ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалара Денин Маьждиг Дохо Дагахь бу Iедалхой


Нохчийчоь -- Стаг Iуьйра ламаз деш ву маьждиг чохь, Соьлж-гIала, 10Заза2011
Нохчийчоь -- Стаг Iуьйра ламаз деш ву маьждиг чохь, Соьлж-гIала, 10Заза2011

Соьлжа –ГIалахь доккхачех ларалуш а, массарел хьалха динчех а ду, хьалха базар хиллачу меттигна юххехь, хIетахьлерчу автостанцина гена доццуш, лаьтта маьждиг. Эзарнашкахь бусалба наха дакъа а лоцуш, махкахь вевзаш волчу Арсанов Денин тIаьхьено 1989-чу шарахь дан долийра и Делан цIа. Чекхдаьккхина дац цхьайтта шо хьалха бен. ХIинца Денин маьждиг доха а дина, цигахь кхин маьждиг дIахIотто дагахь ду Iедал. Стенна? Цкъачунна жоп доцуш дуьсу и хаттар…


МогIарера бахархой боцуш, тахана а хаддаза дукха кегийрхой-студенташ оьхура цига гена йоццуш дIатарьеллачу мехкадаьттан институтера а, кхечу меттигашкара а. Бахархоша тидарехь, цига оьху нах, цигара дIа куьг кхочехь долчу «Нохчийчоьнан Дог» олучу доккхачу маьждиге марзбалийта, стохка гурахь дуьйна, кхин гуш бахьана а доцуш, къевлина латтош ду АрсановгIар хьалханчаш а болуш , дина маьждиг.

ХIинца дIасабаржинчу хаамца, цу маьждиган кхоллам кхин бахлур болчух тера дац. Муфтиято официалехь гIардаккхарца, и дIа а дохийна, цуьнан меттехь керла Делан цIа дича бакъахьа хир ду, аьлла мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цул а тоьлла а, куьце а долуш.

Цхьанненан а шеко яц, цуьнан лаам дахаре боьрзур бац, аьлла а, наха ахчанаш вовшах а детташ, доьгIначу маьждиган оьмар цу тIехь чекхъ а яьлла, аьлла. Хууш ма-хиллара, кхузахь зеделла хIума ду, бахархошка хоьттуш а, церан хьажам, дог-ойла чоьте оьцуш а цахилар.

Бакъду, шайх дагабовлуш бацахь а, Соьлжа-гIалахошна а, цаьрга нисса кхечарна а, цхьа а маьIна ца го и маьждиг дохо а, цуьнан меттана кхин, керла, доккха маьждиг дан а. И стенна деш ду кхин а доккханиг, бохуш, хеттаре буьйлу уьш, цигара дIа гена доццуш, итт эзар стаг чухоьуш доккханиг хилча. Иштта хеттаре вуьйлучех цхьаъ ву Соьлжа-гIалахо Абуезед а.

Абуезед: «Арсанов Илес хьалха а ваьлла, дайтина ду и маьждиг. Дукха наха, таро йолчара, гIо а дина и деш. Цкъа и тодо, битаме даладо, бохуш, дийца даьккхира, хIинца суна и дIадоккху аьлла а хезна. Маьждиг иштта дIадоккхуш ма дац. Бух боьхна, цхьа хIума галдаьлла ца хилча. И даьлла а яц дукха хан. Цуьнан меттана доккханиг дан а, соьга хаьттича, маьIна дац, стенна аьлча, цигара дIахьаьжча ган а гуш, тIаьххьара динарг долуш ма ду. Цара лелориг хIун ду, суна-м ца хаьа. Кхин цхьа хIума а ду. Шаьш ца динарг, шайн цIарах доцург ца дезаш хила а тарло. Дала оьгIазло яхь, хIун дан бохку уьш? Чохь ламазаш а деш, Делан цIа ма ду иза.»

Соьлжа-гIаларчу, дохо лоьручу маьждиган хьокъехь къамел динчу Абуезедана хетарехь, шаьш дайтина, шайн цIарх доцург дош хетачух тера дац урхаллехь болчарна. Кхин бахьана ца го цунна а, кхечарна а, дина даьккхина иттех шо бен хан йоцу Делан цIа доха а дина, цуьнан меттана керланиг догIа. Ма-дарра аьлча-м, и тайпа хьажам, баха хьакъболуш, бакъхила гергга ду. Стенна аьлча, Нохчийчохь керла дац, маьждиг доха а дина, цуьнан меттана кхин дар.

Нохчийчоь - Восток батальонан командир Ямадаев Сулим (аьрр) а, Нохчийчоьнан премьер-министр Кадыров Рамзан а, Кадыров Ахьмадан цIарах проспект йоьллуш, Соьлж-гIала, ГIур2006
Нохчийчоь - Восток батальонан командир Ямадаев Сулим (аьрр) а, Нохчийчоьнан премьер-министр Кадыров Рамзан а, Кадыров Ахьмадан цIарах проспект йоьллуш, Соьлж-гIала, ГIур2006
Масала, вежарша ЯмадаевгIара шайн чоьтах доьгIна, 6 эзар стаг чутарло доккха маьждиг, дIа а даьккхина, цуьнан меттехь керланиг дина Гуьмсехь. Цу кеппара кхоллам болуш хилла Устрада-гIалара маьждиг а. ХIинца цигахь дина доккхуш ду Кадырова Айманин цIарх керланиг. КестлагIа хуур хир ду Соьлжа-гIалахь дендолчу маьждиган цIе а.

Дерзош аьлча, нохчийн динан урхалло, вонна а, диканна а, дийцаре деш дац, бусалба динехь муха туьдуш хIума ду маьждиг дIадаккхар. Кхетош дац иза, биллина шайн белхахой телевизионехь хьехамаш беш, къам кхетош-кхиош, хьасартне хьийзаш гуш боллушехь, массо хIуманна а бала кхочург а хилла, Iедалан цхьа структура-урхалла йолуш санна, муфтият каде хьийзаш йоллушехь…
XS
SM
MD
LG