ТIекхочийла долу линкаш

Байнарш, байъинарш, гIодинарш...


Нохчийчоь -- Полицин талламаш дIабоьлхуш, Соьлж-ГIала, 25Заз2011

Нохчийчоь -- Полицин талламаш дIабоьлхуш, Соьлж-ГIала, 25Заз2011

Нохчийчохь цхьана юкъанна лагΙделла хиллехь а, кху тΙаьххьарчу кΙиранашкахь юха а марсадаьлла гΙаттамхошца зΙенехь хилларш я царна кхачанца къинхетам уьншераш хьалха бинарш лехар а, лецар а. Чуьра стаг гΙаттамхойн могΙаршкахь велахь-м Ιойла дац доьзалан а, я цуьнан гергарчийн а.



Тергаллучу хиламаша ма-гайттара, тIеман хьу-чулацам болчу хиламашца къаьсташ ду кху карабеъначу Марсхьокху-беттан хьалхара денош. Эккхийтар а, лецарш а, тIеман тасадаларш а, герзан къайленаш гучуйийлар а - дерриге а тарделла чекхдаьллачу 5-6 дийна чу. Цунна тоьшалла до чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло Iорабохучу хаамаша а.

Уггаре коьртахдаьккхина кхузахь дийцаре деш дерг, Соьлж-гIалахь, виъ эскархо а вуьйш, веанна чевнаш а еш, бала арабевллачара дина эккхийтар ду. Цу кепара Iожалла хаьржинарг цкъачунна мила ву хиъна дац. Урхаллехь болучара кхеторехь, ГIалгIайн мехкан ГIалашка-юьртахь тIемалойн байъарна дуьхьал бекхамна дина ду и талор. Цара лаа ца лору и эккхийтар Марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь дина хилар а. Цу дийнахь 16 шо дуьзна, «Джихад» тIеман операци дIа а яхьна, тIемалоша Соьлжа-гIала схьаяьккхина.

Ткъа мехкан куьйгалхочунна Кадыровна хетарехь, Соьлж-гIалахь тIеман гIирс-коьчалш духкучу туькана юххехь эккхийтар дарна куьг бехкенаш вежарий Муслим, Хьусайн ГакаевгIар бу.

«Ас ницкъаллин структурашна хьалха декхарш хIиттийна, уггаре зеделла, бахчабелла низамхой тIаьхьа а баьхна, ГакаевгIар схьакаро а, леца а, дуьхьало еш хилахь, байъина дIабаха а", - боху Кадыров Рамзана. Цунна хетарехь ГIалашка-юьртахь вежарий АвдорхановгIар а, церан накъост Халадов а байина дIабахаро аьтто бо алссам тидам а, ницкъаш а ГакаевгIарна тIеберзо.

Ала дашна, цхьа шо гергга хан яьллера Нохчийчохь вала араваьллачу стага эккхийтар данза. Цхьаболчу тергамхоша билгалдаккхарца, Нохчийчохь тIом а, гIаттамхой а боцу хьесап ду, бохуш, зевне дIахьедарш дечу Iедалдайшна цуьрриг а юьхькIаме дац Соьлжа-гIалахь дина эккхийтар.

И эккхийтар доцуш, карабеъначу беттан юьхь синтеме цахиларан тоьшаллаш кIезиг дац. Хаддаза дIахьош ю Веданан кIоштахь масех де хьалха гIаттамхой лохуш йолийна тIеман операци. Низамхойн урхалло дередо, кху беттан кхоалгIачу дийнахь Гуной-эвлана гергахь ницкъаллин структурашна герзаца духьало а йина, хьаннашкахь хьулъеллачу тIемалойн тобан лорх кхиа Iедалан ницкъийн ка ца яьлла, бохуш.

Буьйранчаша чIагIдарехь, цу тасадаларехь вийна цхьа тIемало, мила, стенгара ву хIинца а хиъна дац. Билгалдаккха догIу, нохчийн лаьмнашкахь кест-кеста дIахьош йолчу тIеман операцешкахь гIаттамхойн байина, бохуш, дIасабаржабен официалан хаамаш, дукха хьолехь, юкъараллехь шеконца тIеоьцуш хилар. Цу могIарера бу Веданан кIоштахь тIемало вийна бохург а.

И тайпа вер-ваккхарш а, тIамца боьзна кхиболу карзахе хиламаш а боцуш, кху беттан хьалхара денош билгалдевлла лецаршца а, герзан къайленаш карорца а.

ТIемалойн агIонча ву аьлла, шеко йолуш, вахархо сацийна низамхоша ШуьйтIан кIоштахь. Цунна бехке диллинарг ду хIинцачул пхи шо хьалха кхачанан сурсаташ латтош тIемалошна гIо дар.

ТIаьхьалонна дIадиллина, хьуламехь латтош герзан къайле гучуяьлла Веданан кIоштан Ширди-мохкана гергахь. Цу чохь карийна мина а, иттех граната а, хIоъ-молха а, бIеннашкахь маса-тоьпийн патармаш а, кхин цхьацца гIоьналлин тIеман коьчалш а. Ши бIе кийла гергга тротил-молха карийна могIарерчу вахархочунна ШуьйтIан кIоштан Зона-юьртан хьун чохь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG