ТIекхочийла долу линкаш

Шен ваша цIа верзаре ладоьгIуш веха Хорачара Махашев СаьIидбек


Махашев СаьIидбек, Нохчийчоь, Хорача, 20Деч2013

Махашев СаьIидбек, Нохчийчоь, Хорача, 20Деч2013

Дуккха а нах бу хIинца а шайн гергарчеран кхолламах лаьцна цхьаъ хааре сатуьйсуш бехаш. Белларш а, лар йоцуш байнарш а ца бийцича а, дуккха кегийра бераш байлахь дисира Сибареха дуьгуш тIера да-нана а делла. Царах хилларг хIун ду хукхачу хьолахь хууш дац. Шайн доьзал Сибрех буьгуш вайна волу шен ваша 15 шо хаьлха карийра шена аьлла хеташ ву Хорачара Махашев СаIидбек.

Нохчийн къам дохийна Сибрех дигаро, тахана махкахь, хьалха санна билгалдоккхуш дацахь а, цхаьцца дегалецаман цхьанатуохаралш дIадаьхьар тахана. Ичкерийн заманахь дуьйна схьадогIуш ду, и де, тезетан де хира дац аьлла. Даймехка бIаьххойн денна лерамаш бу хIинца.

Оцу денна, шен кхин цхьа агIо а ю, ца йийцича а, нохчашна дукха дика дагайогIуш йолу. Къам дохийна Сибрех дигаро йина йолу чоьвнаш хIинца а, ерзаза ю дукхачу нехан. ХIинца а уьш сайтисамашкахь беха, шай лар йоцуш цигахь байна болу йиша-ваша, карора ду бохуш.

Хууш ма хиллар, нохчашна юккъера уггаре дукха адамаш делла, дIадуохийначу оцу цхьан Iанна. Шина-кхаа кIирне а, батте а бахбелла болу некъ, ца лабелла белларш а бу, дIакхаьчча, мацаллах, шай баккхий доьзалш буьтуш, белларш а бу. Церан тIаьхье хIета бала хьегга а ца Iаш, хIинца а, сатийсамца еха, байнарш карора бу бохуш.

Совета Iедало, бобераш дукха сиха, дIанисдеш хилла, берийн интернаташка, церан гергар нах буй-баций тергоне а ца оьцуш. Иштачарах ву Хорачуьра Махашев СаIидбек.Таьхьий-хьалхий, оцу шарахь дай-наний делла, байлахь бисина хилла иза а, цуьнана йижарий а, цуьнана жимах волу ваша а. 80 шо долу и къано тахана а вехаш ву, шелла ялх шо долу ваш Асланбек цIа воьрзура ву аьлла.

Иза карийна цунна 15 шо хьалха, амма, важа оьрсийн цIе а лелош, ша оьрсийн къомах а лоруш ву. Иза ву пачхьалкхехь воьвзуш волу инарла Макашов Альберт. Иза берийн интернатера тIехьожучу зудчо оцу хенахь, шен лело дIавигина хиллера бохуш Маршо радиога дийцира Махашев СаIидбека,

Махашев СаIидбек: «Метишкано дIа а вигина, кхиина иза. ХIокху сахьта иза дийна ву бохуш ву. 1998 шарахь со вахан хилла ву иза волчу. Со тIе а ийцира цо. Оцу берийн интернатера дIавигина волу Махашев Асланбек хIинца Макашов Альберт Михайлович ву. Инарла-полковник ву иза. Таханлерачу дийнахь иза суна тIе ца гIерта. Ша ма хьеве, ша тIегIорталца, аьлла ишшта дIасакъаьстина ву тхойшиъ 1998 шарахь».

