ТIекхочийла долу линкаш

ХIирийн мехкан Мазалк кIоштехь граната а эккхийтина турко валарх къайле хилла бахархошна.

Кху оханан бетта 7-чу дийнан делкъана дуьйна коран бIаьргаш кеггийна йохийна «Приора» олу машен лаьттина 3-4 сохьтехь Мазалк гIалина чувулучохь, 1944-чу шарахь иккхина тIом дагалоцуш хIолламна хIоттийначу йоккхачу тоьпана юххехь. Хеттаршка девлча дуьйцург дара газан баллон иккхина бохург. Цул тIаьхьа сархьо гучудолу цу меттехь граната а эккхийтина стаг велла хилар а,къайлахчу сервисан цхьа белхо лечу хьолтIехь, лазарне кхачийна хилар а. Циггахь,вер-ваккхар нисделлачу цу меттехь дIаяздина ду хIара къамел.

Селхана тхо тIехдовлуш кхузахь машен яра йохийна лаьтташ. ХIун ду хилларг? Цу хаттарна жоп луш ву Сергей аьлла ша вовзийтина бензин,газ юхкучу дуттийлехь къахьоьгуш волу белхало. И ву хIара къамел деш.

Сергей:» Со сарахь 6 сахьт даьлча балха схьавеъча хIумма а дацара кхузахь. Машен а дIайигнера. Тайп-тайпана дуьйцу хиллачух. Массара а хьенхош вверг цхьа ФСБ белхо ву. Цунна болх беш хилла боху и велларг. Цхьана хIуманна тIехь дош дашера а даьлла цо граната эккхийтина боху. Кхечара цхьа ФСБ белхо, важа полисхо хилла боху. Граната ловзош Iашшехь ларамза нисделла и эккхар бохуш а дуьйцу. Тахана Iуьйранна дийца даьккхина ду уьшшиъ ший велла бохуш. Цхьа эладитнаш санна хIумнаш хазар доцург бакъдерг хьуламехь латтош ду».

И эккхийтар нисделлачу меттана 40-50 метр гергахь синтарш духкуш ю Оьлга аьлла шен цIе яьккхина оьрсийн къомах зуда. Цо даре до иккхинарг хIун яра-м ца хаьа шена амма ша а,кхиберш кхера а беш тата вуно чIогIа дара бохуш. Оьлга ю хIара къамел дийриг.

Ольга: "И эккхийтар динарг кхуззара ма ву,хIара куп гой хьуна! Эцца цхьа ши урам генахь Iаш хилла-кх иза. Цо и стенна дина-м ца хьаьа суна. Тхуна а моьттура юьхьанца иккхинарг газ ю. Ца хилла. Боху. ФСБ –н белхочо лаьцна дIавуьгуш хилла боху иза. ХIун даьлла хилла цуьнгара дуьйцуш а дац. Дукха хенахь дуьйнан оцу къайлах лелачара тидам-тергонехь латтош хилла а боху и Iожалла хаьржина турко. И низамхо реанимаци чохь ву аьлла а делира,юха велла аьлла хабар а даьржира. Кхин билггал ала ца хаьа. Кху гонаха мел долу адам кхера-м динера цу эккхийтаро."

ХIирийн мехкан Мазалк гIала дуккха а нохчий бехачех цхьаъ ю. Вуьшта аьлча,оьрсий,гIумкхий дIабевлча,дукхаллин барам схьаэцча, кхозлагIчу меттехь бу кхузахь нохчий. И бохам нисбелла шолгIа де-буьйса доладаллалц хууш дацара царна а цу эккхийтарх хIумма а. Дукха хьолехь луш долу жоьпаш хетарехь дара. Мазалкера вахархо Леча ву вистхуьлуш.

Леча: "Кху дуттийлина юххехь эккхийтар дина. Цхьаъ-шиъ вен а вийна. Билггал велларг цхьа турко вуй хаьа тхуна. Бакъдерг дуьйцуш дац. ФСБ бехк хуьлчух тера-м ду".

Кху Oханан-беттан 8-гIа де суьйренга лестича хиъна нисделлачу вер-ваккхарх вайнахана мелла а шуьйра. Цунах дуьйцуш ву ткъе итт шаре а ваьлла Мазалкехь вехаш волу Банжаев Салавди.

Салавди: "И турко кIант машен чохь схьавалош хилла ФСБ белхочо. Цара юьхьарлаьцна, дIавуьгуш,дIахоьцуш левеш лелош хилла-кх иза. Оцу Калининский олучу юьртара дIавуьгуш хилла иза. Боккхачу некъа тIе ялала «ДIов!» аьлла,вон тата а долуш иккхина граната. Цу кIантехь хилла дийцарехь граната. Цхьана хIумманна юкъахь хиллачух тера ду и турко. Иза цу меттехь велла,ткъа важа лазарне дIакхачийначул тIаьхьа. Суна хетарехь уьш шиъ хьалххехь дуьйна а вевзаш ца хиллехь и ФСБ-белхо ша-а цхьаъ и дIавига гIур вара аьлла-м ца хета суна. Царна юкъахь хIун нисделла хуур дац. Шена ницкъ бийр буй а хууш дина хир ду-кх цу пекъаро и эккхийтар."

ХIинцца къамел динчу Салавдина а, кхечу бахархошна а хетарехь шо-шаре мел долу а Оьрсийчохь алсамдовлахь бен лахлуш дац цу могIарера зуламаш.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG