ТIекхочийла долу линкаш

Чеченстато хIора баттахь толлуш ду махкара экономикан аьлча а, сурсатийн мехаш. Массо а хIуман: юуучунна, ягочунна, тIедухучунна, массо а тайпа гIирсийн иза гIехьа лакхабаьлла. Масала «Чеченстато», массо а хIуманан чот тухучо, ма дарра дуьйцу шен рапорт тIехь. Иштта, картолан-8 процент, шурах ечу хIуманан -2 процент ца кхоччуш, иштта кхин дIа а. Мехаш охьадевлла меттигаш а ю цхьадолчу сурсатийн. «Чеченстато» бахарехь 3 процентан ца кхоччуш котамийн хIоийн мах лахбелла, 1 процент сов дорах ду: шекар, кIалд котамаш а. Цхьа процент ца кхоччуш лакхабаьлла машена чуюттучу газан мах. Ах проценте ца кхочуш-бензинан а лакхабаьлла.
Официалан хьукмато дуьйцург цхьаъ ду, ткъа базарахь ма дарра сурт хIотталур ду аьлла, Маршо радионо зийра тахана Соьлж-ГIаларчу базаршкара лела мехаш. Зураъ цIе йолчу махбархочо иштта къамел дира.
Зура: «Жим-жимма мах тIекхетта. Наьрса-помидоран охьабаьлла мах. Уьш вайн цIера ю. Банан, апельсин, Iаж базбелла. Кемса а яц яхьаш. Молучу хин мах а хьалабаьлла. «Ачалуки», «Серноводская» олучун а шозза тIекхетта мах. Хьалха 20-25 соьмах духкура, хIинца 50 соьмах ду».
Базарахь дукха хена дуьйна махбечу Зураан ца хаьа дукхачу хIуманан мехаш хIора баттахь аьлча санна лакха хIунда дуьйлуш ду. Яккхий машенаш лелуьйтуш яц аьлла хезна шена, элира цо. Иштта хаам бира наха хьалха санна хIума оьцуш ца хиларна а.
Зура: «Хьалха санна наха ца оьцу. КIезга оьцу. «Лента» супермаркет схьайиллина. Хастоьмаш-м кIезга ю. Машенаш лелаш яц боху».
Базарара могIанашкахь ша верриг аьлча санна даре деш ву массо а хIуманан мах тIекхеташ бу бохуш. Нах дIабоьлла Совета пачхьалкх йоьхча дуьйна юхкучу хIуманан мах тIехь болу кехаташна тIе терахьаш тIедеттарх. Микрорайонера цхьана йоккхачу туькан чуьра йохкархочо Зайнапа а элира мехаш тIе хIунда детталуш ду.
Зайнап: «Стоьммийн а, хастоьмийн а хIора дийнахь аьлча санна мехаш тIекхеташ ду. Массо хIуманна а бу. Керстан марха дастарца а, яьккхий машенаш лелочеран дуьхьалонан акцийца а доьзна ду боху иза. Кхузара наьрс-помидор дозанал арайоккхуш ю кхузара».
Кхечунна мехаш тIекхетча-м хIумма а дацара, юург-мерг яз ца елчхьана. Амма кху 20 сов шарахь цхьана хIуманан мах охьабаьлла меттиг хааелла яц. Ур-аттала лаьттара хьаладоккхучу газах а, мехкдаьттах дечу бензинах а, цкъа а иза ца хилчу мехкашкаь санна даздина Оьрсийчохь а. Хетало цхьанна хIуманийн мехийн тхов-чекхе яц аьлла. Мел язйича а, наха доккха са а даьккхина, схьаоьцур ю хIуъа а.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG