ТIекхочийла долу линкаш

Лараме президент а, доттагI а


Чехийн Республика -- ХIавел Вацлав велла 2 шо кхачарца иза дагалецира ПрахIехь, ПрахIа, 18ГIур2013

Чехийн Республика -- ХIавел Вацлав велла 2 шо кхачарца иза дагалецира ПрахIехь, ПрахIа, 18ГIур2013

Йозуш йоцучу Чехин дуьххьарлера президент ХIавел Вацлав кхелхина ши шо кхаьчна. Нохчийчура тIом бахьана долуш Путин гаррехь емал ван воьхьнарг цхьаъ бен воцу дуьненан лидер санна дагахь виссина иза вайнахана.


2006 -чу шарахь, ХIавел Вацлав президентан даржера дIаваьллачул тIаьхьа кхо шо даьлча, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, эххар а Праге ваха некъ маьрша а баьлла, цига кхочучу деношкахь ХIавела, шеца цхьа могIа Нобелан совгIатан лауреаташ а болуш, дуьнентIера цIеяххана политикаш а, исбаьхьалхой а болуш, схьадиллина кехат зорбане даьккхира, Нохчийчохь оьрсийн эскархоша а, Iедало а хIоттийна Iазапе хьал бахьана долуш Путинна ира критика еш.

„Цензурин кирхьанца Нохчийчохь хIоттийна Iазап а, инзаре хьал а хьулдалур дац. Цхьа а тешар вац, Путинс ма-дийцара, и хIума „террорхошца къийсам латтош“ дина ду бохучух. Амма дуьне дист ца хуьлуш Iаш ду, Соьлжа-гIала хIаллакйаре а хьоьжуш, цигара кхинйолу ярташ а, гIаланаш а санна. Я нохчийн бераший, зударий, кхинболу бахархой вай ларам бан а, царна сагтада а хьакъ бац те, кхин дIа мел долу адамаш санна? Вайн дист ца хиларна цхьа а бехказло карон йиш яц“, - бохуш яздина дара цу ХIавел ша автор волчу кехата тIехь.

Цхьаболчара ала тарло: „Атта-м дера дара цунна, ша президент волчуьра дIа ваьлчул тIаьхьа иштта критика ян. Ткъа ша Чехин коьртехь волчу хенахь хIунда ца дира цуо тIом сацон хIуммаъ?“ - аьлла. ХIан-хIа, дира. Дукхаъ дира. Цхьанна а дуьненан пачхьалкхан президенто ца динчу кепара дира.

Иза цхьаъ бен вацара, ша Чехин президент мел ву Нохчийчуьра тIом бахьана долуш Оьрсийчоьнан президент Путин Владимирца цхьаьна ца кхеташ чекхваьлларг. 2000 -лоха шераш дуьйладелчу муьрехь, уггаре а къизачу кепара тIом ДегIастанахь дIабоьдучу хенахь, Малхбузерачу пачхьалкхийн куьйгалхой, массо а цхьаъ санна, Путин Владимир шаьш долчехь тIеоьцуш, цуьнца гергарло чIагIдан гIерташ, иза хьаста а, хастон а гIерташ лела хан яра иза.

ХIетахьлерачу Цхьанакхеттачу Штатийн президента Буш Джорджа, масала, дира цу муьрехь ша Путинца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа шен эхь ца хетаран дозанал тIехь даьлла хилла, тамашийна, дуьнентIехь шуьйра дIадаьржина хилла мукIарло: „Со Владимиран бIаьргаш чу хьаьжира, суна цу чохь бакъволу демократ гира“, аьлла. Немцойн хIетахьлерачу канцлера Шроьдер Герхарда чIагIо йира, „Путин цIенчу хIух волу демократ ма ву“, аьлла.

Царел а тIехкхоссавелира Францин хIетахьлера президент Жирак Жак. Цуо, шен дагахь эстето а, цу шен дагахь литература йовзархочуо а, Путинца ша цхьанакхетта волуш, цIеяхханчу оьрсийн поэтан Лермонтов Михаилан „Аганан йиш“ цIе йолчу байтана юккъера могIанаш дийшира дагахь: „Дера нохчо текха бердашна тIехьахула, шен шаьлта а ираеш“, аьлла, „и нохчий-м даима а хилла иштта акха“, бохучунна нун дохуш.

