ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гюлена шен эстрадици цаяр доьху Iамерке


Рейтерс агенталлин хаамашца, туркойн Iедале ша дIацавалар дехна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь вехачу мозгIара Гюлен ФетхуллахIа. Анкарас шен экстрадици яр тIедожор Гюлена «политикан чIир» лору. Карарчу беттан 16-чу буса Туркойчохь тIеман карчам бан гIортарна цигарчу Iедало бехкевечу мозгIаран экстрадици ярехь оьшу кехаташ шинарийдийнахь Туркойчоьнан юстицин министралло Iамерке дIахьовсийна.

Ткъа Вашингтоно бакъ ца до Гюлен дIавоьхуш Туркойчоьно официалан кехат шайга даийтар. Хьалхо туркойн премьер-министро Йылдырым Биналис ваIда динера Гюлен Iамерко шайн кара схьа ца лахь, пачхьалкхаца йоьзначу партнерийн юкъаметтигашкахь хийцамаш бийр бу аьлла. Ткъа Гюлен ФетхуллахIа ша хIуманна а бехке ца во, цул совнаха цо тIечIагIдо бIахойн путч Туркойчоьнан президента ша хIоттийна кеп яра, бохуш. Шоьтан буса туркойн тIеман тоба гIоьртира пачхьалкхехь тIеман карчам бан. Амма гIаттам бохийра. Оцу путчехь 208 стаг вийна, цхьа эзар ах бIе гергга лазийна. Туркойн Iедало лаьцна бIе гергга тIеман буьйранчаш, 900 тIеман гIуллакхо мукъаваьккхина оцу гIаттамехь дакъалацарна.

Лаккхарчу доьшийлийн кхеташонан профессоршна а, хьехархошна а дихкина дозанал ара бовлар. Гюлен ФетхуллахIан гонерчу нахах йозучу Азербайджанерчу университето а шен болх сацийна кхаарийдийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG