ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Олланд Франсуа президент хаьржина хазахета Францехь бехачу нохчашна


France - Олланд Франсуа харжамийн жамIаш девззинчу миноташкахь, Париж, 07Заз2012
France - Олланд Франсуа харжамийн жамIаш девззинчу миноташкахь, Париж, 07Заз2012

„Сан хьоме махкахой! Францхоша хIинца хIокху сохьта хаьржинарш хийцамаш бу, керлачу президентана шайн кхаьжнаш дIабаларца. Соьга терахьашца дусталур дац, сайна аш дина сий а, сайна хьалха лаьтташ йолу Iалашонаш а. Ас дош ло шуна, сайн махкана къахьега а, сайн болх кхоччуш дика барна тIехь масал хила гIорта а“.


Иштта вистхилира харжамашкахь толам баьккхина волу Олланд Франсуа президентан даржехь дуьххьара халкъе. КIирандийнахь Францехь дIабаьхьначу президентан харжамийн шозлагIчу болехь 51 процент аьзнашца толам баьккхина социалистийн партин векал волчу Олланда.

ТIаьхьарчу пхеа шарахь Францин президент хилла волу Саркози Николяна шайн аьзнаш 49 проценте ца кхоччуш болчу харжамхоша бен ца делира, цу кепара, тIаьхьарчу шерашкахь Францин куьйгалло дIаяьхьанчу политикна шаьш реза ца хилар гойтуш. Ша Саркози шен эшарна къера хилла.

Ала догIу, дуккхаъчу меттигерчу бахархоша а, амма иштта аналисташа а Саркозин эшаман бахьана лорург – иза ша президент волчу хенахь могIарерчу нахана гIолехь дерг а ца лоьхуш, долахойн а, таронечу нехан а, экономикан дайн а са йолчу агIор куьйгалла деш вара, аьлла, нах тешна хилар ду.

Консервативан хьежамаш болу иза, немцойн канцлерца Меркель Ангелица гергара доттагIалла а тесина, еврокризисна дуьхьал тIом беш вара, амма цу белхан жамIаш уггаре а хьалха могIарерчу нехан кисинах кхеташ дара, ткъа кризис кхоьллина болу банкхой а, тароне нах а, мелхо а, кхин а дIа а, токхуш цхьа жоьпалла а доцуш, шайн пайданаш алсамбаха буьсура.

Шена долчунна а вацара мсье Президент башха кхоаме. Иштта, масала, цхьа Саркозий, цуьнан доьзаллий кхаба, еккъа цхьа юург оьцуш, дийнахь 10 000 евро ахча дара францхоша кисинара токхуш. Ткъа иза президент хIоьттичахьана Елизей Майданарчу цуьнан хIусаман хьашташна токхуш долу ахча, Цхьанатоьхначу Штаташкара президент вехаш волу КIай ЦIа лелорний а, Германехь Меркелан Канцлер лелорний хьажош долу ахчанаш вовшахтоьхча хуьлучул а совдаьллера. Юкъарчу хьесапехь, 133 миллион евро луш дара францхоша шайга, кхоаме хила бохуш, кхайкхамаш беш волу президент кхабарна.

Цул совнаха, францхоша Саркози бехке вора, цо махкара юкъаралла екъарна а, нахана юккъехь барт эшорна а, цхьаберш вукхарна дуьхьал дарбеш, цимтийсарна а. Масала, цо кест-кеста дешнашца тIелатарш дора болх боцучу нахана я Францехь бехачу кхечу къаьмнийн векалшна. Бусулба динца цуьнан йолу гамо, тешна а, цIарна цIеяххана яра. И цуьнан амалш яра, масала, миллионашка бусулбачаьрга а, кхечу мехкашкара орамаш болучаьрга а цунна дуьхьал кхажтасийтинарш.

Францехь бехачу вайнехан мухIажирех масех бIе стаг а вара президентан харжамашкахь дакъалоцуш. Францехь карарчу хенахь вехаш 25 эзарне кхаччалц нохчо велахь а, амма царех, францхойн пачхьалкхан олалла тIе а эцна, карахь паспорт дерг бен кхажтасса бакъо йолуш вац. Ткъа ишттачех массара а аьлча санна шайн аьзнаш Олландана делира. И харжам шаьш иштта хIунда бина бохучух лаьцна дийцира Маршо Радионе Парижехь ехачу Маликас.

Малика: „Селхана харжамийн шозлагIчу гонехь дакъалаца дахана дара тхо. Ткъех зуда яра тхо кхузара, Парижера, вовшахкхетта. ЧIогIа хаза кхаъ а хилла тхуна, Олланд хаьржина. Ма-дарра аьлча, Саркози ца хаьржичахьана, муьлха а хаьржича а хала хеташ дацара тхо-м. ХIунда аьлча, цуьнан политикана тхо реза доцу дена. ТIебаьхкинчу нахана къаьсттина чIогIа новкъарлонаш еш, гома дуьйцуш хабарш дара цо. Экономикаца, банкашца, буьзинчу нахаца бен, бехачу нахаца бен, вуьшта кхечу мискачу нахаца бала болуш, церан гIуллакхе хьожуш а вацара иза. Цундела боккха кхаъ хилла-кх тхуна и Олланд хаьржина“.

Малика а, цуьнца цхьаьна харжамашкахь дакъалаьцна болу кхин нохчийн харжамхой а шаьш Европехь яькхинчу хенахь Iемина, маьршачу, кхиинчу пачхаьлкхашкахь хIора а могIарерчу стеган аз мехала дуйла а, цо харжамашна тIеIаткъам бойла а. Цундела, элира Маликас, цара харжамашкахь дакъа а лоцу, Оьрсийчохь шаьш кху тIаьххьарчу ткъех шарахь цкъа а кхажтаса ца даханехь а. Цара иштта баккхий сатийсамаш бузу керла хаьржинчу президентаца Олланд Франсуаца, уггаре а хьалха иза социалистийн партин векал хиларна.

Олланд Франсуа ван а ву ша Франце социалан нийсо юхаерзор ю бохучу дешнашца президент ваьлла. Кху дийне кхаччалц цкъа а цхьанхьа а лакхарчу Iедалан даржехь Олланд ца хиллехь а, амма политикехь дика вевзаш а, цIена а ларалуш стаг ву иза.
XS
SM
MD
LG