Махашев СаIидбек ша милицехь болх бина хилла ву Совета заманахь. Шен белхан аьттонашца цо лехаршка велла хилла шен вайна волу ваша. Амма, цуьнах гIуллакх ца хилла. Фамилии юккъера элпаш хийцина дела далахь а, ян кхечу бахьанашца хиллехь а, иза къайлаваьккхина вара, боху цо. Ткъа, карийна цунна иза, ларамаза, инарла Макашован цIе пачхьалкхехь екачу хенахь.

Махашев СаIидбек: «1992 шарахь хIара Iедал духучу хенахь карийна суна иза. лехаршка велча а, иза даре деш дацара. Оцу шарахь, телехьожийлехь шина суна иза доьххьара. Иза чIогIа тера ву сох. Мел тера ву хаий хьуна. Жимма а волуш, стомма а волуш».

Кхиъ ялх шо даьлла СаIидбека, Асланбек –Альбертан тIекхачаза. Москохахь, пачхьалкхан Думехь, цуьнан кабинет чохь, 54 шарахь ганза волчу шен вешех кхетта иза.

Махашев СаIидбек: «1998 шарахь, аьхка цуьнан думехь йолчу кабинет чохь хилла ву со. Со тIе а ийицира цо. Со чу ваьлча, шен гIоьнчига хаьттира цо, тера вуй тхойшиъ аьлла. «очень вы похожи друг на друга», элира оцу метишкано.

ТIаккха хазхетта, цо, стоьла юххе а ваханеа, коньяк а даьстина, шоколадан гIутакх а даьстина, шина стакан чу иза доьттина, цхьанакхетарах дIамалий вайшиммо аьлла, кад айбира. Иза сайла ялх шо жима волун дела, нохчийн гIиллакхехь иза догIуш а доцийла а хууш, ас эли цьунга, со молуш вац аьлла.

Шина вешийн, дукха дехха къамел а ца хилла, и шиъ ганза йолчу замане хьаьжча. Кхин дIа а дуьйцу Махашев СаIидбека.

Махашев СаIидбек: Цхьана сахьтехь, эха сахьтехь Iийра тхойшиъ цуьнан кабинет чохь. Шен дин а дийцира, шира керстан дин лелош ву ша бохура. Ша сунт хIунда вайтина ца хилла а хаьттира. Кхин дIа, ас айса толлура ду, со хье ма ве, цо аьлла, ишшта дIасакъаьстина тхойшиъ. Шен ялх сурт а делира цо. Пхи туьма санна долу кехат а делира суна, иза хиллера оцу ахчанца ах миллион сом».

Махашев СаIидбека ша а билгладоккху, оццула дукха хан яьлла а хилча, шайна юккъахь марзо эца меттиг йисина хира яц аьлла. Доьзалах а къаьстина иза а Нохчийчу вогIура ву аьлла ца хета цунна, амма сатийсам бу. Шен ваш дIа а вигина, цунна дола а деш, иза лелийначу, оьрсийн зудчуьнна доккха баркалла олу ша бохуш вар, воллушехь ваш воцу СаIидбек.

Махашев СаIидбек: «Бакъдерг дийцича, цо и аларна, витина ас иза кхин хье а ца веш. 1938 шарера иза а ву, 1933 шарера со а ву. дIаяьлалчу заманчохь, шен доьзалах а къаьстина, тхойшиннан эца марзо а яц. Дала аьтто цуьнан а бойла. Иза дIа а вигина, кхиа а вина, лелийначу оцу гIалгIазкхийчу зудчуьнна а баркалла олу ас. Халкъана а, Iедална а, махкана а пайдехь волу стаг кхиина цо».

Нохчий Сибрех буохийначу хенахь, мел масс стаг лар йоцуш вайна аьлла, ларарш цхьаммо а ца дина. Амма, и зама дагадогIучу баккхийчу нехан, цу тайпа хиламаш бу шорта бу бийца. Мичахула, хIун адамаш хилла лелла, нохчийн цIий долу байна болу кIентий а, зудабераш а? И хаттар, гарехь цкъа а жоп хира долчарах дац.
XS
SM
MD
LG