ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхачош йолчух тера ду Гудков Геннадийн зама а


Russia -- Gennady Gudkov, a member of Just Russia political party, speaks during a news conference in Moscow, 22Aug2012
Russia -- Gennady Gudkov, a member of Just Russia political party, speaks during a news conference in Moscow, 22Aug2012

Оьрсийчоьнан Инарла прокурора Пачхьалкхан Думане дехна, вевзаш волу политик Гудков Геннадий депутатан декхарх мукъаваккхахьар. Цунна бехке до, иза, парламентхочунна мегаш доццушехь, бизнес лелош хилар. Ткъа кхин бахьана го цуьнан шена Гудковна - Кремлна ца тов иза, цо шена кест-кеста критика еш хиларна. Цунах лаьйна артикл арахецна Маршо Радион корреспонденташа Гальперович Данилас а, Колсон Роберта а.



Цхьана хенахь хьехархойн институтехь ингалсан мотт а Ιамийна, кхерамзаллин урхаллехь - КГБ-хь - итт шарахь болх бина стаг тахана Кремлна дуьхьал ву бохург, нах ца тешшал хΙума делахь а, иза бакъдерг ду.

Пхи шо хьалха Ιедалан партера дΙа а ваьлла, «Нийсонан Оьрсийчоьна» юкъавахана волчу парламентан депутата Гудков Геннадийс мохь тоьхнна дуьйцура кхушеран бΙаьста, Оьрсийчохь президентан харжамаш гарзбурчаллех баьккхина дΙахьош а бу, Путин Владимир харцонца а кхочуш а ву пачхьалкхан коьрте, бохуш. Оццу тΙехь лаьтта иза тахана а.


ХΙинца Гудков Геннадийн карьера кхерамехь ю. Оршотдийнахь Инарла прокурора Чайка Юрийс Пачхьалкхан Думе кехат дахьийтина цуьнгара депутатан мандат дΙаяккхар доьхуш. Иза къайллаха шина гΙишлошъяран компанин дола деш ву, иза догΙуш дац депутатан статусца, боху Инарла прокурора. Ткъа цуьнан бизнес Ιорайоккхуш болх бинарг ю Оьрсийчоьнан Талламан комитет.

Оцу хьукматан векала Маркина Владимира иштта дΙахьедира цунах лаьцна.

Маркин: «Оьрсийчоьнан Талламан комитето, Гудковс дола деш, Патан Секьюрити Агенси цΙе а йолуш, хадаран фирма а хилар хоуьйтуш, материалаш дΙахьовсийна Пачхьалкхан Думе».

Амма дахначу кΙиранах Маршо Радион оьрсийн сервисца къамел деш, Гудков Геннадийс харцдира къепаллин урхаллаша чΙагΙдийриг. Шен долахь ю компанин акцеш, амма ша вац бизнесехь хΙуманнах а куьйгалла деш, элира цо.

Гудковс шена дуьхьал Ιедалан ницкъ гΙаттийнарг ю, боху, Кремль. Шегара, Москох кΙира даьлча оппозицин гулам хΙутту де тΙекхачале, депутатан мандат дΙадаккха, аьлла, буьйр дина цигара, элира цо шен къамелехь.

Оппозицино, алссам адам вовшах а тухуш, Гезгмашин-беттан 15-чохь хΙоттон кечбечу гуламан коьртехь ву Гудков Геннадий. Цигахь къамел дан дагахь а ву иза. Цундела олийла а дац и харц ву шен тидаршкахь.

Инарла прокурора дина дехар дийцаре дийр ду Думано шен мессехь гулам хΙотта кхо де дуьсуш, Гезгмашин-беттан 12-чохь.

Гудков: « Со шеко а йоцуш, тешна ву, Гезгмашин-беттан 12-чохь депутаташ, шаьш Ιедалан леш хиларе терра, шайна Гудков а, кхиболу оппозиционераш а дΙасовцо беза, аьлла, хеташ хиларе хьаьжжина, гулам хΙутту кху беттан 15-гΙа де тΙекхачале гΙуртур бу соьгара мандат дΙадаккха. Амма ас а йийр ю ма-ялло дуьхьало. Царна со мандатах ваккха оьшу, хΙунда аьлча, иштта бен кхин некъ бац низамехь со а, со санна гуламе нах кхойкху оппозицин лидерш а леца».

Ша хинйолчу парламентан сессехь тоьлур ву, ала, тΙех оптимизм йолуш а вац Гудков.

Гудков: " Ιедалан лаам кхочуш барца боьзна хир бу бен болу сацам, суна хетарехь. ХΙунда аьлча, Гудков, мухха а, хΙун а дай, мандатах ваккха, аьлла омра ду Кремло дина».

Делахь а, Гудков Геннадий вац юхавала лерина. Цо ша шена лараме волчу 50 депутате кехаташ яздина, боху, низамехь доцу политикан таΙзар дарна дуьхьалхΙиттахьара, аьлла.

Цкъачунна хууш долчуьнца дуьстича, Гудковна гΙортор ян леринчу депутатийн могΙарш тΙех луьста а бац.

Думин вице-спикерна Неверов Сергейна хетарехь, Гудковна депутаталлехь виса лааррий, цо бизнес лелош хиларрий цхьаьнадогΙуш хΙуманаш дац.

Неверов: «Къасто деза-кх ахь хьайна, я хьо бизнесехь болх беш ву, я Пачхьалкхан Думе наха хаьржина хилар а кхетош, хьайна бизнес лелор дихкина ву».

Изза бохура журналисташка Ιедалан парти шех олучу «Цхьааллин Оьрсийчоьнан» Думерчу фракцин лидера Воробьев Андрейс а.

Воробьев: « Ιедал шен карахь долчу стеган вайн махкахь бакъо яц бизнес лелон»

Федерацин Кхеташонан коьртехь Ιийна а, «Нийсонан Оьрсийчоьнан» лидер а волчу Миронов Сергейс шайн партино Гудковгахьа къуьйсур ду, элира. Амма цунна хетарехь, Думерчу «Цхьааллин Оьрсийчоьнерчу» депутаташна Жириновский Владимиран Либералан-Демократин партин фракцино гΙо дина меттиг ягΙахь, кхочуш хила а тарло Гудков мандатах ваккха леринчийн Ιалашо.

Мироновс а боху, Гудковс санна, Оьрсийчоьнан прокуроратура а, парламент а Кремло дина буьйр кхочушдан араяьлла.

Миронов: «Тхо дика кхета, «Цхьааллин Оьрсийчоьнера» господаш, лакхара омра деъча бен, шаьш дийриг дан хΙуьттуш боцийла».

Гочдина Чабаев Лоьмас
XS
SM
MD
LG