ТIекхочийла долу линкаш

Ши шахIид иккхина Соьлж-ГIаларчу эскарийн куьпахь


Эккхаран васт кхуллу сурт

Эккхаран васт кхуллу сурт

Эккхийтар дина Соьлжа-ГΙалахь. Меттиг ю Хан-ГΙалина гергахь лаьтта тΙеман духаран а, гIирсан а туька. Иккхинарг вала араваьлла хилла ши стаг ву, полицино хаам барехь. Лаххара а велла 3-4 стаг, шайлахь полисхой а болуш.


Эккхар дина делкъал тIаьхьа, шолгIа сахьт доладелча. Оьрсийн эскрахойн Хан-ГIаларчуйолчу куьпана уллехь лаьттачу шозза тIекIелйинчу гIишлонна уллехь. Шайн догIмашца бомбанаш йолчу шина стага дина, боху, иза. ТIеман духар а, кхийолу коьчалш а юхкучу туьканчуьра оьрсийн эскархой, цхьацца духар а, гIирс а эцна арабовлучу хенахь, хилла эккхийтар.

Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бечу хаамца, 4 стаг вийна, кхоъ лазийна.

Эккхийтинчу меттехь гобаьккхина къевлина бу некъ, цхьа чаккхарма тIекхачале. Цигахь лаьттачу нохчийн полисхочо Маршо Радиога хаам бира, нехан кхерамазаллана дуьхьал дина ду иза, аьлла. Цо бахарехь, ша а леш, эккхийтар динчу нехан кхиъ а накъостий хилла тарло, амма стенгахь хир ду рогIера эккхийтар, иза хууш дац.

Шена хьалхахь эккхийтар дина гIишло нийсса тIехоьттина ю тIеман "Хан-ГIала" куп. Цунна тIехьа, иттех метр бен гена йоцуш, ю куьпа чувоьду блок-пост. Оцу гIишлончохь туьканаш а, кафеш а, цергийн лоьрийн кабинет а ю. Цигахь даима а дуккха адамаш хуьлу, дукхачу декъанна, тIеман барзакъ доьхна оьрсийн эскархой.

Рахьман цIе йолу стаг оцу гIишло чохь болх беш ву. Ткъа тахана цига ца ваханера иза. Цу чохь хиллачу шен накъоста иштта дийцира, элира цо.

Рахьман: Цигахь вийна цхьа а нохчий вац, боху. Мел йолу чоьнаш йохийна цигахь. Дийцарехь, 4-5 стаг чIогIа вовшах а воккхуш, хилла и эккхар".

Эккхар хиллачул тIаьхьа оьрсийн эпсарш а, нохчийн низамхойн хьукматаш а цхьатерра хаамаш луш бацара. Эскархоша гIарадаьккхира, цигахь хилла эккхар сапераш цхьаьнхьа гучуяьлла мина дIайоккхуш хилла ду иза, аьлла. Амма хаамийн гIирсаша хилларг нийсса бIостанехьа дуьйцура. ТIаьхьо нохчийн низамIалашдаран урхалло даре дира, эккхар террорхочо дина, аьлла. Цул совнаха гучудаьлла, динарг ши эккхар дуйла.

Нохчийчохь эккхар хиланза дукха хан яра. ТIаьххьарниг хиллера масех бутт хьалха Соьлжа-гIалахь. Кабардинская урамехь, «Омега» цIе йолчу телефонаш юьхкучу туьканахь. Иккхинарг телефон яра бохуш дара. Иза, къастонза волчу стага таяйта еана хилла цига. Ши стаг лазийнера оцу меттехь. Бинчу талламо и эккхар терроран бух болуш ду аьлла ца лерира.

Ткъа тIаьххьара терроран тIелатар динера стохка аьхка Соьлжа-гIалин юккъахь. Ленин кIоштахь кхаа тIемалочо, тIаьхьий –хьалхий, лелхийтарш дина велира 9 стаг - 8 полисхо а, чолхечу хьолан министраллера белхахо а.

Хан-ГIалин гIопехь дина хIара эккхар цхьаболчу тергамхоша дузу масех де хьалха ГIалгIайн махкахь кхо тIемало верца. Церан накъосташа бина бекхам хила тарло иза, аьлла хета царна. Иза тIечIагIдеш олийла дац. Гарехь, маситта де даьлча хаа там бу эккхар динарш муьлш бу.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG