ТIекхочийла долу линкаш

Ялта хьийкъина ду, чудерзо ницкъ хилчхьана


Нохчийчоь -- Ялташ чудерзош ду Нохчийчохь, Теркйист, 15Ман2012.

Нохчийчоь -- Ялташ чудерзош ду Нохчийчохь, Теркйист, 15Ман2012.

Ялташ чудерзо долош ду Къилбаседа Кавказехь. Ехха заманашкахь дуьйна схь а Нохчийчоьнна буьртиган ялта лучех ларалуш ю Теркйист. Цигахь а жигара бевлла аренийн белхаш, барамаш хьалхалеранаш бацахь а.


Уггаре сиха, ялташ чудерзо мур герга кхаьчча, кхушара дуьххьала а доцуш, дийца даьккхина Нохчийчохь техника цатоар. Техникаца доьзна хаттар мел ира лаьтта гойту, гарехь, кху терахьаша а: трактор, машен, кхиболу гIоьналлин гIирс-коьчал йоцуш, юьртабахамашкахь кхиамца ялта чудерзо оьшуш ерг 400 комбайн ю.

Ткъа йолуш ерг яц, боху, 300 бен, уьш а тишьелла, хир хаьдда, итт-цхьайтта шо хьалхалера ю. Юьртабахамийн министараллин хьостано Iорадаккхарца, кхушара махкахь дика ялташ кхиина, амма уьш, дукха дараш доцуш, кхиамца чудерзорна новкъарло ян тарлуш ши хIума ду: дебаш лаьтта цIаьпцалгийн цIоззий, техника цатоаррий.

Хууш ма-хиллара, цхьа бутт хан яц цу урхаллин коьртехь лаьттина Эдельгириев Абубакар премьер министран дарже а хIоттийна, цуьнан метта министран гIанта ТIехьа-Мартанан кIоштан гIантда Дадаев Муса хаийна. И хийцам бичхьана дийца даьккхина ду, ялташ чудерзо махкахь комбайнаш тоаме цахилар. Цхьаболчу тергамхоша кхеторехь, ялташ чудерзо таро яц бохург тамаше а хетало цхьана агIор - кхечу пачхьалкхашкахь миллионашкахь харж еш, дIахьош тайп-тайпана къийсадаларш а долуш, гIийла йохкучу Африкан пачхьалкхашна гIо дан лаамца деш дIахьедарш а долуш.

Делахь а, юьртабахамийн куьйгалхоша а, белхалоша а даре а деш, хIора шарна а церан гIуллакх эшна дагIахь бен, толуш дац. Комбайнашший, тракторшший-м стенна юьйцу, боху цара, церан куьйга кIел йисина яц, ур-атталла, лартIахь нох а я гота а. Iедало царна луш яц ягориг а, оьшу гIирс-кIалкIозар а. Вуьшта аьлча, бахамийн директорш шаьш лол бетташ бу. Юьртабахамашкахь дитина а дац тахана дукха латтанаш. Юккъерчу барамехь, цара хIинца дуьйш-дерзош дерг дац 400-500 эзар гектар латта бен.

Алсам латтанаш дIа а делла, церан метта "холдингаш" олу цхьаьнакхетараллаш кхоьллина кху тIаьхьарчу шерашкахь Нохчийчохь. Схьагучу суьртехь даладелла хьал дац цаьргахь а. И гучудолу могIарерчу белхалошца къамел деш а. Кхолладелла хьал довзуьйтуш вист хуьлуш ву Теркйистан кIоштара механизатор Ширван.Чудерзо дезачу ялташ тIера доладелира тхойшиннан къамел.

Ширван: «Ялташ дика ду. Ягочуьнца Iедало кIеззиг гIолоцу, техникца долу хьал ледара ду. Кхушара кхоъ комбайн йогIу, бохуш, хабар дара, амма еъна-м яц».

МР: Шу-шайн ялта чудерзо хIумма а юй?

Ширван: «Ши комбайн, стохка эцна ялийна холдинго. Ши эзар гектар ялта чудерзо уьш лара-м лур яц, кхечара гIо ца дахь".

МР: 400 комбайн ю, боху, махкахь ца тоьаш. Iедало церан гIайгIа цаяр ахь муха кхетадо?

Ширван: «Кхузахь доцург, кхечу кIошташкахь-м техника ю. Ка-700 трактор ялийна капремонтера, схьаялийчахьана лаьтташ ю. Т-I50 йиъ трактор ю-кх тхан и латтанаш охуш а, кечдеш а. И йиъ ю-кх шадерг деш. Тишьелла. Тхоьгахь йолу важа кегийра МТЗ тракторш, цхьан а цхьаъ, Iедалан яц, нехан долахь ю. Хьаькамийн долахь ю-кх. Кхиболу гIирс а , тIаьхьатосурш а церан долахь ю, "50 на 50" лелош».

МР: Дараш а доцуш, ялта чудерзалур ду, аьлла, дегайовхо юй шун?

Ширван: «Тхайн ницкъаца-м яц, сельхозтехнико а, кхечара а гIо ца дахь. Арахьара яло еза-кх. Стохка а дара ялташ дика. Кхечара гIо дира-кх. Дахьа меттиг йоцуш, силос чуюллучу оьрнаш чу а духкуш, ялташ дара тхан-м стохка. Даламукъалахь, кхушара а хир ду»

Ширвана дийцарехь, кхушара дуьххьала а доцуш, мукх-кIа хьокху хан тIекхаьчча халонга долург ду уьш шайн хенна чудерзо техника цахилар.
XS
SM
MD
LG