ТIекхочийла долу линкаш

Дарба доцу цамгар кхеттачунна дика меттиг яц Оьрсийчоь


Оьрсийчоь -- Дарба доцу цамгар кхетта нах латтон хIоспис.

Оьрсийчоь -- Дарба доцу цамгар кхетта нах латтон хIоспис.

Дарба доцу цамгар кхеттачу стагана лазар лахдон молха даларна лор кхеле озийна Оьрсийчохь. Маршо Радион корреспонденто Бигг Клэра дийцарехь, цу хиламо гучудаьккхина Оьрсийчохь баларчу бирзинчу нахана гIо дар дукха ледарчу тIегIантIехь хилар.

Лазар лахдон молханаш Оьрсийчохь аптекашкахь дихкинчул тIаьхьа, цIе ца йоккху цамгар а кхетта, леш волчу Сечин Виктора дийхира шена дукха хенахь дуьйна евзаш йолчу лоьре Хориняк Алевтине гIо дахьара шена аьлла. 2009-чу шарахь дара иза. Цу стагах къа а хетта трамадол олу молха яздина хиллера лоьро. Хориньяка ддагалоьцу.

Хориняк Алевтина: «52 дийнахь лоьраша трамадол молха яз ца дора цунна. Соьга кхин сатоха ца делира иза лазарша хьийзор гуш. Иза бала хьоьгуш вара. Меттахь сацалуш вацара иза. Цо ловш дерш инзаре лазарш дара».

ЗаьIапхо Сечин велира 2 шо хьалха шен хIусамехь, ша вехачу Красноярскехь. Цуьнан дара 57 шо. Хориняка ша диканиг до аьлла молха далар цунна бехке диллира. Иза кхеле озийра наркотикаш йоьхкина аьлла а, харц кехаташ кечдина аьлла а.

И бахьана долуш бархI шо хан йогIуш яра цунна. Амма оцу 71 шо долчу зудчунна тIехIиттина адамийн бакъонашларъярхой. Царна хетарехь, Сечинна молха мехаза догIуш а долуш, иза цунна яздина аьлла лор кхеле охор харцо ю.

Цул сов, цу хиламо гайтина Оьрсийчохь баларчу бирзинчу нахана гIо дар дукха ледарчу тIегIантIехь хилар. Царах дукхах берш лазарша хьийзош леш бу, ткъа царна дала молханаш тоьаш дац.

Баъонашларъярхошна а, эксперташна а хетарехь, и хьал кхоьллинарг ду Оьрсийчохь наркотикаш хьокъехь лелаш долу низам.

Дуьненаюкъарчу низамашца а догIуш, Оьрсийчоь декхарелахь ю дарба доцу цамгаро хьийзочу нахана гIо дан. Амма Iедалан векалш, цхьацца бахьанаш а далош реза ца хуьлу цу нахана лазарш лахдон молханаш дала.

Купер таня ХIюман Райтс Вотч олучу дуьненаюкъара адамийн бакъонаш ларйон вовшахтохараллан эксперт ю. Оьрсийчохь цу хьокъехь лелаш йолу норманаш хийца еза аьлла хета цунна.

Таня Купер: Ма дарра аьлча, и зуда эшам болуш хилла Оьрсийчохь наркотикашна Iуналла даран низамаш бахьана долуш. И низамаш дукха чIогIа ду. ХIара хилларг схьаэцча, цара бакъо луш ца хилла дархочунна молха дала. Цу хиламо гойтуш ду, молханаш хьокъехь долчу низамаша бакъо луш хилар, цхьа а деш дарба а доцуш, дархой дуккха а хенахь молха ца лушщ бита».

Нарокотикаш хьакхаелла молха тIаьхьенна а схьаэца йиш яц дархочуьнан. Уьш даиман а, рагI а лаьцна, латта дезаш хуьлу, цкъа дуьххьара керла рецепт язйойтуш, юха аптеке вахана молха схьаоьцуш а.

Хориняк Алевтинина дуьхьал бехк-такхаман гуллакх схьаделларо Iаткъам бан мегаш бу Оьрсийчура лоьрашна. Уьш кхоьрур бу дархочунна дала дезаш долу морфин а, кхин долу а наркотикаш юкъахь йолу молханаш яздан.

Бакъонашларъярхошна хетарехь, цамгарх бала хьогуш волчу стагана молханца гIо ца дар цунна ницкъ бар, иза Iазапехь латтор санна тида мегар ду.

Невзорова Диана коьрта лор ю 1994-чу шарахь Москох кхоьллинчу хIосписан. Цигахь латтош бу дарба доцу цамгар кхетта нах.

Невзорова Диана: «Дарба доцу цамгар кхеттачу нахана гIо дар иза гуманитаран гIо дар дац, я лоьраша беш болу къинхетам бац. Иза дан дезаш долу гIуллакх ду цу тайпачу дархошна тIаьхьа хьожуш, хIунда аьлча массо а ду вай дала дезаш».

Оьрсийчохь 100 гергга цу тайпа хIоспис ю, баларчу бирзинчу нахана гIо деш йолу. Амма уьш тоьаш яц.

Хориняк а, цуьнан доттагI а бехке йира Сечинна, молха а яздина, гIо дарна. Амма кхелан сацам юхабаьккхира, техникан бахьанца. Баханчу баттахь цуьнан гIуллакх юха а талла долийна.

Цу хеннахь, Невзорова дог лозуш ю цу шина зудчух. Цу гIуллакхо тидам тIе бахийтина Оьрсийчохь баларчу бирзинчу дархошна гIо дарца йоьзначу проблемина аьлла хета цунна.

Невзорова Диана: ХIора стеган бакъо ю лортехь ваха а, вала а. Дарба доцу цамгар кхеттачу нахана гIо даро гойту цу махкахь долу социалан кхиар. Нагахь цу кепара леш болчу нахана гIо дар оццул ледара хилча, хIун кхиар дийца аьтто хир бу вайн вайн пачхьалкхехь».
XS
SM
MD
LG