуш харц цIераш тоьхкуш хилар а, ша емал веш хилар а Грасс Гюнтерна керла дацара. Я иза, нахана хетачух кхеравелла, шен позици хьулйечарех а вацара. Цул тIаьхьа а хийлаза критике йира цуо шен интервьюшкахь а, вистхиларшкахь а Оьрсийчоьнан Нохчийчуьра а, Къилбаседа Кавказера а къизаллин политика.

И цуьнан амал билгалйоккху нохчийн яздархочуо Эльдиев Микаила а, Грасс Гюнтеран кхолларалла дика евзаш а, лоруш а волчу.

Эльдиев Микаил: „Грасс Гюнтер дуьненахь уггаре а веввзачех цхьаъ яздархо вара, немцойн къоман сий а, яхь а, эхь- бехк а хилла лаьттина къонах а вара. Нобел совгIат деллера аьлла а доцуш, вуно похIма долуш яздархо вара иза. Иштта Оьрсийчоьнан Iедална а, цу Iедална муьтIахь болчу яздархошна а дуьхьал, Нохчийчуьра тIом бахьана долуш, шен кирара аз ма-доллу, мохь тоьхна вистхила воьхьна стаг а вара иза. И санна волу стаг дIавалар боккха эшам бу.

Муьлха а яздархо кхалхар иза зе ду дуьненан литературин, ткъа Грасс Гюнтер санна волу яздархо дIакъастар – изза шозза а эшам бу. ХIунда аьлча, яздархо а, исбаьхьалхо а цхьана къоман я динан хуьлуш вац, иза дуьненан хуьлуш ву“.

2012-чу шарахь рогIера гIовгIа елира Грасс Гюнтерна гуонахьа. Бахьана – цуо Израил пачхьалкхан куьйгаллин леламаш емал беш а, дуьненан нуьцкъалчара шайн санехь долчу агIор шалхонийн политика лелош хилар а ирчу критике еш йолу шиъ байт зорбане яккхар дара.

Со хIунда Iа вистцахуьлуш,

ма деха лечкъадо ас гаррехь дерг...

И ю иза, и цара чIагIдарехь

хьалхох тIелата йолу бакъо,

цхьана весачу хабарчано охьа а таIийна,

шен лаамехь доцу гIажарийн халкъ

хIаллакдеш, дIахьакха йолу бакъо.

Амма со хIунда ца воьхьа теша и важа пачхьалкх,

цуьнан цIе а йоккхуш, дIакхайкхон,

цигахь дуккхаъ шерашкахь дуьйна,-

къайлахь делахь а, -амма

де дийне мел долу алсам йолуш йолу

зарратийн потенциал йолшехь,

цхьаммо а зуьйш а йоцуш,

цхьаммо а тергам беш а йоцуш,

хIунда аьлча цара цхьа зер тIе ца дуьтуш хиларна...

Иштта дара цу байтанех цхьаннан чулацамехь долу дешнаш. Кхеташ ма-хиллара, немцойн а, дуьненан а хаамийн гIирсашкахь оцу сохьта йоккха гIовгIа иккхира, ткъа Грасс Гюнтерна „антисемит“ боху мухIар туьйхира. „Цабезаман панфлет“, „Хьеравалар“, „Мотт хьекхаран театр“- и тайпа комментареш йира Германерачу юкъараллийн векалша а, немцойн цхьаццаболчу политикаш а и байташ араевлла месех сахьт а далале.

Амма кхин ойла ерш а бара Германехь. Немцойн ПЕН-клубан президент волчу Штрассер Йоханна дуккхаъ шерашкахь дика вевзаш вара Грасс Гюнтер. Цуо аьттехь а ца дитира яздархо антисемит хилар. „Иза-м вац антисемит. Цуо Израилан куьйгаллин политикна критика йина. Нагахь санна иза антисемитизм елахь, тIаккха Израилехь бехаш болу шовткъе итт процент жуьгтий а антисемиташ хила беза-кх, хIунда аьлча цара а йо-кх шайн куьйгаллийна критика“, - иштта элира Штрассер Йоханнос хIетахь ша Маршо радиона еллачу интервьюхь.

Шена, Грасс Гюнтерна, вуно лазаме хиллачух тера дара шен байташ бахьана долуш шена харц цIераш тахкар. Хьалха къона волуш санна харцо а, хаамийн гIирсийн тIелатарш а лан атта ца хилира цунна. Гуш дара цул тIаьхьа хIора шарахь хуьлучу ПЕН Центрин конгрессехь къена яздархо гучуваьлча, цу цабезаман кампанино цунна вуно боккха тIеIаткъам бинийла а, цуьнан могшалла дика йоцийла а.

ХIинца немцойн литературин мастер, вайн заманахьлера тоьллачех дешан говзанча кхелхина, шена тIехь I5 роман а, дуккхаъ дийцарш а, йозанаш а, амма уггаре а мехалниг – шена тIехь шен майра дош а дуьтуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG