ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТаIзаран метта шена совгIат доьхуш ву Караджич Радован


Нидерландаш -- Караджич ХIаагерчу трибуналехь, 16ГIад2012
Нидерландаш -- Караджич ХIаагерчу трибуналехь, 16ГIад2012

Боснерчу сербийн куьйгалхо хиллачу Караджич Радована чIагIдарехь, иза маьршачу нехан баланаш лахбан гIерташ къахоьгуш хилла сербхойн эскархоша Сараевохь а, Сребреницехь а адамаш эзарнашкахь дойучу хенахь. И дIахьедар цо ХIаагерчу кхелехь дина.

Чалтачана совгIат. Иштта хир яра, Боснерачу сербхойн куьйгаллехь эзарнаш нах баъйарна бехке вечу Радован Караджиче хаьттича, нийсо. ХIаагера кхелахой шен бехкбацарх тешон гIерташ, адамаллин дуьхьал зуламаш диначех цхьаъ лаларучу Караджича ша маьршачу нахана гIо деш вара, шена кхел ечул, мелхо а, ша мел дина дикнаш тидаме а эцна, шена совгIат догIу, элира цо.

Адвокатан гIо шена оьшуш дац, аьлла, ша шена адвокаталла деш волчу Караджича Боснера бусулбанаш бехке бира, шайн къомах болчу нахана дуьхьал инзаре зуламаш дина хиларна- дуьненан юкъаралла шайн агIор яккхархьама, и зуламаш сербхоша дина а моттийтина. И дIахьедар цо дича, кхеле ладогIа гулбелла хиллачарна юккъера Сребреницехь а, Сараевохь Караджичан эскархоша байъарх кIелхьара бевллачех болу тешаш цец-акъ бевлла биснера.

Ша хьалхехь куьйга яздина кечдинчу шен къамелехь Караджича чIагIдира, Боснин коьртачу шахьарна Сараевон сербхойн эскархоша гуо бинчу хенахь бусулбачара шаьш цу гIалина тIе артиллерин герзаш а диттина, 100 сов стаг вийнера, и зулам тIаьхьа сербхошна тIедиллархьама, бохуш.

„Сараево – иза сан гIала ма ю. Оха, бахьана а доцуш, Сараевон тIе герзаш деттара бохуш дуьйцуш долу хабарш – уьш харц хабарш ду“, - элира цо. Бакъду, цуьнан и чIагIдар бакъ ца хилар ХIаагерачу кхело тоххарехь сацийна ду, хIунда аьлча Караджичал хьалха иштта кхин цхьаъ сербхойн тIеман зуламхо Младич Ратко а вара кхелана хьалхахь цу кепарчу бехказлонашца шена тIера жоьпалла дIататта гIерташ.

Харцдо Караджичан дIахьедарш иштта эзарнаш тешаша а, Боснехь тIом болчу хенахь цо а, Младича а куьйгалла дина хиллачу сербхойн эскархоша лелийнарг шайн бIаьргашца гина болчу.

Карарчу хенахь Австрерачу Грац гIалахь вехачу Сараевон вахархочуо Новакович Костас дийцарехь, Караджичан куьйгакIелахь болчу салтеша Боснехь хIоттийна Iазап къизаллийца шеца къовсалур доцуш инзаре дара. ТIом дIаболалучу хенахь цхьанна а ца моьттура, бохуш, дуьйцу цо, и хьал иштта эрча дала йиш ю.

Караджича шен къамелехь иштта, фальсификаци йина, даьккхина ду элира доллучу дуьнентIехь гIарадаьлла хилла долу сербхоша йинчу концлагерехь, эчиган керт схьа а лаьцна, гIийла лаьттачу воккхачу стеган сурт а. Я и стаг а, я иза чохь ваьллина концлагер а цкъа а хилла яц элира цо, иза сербхошна дуьхьал пропаганда ян даьккхина ду, аьлла.

Уггаре а кхардаме дерг - цо и къамел дечу хенахь ХIаагерачу кхелехь цуьнга ладоьгIуш Iаш вара цу сурт тIехь хилла волу стаг Алич Фикрет.

Ша цкъа а дуьнентIехь хилла а вац аларх цецваьллачу цо кхин цкъа а тоьшалла дира, Караджичан эскархоша ша лаца а лаьцна, шена тIехь динчу таIзарийн. Цул совнаха, Караджичал хьалха ХIаагерачу кхелехь тIеман зуламхочун Стакич Миломирана гIуллакх толлучу хенахь тIеман трибунало къастийна дара, сербхоша шаьш лийцинчу бусулбачарна тIехь Iазап латтийна хилар.

Ткъа Караджича-м ша,шен ка долуш дерг, массо а хIума дира бохуш чIагIдо, тIом боьдучу хенахь нахана гIодархьама. „Ас дукха нахана гIо дина, тIеман баланех, зе-зулам доцуш, чекхбовла. Ас мел динчу диканна суна совгIат дала хьакъ ду“, - элира цо кхелахошка.

Амма трибунало гулдинчу документаша, шайна юккъехь аудио а, видео а материалаш а йолуш, кхин дерг гойту.

„ХIокху кхелах кхардам хилла. Трибуналах кхардар а ду хIара, цу тIеман Iазап лайначарехь кхардар а ду хIара“, - элира Сребреницехь хIусамда а, кIант а вийначу Сехомерович Зумрас а. „Сан гергарнаш уьш бусулбанаш хиларна байъина бу, Караджича, сербхойн бен баха бакъо йоцуш, шен куьйгакIела дакха гIиртинчу боснхойн лаьтта тIехь. Иштта беш бара цо маьршачу нехан гIайгIа?“ - элира цо.

Караджич Радован Сербхойн лакхарчу кхаа куьйгалхойх цхьаъ ву, ХIаагехь тIеман трибуналана хьалха шаьш Югослави юхучу муьрехь цу пачхьалкхехь иккхинчу тIамехь динчу зуламашна жоьпе озийна болчу. 1991-чуй, 1996 -чуй шерашна юкъехь цу меттигашкахь хиллачу тIемашкахь 100 эзар сов стаг вийна, милионийн, мухIажарш бевлла, бовда дезна.

2008-чу шарахь лаца а лаьцна, хIетахь дуьйна дуьненаюкъарчу трибуналана хьалха жоьпе озош ву иза ша динчу зуламашна.
XS
SM
MD
LG