ТIекхочийла долу линкаш

Малхбале Украинера референдумо йохийна бакъонаш


Украина -- Лягин Роман (Аьт), Донецкера "харжамийн комиссин" куьйгалхо а, ша шех Донецкера сепаратистийн лидер кхайкхийна волу Пушилин Денис а (Аьр) ву референдуман жамIаш тIехь долу протокол гойтуш, Сти12, 2014

Украина -- Лягин Роман (Аьт), Донецкера "харжамийн комиссин" куьйгалхо а, ша шех Донецкера сепаратистийн лидер кхайкхийна волу Пушилин Денис а (Аьр) ву референдуман жамIаш тIехь долу протокол гойтуш, Сти12, 2014

Дукха тоьшаллаш ду Украинан малхбалера шина кIоштахь, шаьш шайна урхалла даран хьокъехь дIаяьхьначу референдумехь кхаьжнаш тосуш, дукха бозбуунчаллаш лелийна хилар тIечIагIдеш. Царах цхьа моггIа тоьшаллаш дуьйцуш материал кечъйина Маршо радионан корреспондента Синделар Дейзис.

Украинан малхбалера Луганск а, Донецк а кIошташкара сепаратисташа чIагIдарехь, Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь кIошташ шаьш шайна урхалла дарца доьзна хаттар дийцаре даьккхинчу референдумехь цара боккха кхиам баьккхина. Цкъачунна, ма-дарра аьлча, кхаьжнаш тасаро мелла а хаттарш аъйина, жоьпаш доцуш ду.

Шина а кIоштан куьйгалло чIагIдо, Украинех дIакъастарна реза тIех дукха нах бу бохуш. Церан хьесапехь Донецк-кIштахь уьш 89 процент бу, ткъа Луганск-кIоштахь уьш кхин а дукха бу – 96 процент.
Киево а, цхьа моггIа малхбузера пачхьалкхаша а, Цхьаьнатоьхначу Штаташа а тIаьхьа а, къобал ца дина иза, кхаьжнаш тасар низамехь дацара, аьлла.

Москохо «къоман лаам лору», элира Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс. Цо кхайкхам бина, Киевна, Донецкана, Луганскана юкъахь “цивилизацин» кепара дагадовларш дIахьо, аьлла.

Зулам ца хуьлуш ца бирзина харжамаш. Мел лаххара а цхьа стаг вийна карийна, Донецкан кIоштара Красноармейскехь.

Маса стага вахана кхаж таса боху хаттар а ду шена тIе тидам озош. Сеператисташа бахарехь, мел лаххара 70 процент бахархой бахана харжамийн каппашка. Донецк а, Луганск а кIошташ цхьаний лерича, 6,5 миллион адам ду иза. Украинан ша болу бахархойх 15%. Амма билггал хIоккхул а, оццул а терахьаш дара аьлла, ма-дарра ца дуьйцу.

Ца дийцина иштта, оццул дукха халкъ кхаьжнаш таса дахана хилча, белхахойн кхачо йоцчу харжамийн комиссеш сел сиха муха дагардина, бIеннаш эзарнаш бюллетенаш, бохучух лаьцна а. Украинин ханна президентан декхарш кхочушдечу Турчинов Александро бахарехь, Луганскехь кхаьжнаш таса 24% бахархой бахана, 32 Донецкехь а бахана. Делахь а, кхузахь а дац билгал терахьаш.

Цул сов, шеконаш кхуллу, референдумана кечамаш беш баттал кIезиг хан яйина хиларо а, цунна йина харж $1,700 бен ца хиларо а.

Массо а коьрта харжамийн каппашкахь лаьтташ герзахой бара, коьрта туьмIаьжгаш йоьхкина.Царах дукхах болчара кхаж а тесира, карар герз охьа ца дуьллуш.

Украинан низамца а догIуш, цхьана кхаж тосучу куьпехь, мел лаххара а, исс стаг хила веза. Донецкехь, Луганскехь кхаьжнас тосучу дийнахь, масех а, кхин кIезга а бара харжамийн комиссехь. Оцу белхан зеделларг а дац шайн, бохуш бара уьш. Мел лаххара а, цхьа стаг гучуваьллера, шеца масех паспорт долуш. Шен берриг доьзало кхаж таса векал вина ша бохуш вара иза.

Харжамаш буьйлабалале, Донецк-гIалина арахьа Украинан ницкъаша цхьа стаг лаьцнера карахь герз а, «хIаъ» яздина 100,000 гергга бюллетен а йолуш. Цхьаболчара журналисташа дийцира, шайна сепаратисташ гина, «хIан-хIа» яздина бюллетенаш хIаллакьдеш болу сепаратисташ, бохуш.

Оцу референдуман кхин цхьа билгало а яра, цигахь тIехьовсархой ца хиларца. Дуьненаюкъарниш хьовха, ур-атталла, оьрсийниш а. Цул сов, цу кIошташкахь беха дукхах болу украинхой шаьш а ца кхетта, ма-дарра хиллачух.
XS
SM
MD
LG