ТIекхочийла долу линкаш

«Хьан бехк бу суна хIума кхалла лаарна!..»


Оьрсийчоь -- "Коммерсант-Власть" журнал.

Оьрсийчоь -- "Коммерсант-Власть" журнал.

Стигалкъекъа-беттан 13-чу дийнахь балхара дIабехира Оьрсийчохь уггаре а яккхийчарех йолчу РБК цIе йолчу медиахIолдинган редакцийн куьйгалхой. Бахьана ду бохуш дуьйцу Кремл цунна реза цахилар. «Медуза»  цIе йолчу интернет-портало дийцарехь 2011-чу шарахь Оьрсийчохь президентан кампани йолаелчхьана шайна тIехь Iаткъам лайна иттех сов Оьрсийчура зорбанан гIирсо.

«Медузас» далош долу масаллаш иштта ду.

2016 шо. Стигалкъекъа-бутт. РБК

ХIун ду хилларг. Кремло Iаткъам бар бахьана долуш (Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс харц до иза) РБК-н редакцера дIавелира кхо куьйгалхо – цхьаьнатоьхначу редакцин шеф-редактор Осетинская Елизавета а, коьрта редактор Баданин Роман а, РБК газетан коьрта редактор Солюс Максим а.

Царна тIаьххье балхара дIадевр ду шаьш аьлла хаам бина дуккха а кхечу белхахоша а, журналисташа а. Уьш болх бечуьра севцна тIебогIучу беттан 30-гIа де тIекхаччалц аьлла.

Муха ду жамI. Хууш дац. Кхеташ дац мила хир ву РБК-н куьйгалхо.

2016 шо. Дечкен-бутт. Forbes

ХIун ду хилларг. Оьрсийчура зорбанан гIирсашкахь кхечу пачхьалкхашкарчу нехан долчу декъех лаьцна низам тIеэцча, Axel Springer цIе йолчу немцойн концерно сацам бира, шен Forbes журналан акцеш а, кхин йолу Оьрсийчура бизнес а йохка. Дийцарш дIадирзира 2015-гIа шо чекхдолуш. Эххаре а 100 процент Forbes-ан акцеш эцнарг вара бизнесхо Федотов Александр.

«Медузас» дийцарехь, иза сихха юкъагIерта волавелира редакцино бечу балхана, цхьайолу материалаш дIаяха бохуш. Forbes-ан коьрта редактор Муртазаев Эльмар реза цахилира иза дан. Дукха хан ялале иза шен лаамехь дIавахара журналера. Иза хилира кху шарахь (2016) Дечкен-бутт юккъе болуш.

Муха ду жамI. Муртазаевн меттиг дIалецира Усков Николайс. Цо сихха дIахьедар дира, шен Forbes политиках лаьцна хир дац аьлла. Муха хир ду Усковн Forbes хуур ду гергарчу хенахь, цо куьйгалла а деш, журнал арадала доладелча.

2015 шо. Марсхьокху-бутт. «Русская медиагруппа»

ХIун ду хилларг. 2015-чу шарахь аьхка «Федераци» фонд кхоьллинчу Киселев Владимира хьахийра Путин Владимире Оьрсийчохь «патриотийн медиахIолдинг» кхоьллича дика хир дара аьлла. Цу Iалашонца цхьаьнатоха езаш яра масийтта телеканал а, «Русская медиагруппа» а.

«Русская медиагруппа» долахь яра Федун Леонид цIе йолчу бизнесхочуьнан. Иза йорах йохка сацам бинера цо «Госконцерт» концернана. Цунна дуьхьал бевлира «Русская медиагруппан» куьйгалхой а, мукъамчаш а, продюсерш а. Уьш а гIоьртира «Русская медиагруппан» акцеш эца. Амма царна бакъо цаелира Iедалша.

Муха ду жамI. 2015-чу шеран гурахь «Русская медиагруппан» дукхах болу белхахой, шайна юкъахь дукхах болу «Русское радион» журналисташ а, продусерш а болуш, дIабевлира «Русская медиагруппа» компанера.

«Русская медиагруппа» «Госконцертана» йохкар цанисделла. Охан-баттахь «Ведомости» газето хаам бира Киселев Владимирна кхо миллиард сом барамехь кредит делла «Русская медиагруппа» эца аьлла.

2015 шо. Чиллан-бутт. ТВ2

ХIун ду хилларг. 2015-шо долалуш Томскера ТВ 2 телеканало сацийра шен болх. Томскехь митинг хилира каналана гIортор еш. Хьажархошна хетарехь, телеканал дIакъевлинера цуьнан йозуш йоцу белхан политика хилар бахьана долуш.

Муха ду жамI. Чиллан-баттахь (2015) ТВ2 белхалоша мэфирехь кхайкхам бира интернетехь болх бан ахча гулдеш дакъалацахьара аьлла. Таханлерчу дийнахь «ТВ2 керланийн агенталла» болх беш ю интернет сайт санна.

2014 шо. ГIура-бутт. «Русская планета»

ХIун ду хилларг. «Русская планетан" инвесторша дIахьедар дира коьрта редактор Пряников Павел дIавоккху шаьш аьлла. Цуьнца балхара дIабевлира дукхах болу белхахой. Царна хетарехь редакцин политика хийца гIоьртинера долахой.

Муха ду жамI. «Русская планета» журналера дIабелла дукха болу белхахой. ХIинца цунах патриотийн зорбанан гIирс хилла оьрсийн герзах лаьцна а, оппозицин ямартлонех лаьцна а яздеш болу. Цу тIехь шена хетарг дуьйцуш ву Лимонов Эдуард.

2014 шо. Мангал-бутт. РЕН ТВ

ХIун ду хилларг. 2014-чу шеран Мангал-беттан 1-чу дийнахь дIакъевлира «Максимовская Марианница кIира» цIе йолу мелла а бакъдерг дуьйцу аналитикан программа. Бахьана ца дийцира.

Муха ду жамI. 2014-чу шеран ГIура-баттахь балхара дIаяьккхира Максимовская, контракт чекхяьлла аьлла. Цуьнан программан метта РЕН ТВ эфирехь меттиг дIалецира «Эфирехь Добров ву» программо.

2014-гIа шо. Зазадоккху-бутт. «Грани.ру»

ХIун ду хилларг. 2014-чу шеран Зазадоккху-баттахь Iедалша дуьхьало хIоттийра «Грани.ру» цIе йолчу интрнетан сайтана. Иза де аьлла омра динарг яра Оьрсийчоьнан коьрта прокуратура.

Муха ду жамI. «Грани.ру» сайт шен финансашца доьзна хьал ледара далахь а болх беш ю, масийтта куьзга а кхоьллина. Цуьнан тематика политикан чулацам болуш ю. Iедалшна оппозицехь болчу нехан ойланаш йовзуьйтуш сайт ю иза.

2014-гIа шо. Зазадоккху-бутт. «Лента.ру»

ХIун ду хилларг. 2014-чу шарахь Зазадоккху-беттан 12-чу дийнахь Оьрсийчоьно ГIирма дIалаца къеззиг хан йисинчу хенахь «Лента.ру» сайт долахь йолчу бизнесхочо Мамут Александра балхара дIаяьккхира цу интрнет-порталан коьрта редактор Тимченко Галина.

Бахьана дара Украинера националистийн боламан «АьттоагIор секторан» куьйгалхойх цхьаьнца йина интервью зорбане яккхар. И бахьана долуш цу тайпаниг кхн дан мегар дац аьлла сайт варе йинера "Роскомнадзор" урхалло.

Цул тIаьхьа «Лента.ру» сайт йитира Тимченкос а, кхин а 80 сов белхахочо а. Цара кехат зорбане даьккхира коьрта редактор дIаяккхар цензуран акт ю аьлла.

Муха ду жамI. «Лента.ру» интернет порталера дIабевллачу жарналисташа кхоьллина цхьамоггIа интернет сайташ а, хаамийн агенталлаш а. «Ленту.ру» порталана куьйгала деш ву кхин стаг.

2014-гIа шо. Дечкен-бутт. «Дождь» Телеканал.

ХIун ду хилларг. «Дождь» телеканало шен эфирехь хаттар хIоттийнера «Ленинград дIаеллехь дика хир дара аьлла хетий шуна, бIаьннаш эзарнаш нехан синош кIелхьара даха» аьлла. Цул тIаьхьа шайн машанех дIахдийра иза цхьамогIа операторша. Телеканалан коьрта директоро дийцарехь, иза цара динера лаккхара даржашкахь болчу Iедалхоша омра а дина.

Муха ду жамI. Каналан шен бизнесан кеп хийца дезна. ХIинца иза интернетехь мехах болх беш ду. 2014-чу шарахь бIаьста цу канало лахдира шайн белхалойн алапаш. Оццу шарахь ахчанах хьажа аьтто лучу телеканалашна Iедалша дихкира эфирехь реклама ялар.

Цо кхин а халчу даьккхина церан хьал. Ахча цахиларна цу телеканало йитира ша чохь хилла хIусам. Делахь а, «Дождь» телевизион хIинца а болх беш ю. 2015-чу шарахь дуьйна телеканалэфире долу «Флакон» олучу заводехь кечйинчу студи чура.

2013 шо Чиллан-бутт. РИА «Новости»

ХIун ду хилларг. ГIура-беттан 9-чу дийнахь уггаре а яккхийчерах йолу хаамийн агенталла цIеххьана дIаяьккхира. РИА «Новости» Iедалан долахь яра. Цо коьллира «Россия сегодня» олу керла медиа гIирс. Цуьнан куьйгалхо хIоттийра оьрсийн телепропагандист Киселев Дмитрий.

Муха ду жамI. РИА «Новости» хуьйцуш дIакъевлира дуккха а проекташ. Белхахой балхара дIабехира. Бохийра иттаннаш шерашкахь кхоьллина корреспондентийн маша.

2013 шо. Гезгмашин бутт. «Газета.ру»

ХIун ду хилларг. 2011-чу шарахь Пачхьалкхан Думе харжамаш хилале «Газета.ру» интернет порталан коьртачу редакторан когаметта Баданин Роман реза цахилира «Голос» цIе йолчу бакъонашларъярхойн баннеран метта «Цхьааллин Оьрсийчоьнан» реклама хIотто. Баданин балхара дIавелира ша аьлларг чекхцадаьлча.

Муха ду жамI. Думан харжамаш дIабирзича 2012-чу шарахь «Газета.ру» карахь долу SUP Media хIолдинг караяхара бизнесхо волчу Мамут Александрна. Цул тIаьхьа цигара дIабахара цхьамогIа куьйгалхой. Хица елира «Газету.ру» порталан политика а.

2011 шо. ГIура-бутт. «Коммерсантъ»

ХIун ду хилларг. ГIура-беттан 16-чу дийнахь «Коммерсантъ» олучу зорбанан цIийнера дIаваьккхира «Коммерсантъ-Власть» олучу хIора кIиранах арадолчу журналан дуккха а шерашкахь коьрта редактор лаьттина Ковальский Максим. Бахьана дара журнало зорба тоьхна хилар, тIехь яздина маьттаза дош а, Путинан цIе а йолуш харжаман бюллетенан сурт зорбане даккхар.

Цунна критика йира «Коммерсантъ» долахь долчу Усманов Алишера. «Коммерсантан" белхахоша схьадиллина кехат яздира иза дIаваккхар шаьш кхеро гIортар ду аьлла.

Муха ду жамI. Цу хенахь дуьйна (Кремло Iаткъам беш) дуккхаза а хийцина Усмановс «Коммерсантъ» зорабанан цIанан тхов кIеллахь зорбане довлучу газетийн а, радиостанцин а куьйгалхой. «Коммерсантъ» тахана а юьсуш ю Оьрсийчохь уггаре а яккхийчерах йолу медиахIолдинг.

Амма иза сих-сиха бехке еш ю материалаш нисъярна а, уьш зорбане цайовлийтарна а, цхьаъ хеcтош артиклш язъярна а, бахархой реза цахила мега аьлла хиламаш цахьехош битарна а.

Кхин цхьа хIума а ду. Вай лакхохьа бийцинчу зорбанийн гIирсийн кхоллам бекъа мегаш бу Оьрсийчура кхечу медиа проекташа а. Иштта кху деношкахь Евразия цIе йолчу, карарчу хенахь Кремло тIеозийначу публицисто Дугин Александра латточу интернет сайто зорбане яьккхина «Эхо Москвы» радиостанцех лаьцна материал.

Цуьнан цIе ю «Iаьржа яьшка». Цуьнан авторо Дацун Евгенийс, ма-дарра аьлча, яздинарг мотт тохар санна хIума ду. «Хьенан лаам чекхбоккхуш ю «Эхо Москвы» радио? ХIинца а оьшуш дерг хIунда цадина цунна дуьхьал?" - хоьтту авторо.

XS
SM
MD
LG