Ткъа ХIавел ша цхьаъ вара цу могIарехь, нохчий бахьана долу Путинца а, Оьрсийчоьнца шен пачхьалкхан юкъаметтигаш талхарна ца кхоьруш, шен принципашна ямарт ца хуьлуш, чекхваьлларг. Иза цкъа а я Путинца цхьана а ца кхийтира, цуьнга куьг а ца делира цуо, я мара а ца кхийтира.

Белгерачу нохчийн политолога Асхабов Хьамзата а билгалдоккху, ХIавел Вацлав президентан даржо хийца ца хийцира, шел хьалха а, тIаьхьа цу дарже кхаьчна хилла волу хийла диссидент цуо хийцина ма-хиллара, бохуш.
Асхабов Хьамзат: „Иза Iедалца гуттар а къуьйсуш а, харцонна дуьхьал гуттар а лаьттина а, ша цхьанна а дарже кхочур ву аьлла сатуьйсуш а воцуш, цу уггаре а халчу тIамехь а, халчу къийсамехь а чекхваьлла кхонаха вара иза. Ша президент хIоьттича а, шен амал а ца хуьйцуш, харцонна дуьхьал а лаьтташ, шена тIехь оццул доккха дукъ долшшехь, чекхвелира.

Дуьненчохь муха ду хьуна аьлча, политика олушехь, „реал-политика“ олу, цул тIаьхьа муьлха а хIума бакъдеш, муьлхачу хIуманна геч а деш, „иштта ца хилча ца долура иза“ а олий, шен дуьнене болу хьежамаш а, шен принципаш а хуьйцуш, хIума дIадерзош Iедал ду.

Ткъа и къонах кхин шен амал ца хуьйцуш, кхин харцонна корта охьа ца таIош, оцу Оьрсийчоьнан президентаца а нохчий бахьана долуш, Нохчийчохь Оьрсийчоьнан пачхьалкхено лелийна харцо бахьана долуш, Путинца а, цу Iедалца а гамвелла, вайна тIе а хIоьттина чекхвелира иза, ша велла дIаваллалца. Нохчаша латточу къийсамехь гIо доккхуш, цуьнца доглахар дIахоуьйтуш а, кехаташ яздеш а, кхин дерш деш а, цу къомах ша волуш санна, ша нохчо хилча а кхин совнаха хIума далур доцуш, вайца накъосталла а лоцуш, чекхвелира иза“.

Хьахон догIу иштта, 2011 шарахь, ша кхалха дукха хан йисале а, цуо тIаьхьара Путинна, олуш ма-хиллара, „тоьхна хилла тIара“. ХIетахь Германерчу цхьана мехалчу „Квадрига“ олучу совгIатан оргкомитетера мотхьакхархоша Путинна кхайкхинера и совгIат, „цуо къаьмнашна юккъехь барт барна“, аьлла. Иза шена хаа ма хиънехь, ХIавел Вацлава, 2009-чу шарахь шена а изза совгIат кхаьчна волчу, ша шенарг совгIат юхалур ду, аьлла, дIахьедар дира, и совгIат нагахь санна боккъал а Путинна лахь. „Демократин мостагIчун луш долу совгIат суна оьшуш дац“, -элира цуо хIетахь.

Йоккха гIовгIа а елира цул тIаьхьа, гIиттира меттигера адамийн бакъонашларйархой а, журналисташ а, Путинна муха ло иштта совгIат аьлла. ЮхьIаьржа хIиттинчу „Квадрига“ премин оргкомитетан декъашхойн кхин дан хIума ца дисира, и совгIат Путинна ца ло шаьш а, аьлла, юхабовлар бен. Ткъа Оьрсийчоьнан президент, майдана а ваьккхина, доллучу халкхана хьалха лерга юххе тIара тоьхча санна висира.

Политолога Асхабов Хьамзата ма-аллара, политикан тарханашка ша кхаьчча а, ша хьалха ма-хиллара диссидент висира ХIавел. Иза цхьаъ вара Путинан эскарша Нохчийчохь хIоттийнарг фашистин Германин эскарша Европехь лелийначунца дуьстинарг. Иза цхьаъ вара Путинс Соьлжа-гIаличохь хIоттийнарг Гитлера 1944 шарахь Варшава -гIала дIахьакхарца дуьстинарг а.
Иза иштта виса а висина, чехийн а, нохчийн а, доллучу дуьненан а дагалецамашкахь – лохачу дегIера, ванне а зоьртала воцу, амма доккха дог а, майра леламаш а, сийлахьа лара мегар долу дахар а хилла волу къонах санна.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG