ТIекхочийла долу линкаш

Хьайбахан йилбаз-мохь чIогIа хеза шо-шаре мел долу


Нохчийчоь -- Хьайбах лаьттина меттиг.

1990-гIа шераш тIекхачале Хьайбах баккхийчу нехан къамелашкахь бен юьйцуш а яцара. Оцу юьртахь хилларг, Iедалан тIегIане а даьккхина талла хIуттуш цхьа а ца хилла.

Кашурко Степана-тIема тIехь байинчу эскархойн лараш лоьхучо дуьххьара айдинера и хаттар. Цул тIаьхь майра дийца долийнера. 1990-чу шарахь Нохчийчурчу Iедалан омарца кхоьллина хиллера лерина комисси, шайна юкъахь медикан эксперташ а, талламхой а болуш.

Цаьрца, оцу тобанна юккъахь хилла ву махкахь вевзаш волу журналист Ицлаев Iабдул. Цо дийцира, шайна Хьабахехь гинчунах а, хааделлачунах а.

Ицлаев: «И даIаьхкаш ахка йола ма йиннехь гуш дара и нах багинийла. Суна Хьалха-Мартан дарбан хIусаман кертара адамийн даьIахкаш схьайогIуш а гина. Уьш тIе чим а тесина дIабоьхкинера.

Ткъа, Хьайбахехь берш багийна буйла гуш дара. Тхуна оцу божал чохь хIун ду хьажа лууш дара. ХIунда динера ца хаа, амма и нах багийначу меттехь жа латтош хиллера оцу хенахь. ТIаккха, шерашкахь жа лаьттинчу меттехь гIий бара.

ЧIогIа хуьлу иза бакъабелчу ша тIулг санна. Цу бухахь хIун ду хьажа, оха аьхкича, даьIахкаш гучуевлира».

Корр. «Цхьана меттера даIахкаш яра уьш. Уллера ломан тIера нахана гина хиллера и божал чура адамаш дагош. Ганургаев Ахьмад бохург а ву цунна теш хилла. Гвишиани а ша вериг дIавахча, цига тIевахна иза а, кхиберш а. Гаев Тута бохург вевзина царна, хIунда аьлча, цуьнан мах а корт а баьгна ца хилла дела. Ткъа, вуьйш, чIогIа баьгна чим хилла хилла».

Адамийн догIмех йисина даьIахкаш гул а йина, Хьайбахера юхадирзина схьабогIучу хенахь, оцу комиссин декъашхой шай-шайн ойланашца бисна. Шайца хиллачу Муртазалиев Хьамзатан, иза кхин Iа а ца велла, бIаьрхиш дуьйладеллера, бохуш шен дагалецамаш кхин дIа а буьйцу Ицлаев Iабдула.

Ицлаев: «И сурт дуьхьала лаьтта суна, оццула дукха шераш дIадаьлча а. Кест-кесста хуьлу иза. Мартан тIехь, суна гина сурт диц ц ало. Латта охкуш куьг гучуделира. ТIаккха, кхин дIааьхкича гира, бера шен накхан куьйгашца тIе а таIина зудчунна даIахка.

Иштта шиъ дара мар-мара а кхетта Iуьллуш. Нанас бера дегIаца тIекъевлича санна сурт дара иза».
Ицлаев Iабдулан а, дукхачу нохчашна санна ца хета къам дIадохадаран тIаьхьалонаш дIаяхна ю аьлла. Оцу бохамах доьзна дукха хIума хилла цул тIаьхь, элира цо.

Ицлаев: «Ирча а, хаза а денош даькхина вай. Амма 1944 шаран чиллан беттан 23 де, ша-тайпа лаьтташ ду. Цул тIьахьа мел деана долу де цуна тIера схьадеана ду. Иза вайн къома йисехь дисина».

Хьабахехь комиссино бинчу белхан документаш Ростов-ГIала дIаделлера 1990-чу шерашкахь, Оьрсийчоьнан дехарца. Копиш йисна Нохчийчохь. Тахана уьш хьангахь а, мичахь ду а ца хаа.

Дагадоуьйту, Оьрсийчоьнан Iедалша тIедуьтуш дац Хьайбахехь 700 стаг вагор. Масех шо хьалха Нохчийчохь яьккхинера адамаллан дуьхьал лара мегачу оцу зуламах исбаьхьаллин фильм.

«Дицдан омар ду» аьлла цIе ю цуьнан. Оьрсийчохь гайта бакъо ца елира федералан культуран министралло, чулацамехь буьйцу хилам бакъ хилар тоьшаллаш дац аьлла.

XS
SM
MD
LG