ТIекхочийла долу линкаш

"Хьо-м кошах тарйели, доьгIчхьана чурт"


Оьрсийчоь -- СоIди-КIотарна бомбанаш еттачу деношкахь тIом сацабе бохуш митингаш хилара Москох. Чиллан-бутт, 2000 шо

Оьрсийчоь -- СоIди-КIотарна бомбанаш еттачу деношкахь тIом сацабе бохуш митингаш хилара Москох. Чиллан-бутт, 2000 шо

ХIокху деношкахь 16 шо кхочу СоIди-КIотарахь тIеман тасадалар а хилла. ТIом бечу шина агIонна юккъе нисбеллачу маьрша бахархоша, боккха бала а, Iазап лайна оцу деношкахь. Царах цхьаннийн дагалецамех ю Султанов Ахьмада кечйина хIара материал.

СоIди-КIотарахь 2000 шарахь бIаьстенан хьалхара денош йочане даьхкинера. Кхоьлина стигал, дийнахь догIуш ло а, догIа а дара. Мотталора, стигал йоьлхуш ю. Масех бутт бара царна геннара хезаш Соьлж-ГIалахь боьдучу тIеман гIовгIа. Эвлана тIехула лелара хIаваан кеманаш. Iаьнна чакхенгахь и тIом оцу жимчу юьртан берте беара. Цул тIаьхьа, шен маьттаза сибатца хIора керта а кхечира.

Доккха а, жима а герз тохар герга деача а, нах дIабаха сихлуш бацара цигара. Шен хIусамера цкъа араваьллачунна бен хуур дац, иза лан мел хала ду. Дукхахболу нах, тIера хIума дIа а ца йоккхуш буьйшура оцу деношкахь. Де дийне мел долу кхетара, шаьш цIахь йоккху хан дIайолуш хиларх. Шен оцу хенан дагалецамаш буьйцу оцу эвлара вахархочо Мусаев Зайндис.

Мусаев: «ХIокху тIеман къизалла йийца дешнаш карора а дац. Iуьйрана гIаьттича, цхьаъ вийний, важа вийний бохуш кхаьанаш хуьлура. Iуьйрана гIоттура ву аьлла тешам болуш ца вуьжура цхьа а. Кора йистехь дуьйшура тхо, тхов тIебожахь, арадовлла аьтто хира бу бохуш».

Сатосучу хенахь, урамехь гIовгIа хезнера Мусаев Зайндина. Кевнах дIа арахьаьжча, цунна гина, некъ мел бу дIалаьцна, шен юьртхой арабовлуш. Эвла йистехь вехачу цхьана стагах бIаьрг кхийтира боху цо, шен къена нана гIудалкх чу а хаийна, иза тоьттуш воьдуш. ХIораммо шен чуьра уггаре а дезаниг схьаэцнера.

Сихонца ша верриг кечвийна, машен схьа а латина, уьш цу чу хьовша буьйлалучу хенахь, цIийза а цIийзаш, ша верриг дIаса а теттина цу чу кхоссаделлера церан жIала. Оцу суьрто чIогIа дог тохадалийтира шен бохуш, бIаьргаш а кхоьлана кхин дIа а дийцира СоIди-кIотарара вахархочо Мусаев Зайндис.

Мусаев: «Кху юьртара арадаьхнера тхо. 4 дийнахь дара иза. Чуььра хIума схьаэца йиша йоцуш арадевлера тхо. Оцу аренгахь дIахIиттира тхо. 150 метар оьрсий бара. Шайна хьалха хIоттира цара. Яа а, мала а хIума йоцуш 5 дей, 5 буьйсий яьккхира оха. Сайна гинарг, лайнарг ду ас дуьйцург».

Эрна арахь, цхьана агIора эскархой, вукху агIора юьртахь бисина болу тIемалой а болуш массийта де даьккхина саIдикIотархоша. Геннара ган а гуш, Хьалха-мартан тIера схьабаьхкина нах хилла цигахь, хIорш мокъабаьхча шаьш долчу дIабига кийча.

Зазадоккху беттан 8-чу дийнахь, гобина хIорш лаьттачу хенахь, юьртана тIехула хьийзачу оьсрийн тIеман хIаваъкемано кхарна гойтуш стиглахь кIурца ши чIуг а йинера. Къаьстара иза 8 терахь дуйла.

Иштта декъал бинера оьрсийн пилота зударийн церан денца. Тахана а и хан йицъян гIертарх гIуллакх ца хуьлу. ХIета лайна болу и бала, хIинца могашаллийн тIехь хаало, бохуш кхин дIа а дуьйцу СоIди-кIотарар вахархочо Мусаев Зайндис.

Мусаев: «ТIом а чекхбели. ХIета талхийна могашалла меттахIоттаза ю. Тхан юьртахь дагца цомгуш болуш, белла нах дукха бу. Кегий а, баккхий а. геннахь машенан чкъург иккхича а, дог схьа а лоций Iа со. ХIокху цамгаршна цхьа а хьожуш вац. ХIара тIом лайначарах цхьа а стаг могаш ву бохург бакъ дац».

СоIди-КIотаран тахана кхин цIе ю -- ГIой-чу. 16 шо хьалха оцу жимчу эвлахь доккха къематан де хIоьттина хиларх цхьа а ларш яц цигахь. ХIинца бIаьстан олхазарш а ду декаш. ТIом хилла аьлла Нохчийчохь цхьаннахь а яц иза. Амма нехан дегнашкахь а, церан синкхетамехь а йисина уьш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG